ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Помпео: Москвана варе хилар дара Шемахь "300 Оьрсийчоьнан вахархо" хӀаллакьхилар


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарь Помпео Майк вистхуьлуш ву Сенатан комитетан кхеташонехь

Пачхьалкхан секретаро аьлла цунах лаьцна, Сенатан арахьарчу гIуллакхашкахула Комитетехь ладогIарш дIахьош вистхуьлуш

Америкин Пачхьалкхан секретаро Помпео Майка еарин дийнахь дIахьедар дина, Оьрсийчоьнан 300 махкахо Шемахь хӀаллакьхилар хилира Москвана, Америкин кхерамазаллина кхерам эккхар тIаьхье йоцуш дуьусур цахилар гойтуш варе хилар, хаам бо "Америкин аз" зорбан гIирсо. Помпеос аьлла цунах лаьцна, Сенатерчу ладогIаршкахь вистхуьлуш.

Пачхьалкхан секретарна ира критика йира цхьаболчу сенаторша, президента Трамп Доналда даре дарна, ша Путине цхьа а бехк ца баьккхира аьлла, Москвано талибашна ОвхIанистанехь Америкин эскархой байарна, цхьаболчу хаамашца, ахча луш хилла хиларна.

"Суна ца хета цхьана Оьрсийчуьрчу лидеран, шайна юкъахь Путин Владмир а волуш, цхьа а шеко ю аьлла, америкахой байарна Америкин Цхьаьнатоьхначу Штаташа лур долу жоп муха хир ду бохучух", - аьлла Помпеос, Сенатан арахьарчу гIуллакхийн Комитетан кхеташонехь вистхуьлуш.

"Сан тешо бакъо ю шу, Шемахь хилла Америкина кхераме дерг лелийна, хIинца кху дуьненчохь вайца воцу 300 Оьрсийчуьра вахархо а цунах кхийтира ала", - элира Помпеос.

Пачхьалкхан секретаро билгал ца даьккхира муьлха инцидент ю юьйцург. Амма, зорбан гIирсаш яздарехь, дуккха а Оьрсийчоьнан бахархой – дийцарехь, доларчу тIеман компанин белхахой – байира 2018-чу шарахь Чиллан-баттахь Шемарчу Хашам гIалана гергахь, Америко авиатохарш а дина.

Шемахь Оьрсийчоьнан кеманаша бомбанаш етта. Вийна 300 стаг.
please wait

No media source currently available

0:00 0:01:47 0:00

Оьрсийчоь юкъагIоьртира Шемарчу тIаманна 2015-чу шарахь, президентан Асад Башарна гIортор яр Iалашонца. Оьрсийчоьнан эскархой ларбала гIертара "Исламан пачхьалкх" терроран тоба хIаллакйан Америко, авиатохарш а деш, цига хьажийначу ницкъашна дуьхьалIиттабаларх.

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG