ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема: "Кхуза ма гIерталаш, 170 стагах виснарг 30 бен вац шуна"


Шема, Iамеркан эскархой.
Шема, Iамеркан эскархой.

ХIара къамел деш верг, гарехь, Шема тIом бан вахана Нохчийчуьра вахархо ву. Чиллан-беттан 7-чу дийнахь Дейр-Эз-Зоре гIалана гергахь хиллачу тIамах лаьцна дуьйцуш ву иза.

ХIара стаг мила ву а, билггала Шемахь иза хиларан а тоьшаллаш дац, социланан машанашкахь иза иштта хилар чIагIдар а бен. Амма кхо дуьйцург цхьаьнадогIуш ду цу тIамах лаьцна долчу масийтта аудио тоьшаллица. Бага боьха лелайо кхо. Цундела Маршо Радионо дIахедийна оьзда доцу дешнаш.

Шемара къамел деш волу стаг: "Атака ян езаш яра хIоккхехь. Наступлени ян езачу моментехь хIокхара 12 сов сохьтехь и сийна кхакха долийна ... полный... техника ягош, нах багийна, байина охьакхиссина-кх. 170-200 стагах виснарг вац шуна 30 бен".

Пентагоно дIахьедар дина Дейр-Эз-Зоре-хь Iамеркан тIеман кеманаша шайн эскархой а, оппозицин ницкъаш а дIатарбеллачу меттигана тIелатар дан гIоьртинчу Шеман Iедалан тIеман ницкъашна тохарш дина хиларх лаьцна дIадаханчу кIиранах. Цу тохаршкахь вийна 100 стаг.

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-секретаро Песков Дмитрийс харц дина Чиллан-беттан 7-чу дийнахь байина бохучу нахана юкъахь Оьрсийчоьнан махкахой хилар.

Амма керланашкахь беш болу хаамашкахь а, гергарчара а, контрактаца тIаме баханчу нехан накъосташа а дуьйцург тидаме эцча, иттаннаш Оьрсийчуьра герзаца хилла нах байинчух тера ду Шемахь, Iамеркан ницкъаш тохарш а дина.

Iамеркан тIеман министралло бинчу хаамца, Дейр-Эз-Зоре-хь Iамеркан тIеман хьехамчаш болчу Шемарчу оппозицин базана тIелатар динарг хилла 500 гергга стаг.

Маршо Радион Оьрсийн сервисо дийцарехь, Дейр-Эз-Зоре-хь хиллачу тIамехь байинарш бу Оьрсийчуьра "Вагнеран долахь йолчу компанин" тIемалой.

И тIом хилар хиина Чиллан-беттан 9-чу дийнахь. Цуьнах лаьцна хаам бинарг ю Iамеркера CBS телеканал. Пентагонерчу хьастанна тIе а тевжаш, цо хаам бира Шемахь Iамерко куьйгалла дечу тIеман коалацин тохаршна кIелнисбелла Хишам эвлан йистехь йолу мехкадаьтта доккху меттиг дIалаца гIоьртина Оьрсийчуьра ахчанах тIом бан бахана нах, аьлла.

Оццу дийнахь Вагнеран контрактхошна юкъахь даккхийн дараш хиларх лаьцна хаам бира, 2014-чу шарахь Донбассехь тIом боккхуш дакъалаьцна волчу, Стрелков Игора (Гиркин).

Социалан машанашкахь аудиош яьржина, байинчеран терахь 200 сов стаг хиларх лаьцна дуьйцуш йолу. Уьш баккъалла а Шемахь болчу эскархоша дийцина къамелаш хилар тIечIагIдина дац. Хууш дац церан цIераш муха ю.

Цу аьзнашна юкъахь ду вай лакхохьа далийна нохчийчо дуьйцург а.

Шемара къамел деш волу стаг: "ХIинцца кху 170 стагах виснарг 30 бен вац хьуна. Кеманна декъий чу а доьттина.. охьа а кхиссина, хIинцца чувеана ву со, цхьа 30 минот хила мега хIинца. ИГИЛ-о дина а дац иза. ХIокху американски вертолеташ, беспилотникаш, дронаш... Цара тIетоьхна хIокхаьрна".

Кху стага дуьйцучуьнга ладоьгIча, кхин а Нохчийчура нах болчух тера ду Шема баха кечбелла. Цаьрга кост дIатохар а доьху, Iамеркан эскархоша бечу тIамо вуно цецваьккхинчу, цу стага.

Шемара къамел деш волу стаг: "Вайн юьртара бераш догIуш ду бохура хIоккхе. Лично ас... со церан метта хилча, Дела дуьхьа вогIур вацара (со) хIоккхе. Нойбоьрара бераш шайна девзаш делахь а, "даже" дацахь а, тIе а гIой, хабар дахьийтийша цаьрга, хIоккхе схьа ма дуьйла алий".

Washington Post газетан корреспондент Игнатиус Дэвид хилла дIадаханчу кIирнах Шемахь. Курдаша куьйгалла дечу «Шеман демократин ницкъаш» олучу тобанерчу Хьасан цIе йолчу командирана тIе а тевжаш, яздина цо Чиллан-беттан 7-чу дийнахь Дейр-Эз-Зоре-хь хилларг.

Хьасана дийцарехь, царна хууш хилла президентана Асадана муьтIахь йолчу тобанаша тIелатар дан мегаш хиларх лаьцна. Суьйранна 9 сахьт 30 минот яьлча Дейр-Эз-Зоре-хь волчу оьрсийн зIенан эпсаре телефон тоьхна цо, тIематасдалар юхатоха дагахь. Оьрсаша аьлла, шаьш цигахь цхьа а тIеман операци дIахьош дац аьлла.

Цулла тIаьхьа хилларг хууш ду.

Цу хеннахь Оьрсийчоьнан тIеман министралло харц до Iамерко тохарш дича Оьрсийчоьнан махкахой байина бохург. Ткъа Кремло харц до Шемахь ахчанах тIом бечу наха лелочунна ша декъах хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG