ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къайлахчу сервисийн болх бу". Навальный Алексейна дIовш даларх лаьцна керланиг


Навальный Алексейна дарба дечу немцойн Charite клиникан лоьраша консультаци ехна шайн Болгарерчу белхан накъосташкара. The Insider и Der Spiegel гIирсо а, иштта, дуьненаюкъарчу Bellingcat тобан талламчаша а хаамбарехь, Оьрсийчоьнан политикна делла дIовшца а, Болгарин бизнесхочунна Гебрев Емельянна динчу тIелатарехь а цхьатералла карийна немцойн клиникан лоьрашна.

2015-чу шарахь дIовш делира Гебревна, ткъа хааминй гIирсийн шеконаш яра, цунна тIелеттачара "Новичок" олучу дIовшах пайдаэцна хиларх. Британин Iедалхоша чIагIдарехь, изза препарат лелийнера СкрипальгIарна Сергейна а, Юлина а дIовш луш а.

The Insider интернет-ресурсан коьртачу редакторе Доброхотов Романе дийцийтира Настоящее Время телеканало, немцойн лоьраш Болгарерчу коллегашца дагабийларх. Иштта хаьттира цуьнга, тарлой Навальный Алексейна "Новичокца" дIовш делла хилар а, мел шеконаш ю, цунна бехке Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш хиларан а.

- Charite клиникера лоьраш Болгарица зIене бовларх тхуна хиира шина а агIорчу хьосташкара: немцойн а, Болгарин а. Со нийса кхеттехь, юьйцург Болгари хилла ца Iа, Портон-Даун а цхьана ю. Скрипальца хилларг а, Гебревх Iоттаделларг а Iаламат интересе ду немцошна, хIунда аьлча, кху деношкахь цара тIечIагIдина, массара а юьйцу холинэстеразан ингибитор хилла ца Iаш, кхузахь лелийна хилар тIеман гIирс лоручу "Новичоках" тера, йа билггал "Новичок" ю ала тарлучу гIирсах.

Кхузахь коьртаниг хIун ду аьлча, юьйцург билггал тIеман гIирс лору "Новичок" ю. Иза йиллина, миччара а схьаэца йиш йолу хIума яц, иза Iаламат кхераме, лело хала ю. СкрипальгIаьрца нисделларг жимма кхечу кепара дара, хIунда аьлча, и нах цу гIала бахкар а, церан тешош доцчу бехказлонаша а тоьшалла дира массарна а.

Гебревца хилларг хьахийча, къайлахчу сервисийн белхахойн дIасалеларшца вайна гучубевлира бехке мел хилларш. ДIовш далар дикка хьулдина, говзаллица бина болх юара, иштта хуьлу къайлахчу сервисийн хатI.

Нагахь санна, шеконаш йолу стаг каравой, вайн кхузахь дуккха а нах ма бу шеконашка эцна, тIаккха хала хир дац тIаьхьакхиа: стенгахь хилла иза, хьаьнца къамеле вийлина, иштта кхин дIа а. Цу тIехь беш болх бу оха, карор ву бехкениг а.

Коьртачу хаттарна жоп хIинцале а карийна: цунна билггал дIовш деллий а хаьа, къайлахчу сервисийн карахь бен хила йиш йоцу тIеман гIирс буй а хиъна. Амма юкъараллана хетачунна а, политикан хьолана а, санкцешна а, кхиндолчунна а хIара тIехсов тоаме ду.

Коррупцица къийсам латточу Фондан (ФБК)куьйгалхо Навальный Алексей кхетамчохь а воцуш, Омскерчу дарбан хIусаме кхачорах хаам бира Твиттерерчу шен агIонехь, Фондан пресс-секретаро Ярмыш Кирас карарчу беттан 20-чу дийнахь. Цо бахарехь, Томскера Москва юхавогIуш хиллера Навальный. Кеман чохь вон хилла цунна. Оцу бахьанаца лайнер сихонца Омскехь охьа а хаийна, лоьраш тIекхайкхинера цунна.

Навальныйца цхьана хиллачу Ярмыша хаамбинера, дIовш деллачух тера ду бохуш, лоьрийн шеконаш хиларх. Цунна хетарехь, Навальныйс меллачу чайнах цхьаъ тоьхначух тера ду, хIунда аьлча, Iуьйранна дуьйна цо кхин кхаьллина хIума цахиларна.

lightradar24 сервисан хаамца, лоьраша ледарчу хьолехь ву, дIасаваккха таро яц бохуш, латтийна оппозиционер Навальный Германерчу клинике кхачийра беттан 22-чохь.

Оьрсийчоьнан оппозицин жигархочунна Навальный Алексейна дIовш делла аьлла, Германерчу медикаша-эксперташа къастамаш бира юьхьанца.

Нагахь санна и хаамаш бакъ нислахь, Цхьаьнатоьхна Штаташ кийча ю Европан Берто кIоргга талламаш барехьа бина кхайкхам тIеэца а, таллам беш дакъалаца а. Иштта маьIна ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан сайтехула оцу хьукматан куьйгалхочо Помпео Майкла даржийна дIахьедар.

Навальныйн доьзалан а, Оьрсийчоьнан халкъан а бакъо ю массо а агIор, къайленаш а йоцуш, хилларг довза а, бехкенаш жоьпе беха а. Тхан дог-ойла Навальный Алексейн доьзалца ю, оха сатуьйсу цуьнан могашалла юьззина меттахIоттаре, боху Пампеос Марсхьокху-беттан 25-чу дийнахь динчу дIахьедарехь.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло комментари арахецна Оьрсийчоьнан дипломатин хьалханча Лавров Сергей а, Американ Штатийн Пачхьалкхан секретаран гIовс Биган Стивен а цхьаьнакхетарх лаьцна. Цхьана декъанна цигахь боху, Оьрсийчоьне хьакъ доллу сацам бийр бу, нагахь санна Навальныйна дIовш делла хилар бакъ хилахь.

"Тайга.инфо" гIирсан информацица, масех де а хилла Навальный Сибирехь, шен рогIерчу талламна материал гулъеш волу. Дуьххьара Новосибирске веана, цигахь волонтерашца цхьанакхетта, цул тIаьхьа Томске дIаваханера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG