ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Помпео: Шемахь хиллачу тIематасадаларехь вийра "ши бIе хир волуш оьрси"


Iамерка -- Iамеркан пачхьалкхан секретаран дарже хIоттош волу, Iамеркан Коьртачу таламан урхаллан директор хилла Помпео Майк хаттаршна жоьпаш луш ву Сенатехь, Вашингтон, 12Охан2018
Iамерка -- Iамеркан пачхьалкхан секретаран дарже хIоттош волу, Iамеркан Коьртачу таламан урхаллан директор хилла Помпео Майк хаттаршна жоьпаш луш ву Сенатехь, Вашингтон, 12Охан2018

Iамеркан пачхьалкхан секретаран дарже хIоттош волчу, цу пачхьалкхан Коьртачу таламан урхаллан директор хиллачу Помпео Майка Сенатехь хиллачу ладогIаршкахь дIахьедар дира, Iамеркан эскархошца дукха хан йоццуш Шемахь хиллачу тIематасадаларехь вийнера "ши бIаь хир волуш оьрси" аьлла.

Помпеос кхин билггал хIумма а ца элира хиллачух лаьцна. Цо ца дийцира ша бина хаам мича хьастана тIе тевжина бина хилар. Цо аьлларг дара, иза масийтта кIира хьалха хиллера бохург.

Гарехь, Помпеос дуьйцург ду Чиллан-беттан 7-чу дийнахь Шемарчу Дейр-эз-Зор провинцехь хилла тIематасадалар. Цига мехах тIаме бахана бIеннаш Оьрсийчуьра герзхой тIелеттера Цхьаьнатоьхначу Штатийн бертахой болчу курдийн тIемалойн позицешна.

Iамеркан тIеман хIаан ницкъаша тохар динера царна, дукхахберш царах хIаллак а беш.

И тIематасадалар хилла дукха хан ялале социалан машанашкахь а, цул тIаьхьа зорбанан гIирсашкахь а, телевизионашкахь а хаамаш гучубевлира дуккха а Оьрсийчоьнан бахархой – "Вагнеран ЧВК" доларчу тIеман компанин дакъашхой Шемахь байарх лаьцна.

Цу хаамашкахь далош дара байинчеран тайп-тайпана терахьаш – иттаннашна тIера 600 тIекхаччалц. Амма коьртачу декъана хьехош дерг дара 200 гергга стаг вийна бохург. Оьрсийчуьрчу журналистийн аьтто белира Шемарчу цу тIамехь вийна 10 -х стаг мила хилла къасто.

Маршо Радион корреспонденто Еккел Майка бинчу хаамца, Iамеркан тIеман хIаваан ницкъаша штурм йолийра шайн тIеман хьехамчаш а, Шеман демократин ницкъийн тобанаш а дIатарйинчу базина тIелатар динчул тIаьхьа.

Хьалхо Iамеркан официалан векалша дIахьедарш дора, 100 сов Шеман Iедална мутIахь волу тIемало вара шаьш вийнарг бохуш. Оццу хаамашца, тIелетар юхатухуш пайда ийцира Iамеркахоша AC-130 а, F-15 а, F-22 а тIеман кеманехь а, Apache тIеман беркеманех а, ткъа иштта хIордан гIашсалтийн артиллерех а.

Iамеркахошна а, церан бертахошна а юкъахь чов хилла цхьа а стаг вацара.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло цкъа дуьххьара харц дора шайн махкахой байина бохург, амма тIаьхьо иза къера хилира цигахь 5 гергга стаг вийна хила а мега, ткъа иттаннаш чевнаш хилла хила а мега аьлла. Минисралло билгалдаьккхира и нах Iедалан эскархой бац аьлла.

Iамеркан тIеман буьранчаша бакъ дора тIематасадалар хилар а, тIелатар динчарна юкъахь дуккха а байина герзхой хилар а, амма ца дийцара цара шаьш байинчарна юкъахь билггал муьлш бара бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG