ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минск гIалин юккъехь бевзаш боцчу наха лачкъийна Колесникова Мария


Колесникова Мария
Колесникова Мария

Белоруссерчу оппозицин лидерех цхьаъ йолу Колесникова Мария лачкъийна бевзаш боцчу наха Минск гIалин юккъехь Гезгмашин-беттан 7-хь Iуьранна. Цунах лаьцна, хилларг гинчу тешана тIе а тевжаш, хаам бо Tut.by зорбан гIирсо, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Лачкъош гинчу Tut.by ешархочо дийцарехь, Колесникова дIайигина Связь" тIехь йоза долчу микроавтобусна чу а хаийна. Цуьнан телефон жоп луш яц. Белоруссин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дина, Колесникова лаьцна аьлла цхьа а хаам бац шайгахь аьлла.

Болчу хаамца, жоп луш вац кхин а оппозицин Координацин кхеташонан ши декъашхо - Роднянков Антон а, Кравцов Иван а. Дозанал арахьа йолчу оппозицин лидеро Тихановская Светланас бехке дина Белоруссин Iедалш жигархой лечкъорна,"Iедал террор дIахьош ду ", аьлла дIахьедар а дина.

Колесникова ю лаьцна волчу президентан харжамашкахь кандидат хиллачу Бабарико Викторан штабан векал. Иза шуьйра евзира махкахь харжамашна кечлучу юкъанна, митингашкахь къамелаш динчу кхаа зудчух цхьаъ иза хиларна. Харжамашкахь дакъалаца регистраци ца йинчу кандидатан Цепкало Валерийн хIусамненаца а, президентан харжамашкахь дакъалоцучу Тихановская Светланица а жигаралла гойтуш яра иза. Оцу кхаанах цхьаъ бен яцара Клесникова Белоруссехь дIалацаза маьрша йиснарг.

Дукха хан йоццуш кхоьллинчу оппозицин Координацин кхеташонан президуман декъашхо ю Колесникова. Де хьалха иза дакъалоцуш яра Минскехь хиллачу дуьхьалонан маршехь. Оцу маршехь цхьаьнакхеттера иттаннаш эзарнаш декъашхой.

Белоруссин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, Гезгмашин 6-чу дийнахь тайп-тайпанчу гIаланашкахь 633 стаг лаьцна ницкъаллин структурийн белхахоша. Бакъонашларъярхоша хьалхо дIахьединера лаьцна 200 стаг ву аьлла. Иза деш хилларш бара мог1арерчу бахархойн духар доьхна хилла, карахь чхьонкарш йолу "титушки" олу нах.

Хьалхо Белоруссин Iедалша Iаткъам бар бахьана долуш махкара дIаяхара Тихоновская Светлана а, Координацин кхеташонан президиуман декъашхо Ковалькова Ольга а. Президентана Лукашенко Александрна дуьхьал акцеш дIайоьлху цхьа бутт гергга хан ю Белоруссехь. Дуккха а цу акцийн декъашхой лецна а, тIехь ницкъ бина а, сийсаз бина а бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG