ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

“Бер дар хIокху заманахь вуно къиза хIума ду”. ХIунда ца лаьа цхьаболчу Кавказерчу бахархошна доьзал дебо?


Соьлж-Г1ала, аьхке, 2020 шо
Соьлж-Г1ала, аьхке, 2020 шо

Кавказехь шо-шаре мел долу алсамбовлуш бу, бераш доцуш дахар хоржу нах. Уьш бер дан хан йолуш бу, амма цхьацца бахьанашца доьзалхо хилийта ца лаьа царна.

Бер доцуш баха луу нах дуьххьара гучубевлира 1990-чу шерашкахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Америкехь. И идеологи тIеийцира кхечу наха а. Бовла-бовлуш и тайпа доьзалш гучубевлира Оьрсийчохь а, ткъа хIинца бу уьш Кавказехь.

"Суна хетарехь, Бер дуьненчу даккхар хIокху заманахь вуно къиза хIума ду”. Хьоьга а ца хоьттуш, машена а хаийна евзаш йоцучу метте а вигина, дIахецар санна хIума ду иза. Ахь ца дийхира иза дахьара аьлла, амма, бехк ма билла, къант, хIинца ваха хьокхуьнца”, - дийцира Каказ.Реалиига Владикавказерчу вахархочо Цой Георгийс. Иза 30 шаре ваьлла ву, ткъа бераш хир дац шен аьлла сацам бина цо ша студент волчу хенахь дубйна. Хаттарш динчарах дукхаха болчара билгалдаьккхира тIейогIучу хенахь шайн ойла хийца а мега шаьш аьлла.

"Суна цкъачунна ца лаьа, цкъа а и ойла хийцалур яц аьлла а ца хета суна, - дуьйцу Владикавказерчу яхархочо Лидияс. – Суна хIун хаьа? Цхьаъ веза а велла, цунна 5 бер дан лаам кхоллабала а мега сан. Амма кхин доьзал а боцуш со цхьаъ йиса а мега со, елла дIаяллалц. Ши а вариант синтема хиларца тIеоьцу ас. Цу шиннах а ца кхоьру со”.

Моздокерчу вахархочо Чекулаев Николайс дуьйцу, шен 14 шо долуш сацам бира ша бераш ца дан, бохуш.

"ХIокху сохьта сайна хетачух чIагIвелла веха со, теша лаь суна и сан ойла хийцалур цахиларх. Амма со кхуьуш ву. Мичча хенахь хийца мега ас сайн ойла. Делахь а иза хила луур дацара суна, - боху Николайс.

Шен цу кепара лаам хилар кхетош, цо уггар хьалха буьйцу шен белхан карьера ян хилла лаам – хIинца цуьнан 24 шо ду.

"Со карьера ян луучарах ву. Бер хиллехь хIинца сан долчуьнга кхача аьтто хир бацара сан. ТIехула тIе … Гуш бу суна “со-м нана яй” бохурш. ХIа-хIа… Соьгахь доцучух тер а ду иза… Хала иза делахь а, вайн Кавказехь “бер дац – адам дац”, - дуьйцу Николайс.

Дуккха а шен гергарчу наха а, доттагIаша а шен харжам къобал бо , бохуш вара иза.

"Иза ду-кх дог этIош дерг... Уьш кхето гIерта хьо, ткъа цара шайниг дуьйцу: “берийн бераш, вешин-йишин бераш хилар вуно мехала ма ду, - дуьйцу Николайс. -Суна деза сайн гергарчу нехан бераш, ткъа царна моьтту со “понташ” кхуьссуш ву, дагчохь бер хила а лууш. Иза иштта цахиларх уьш теша ца ло соьга”.

Владикавказерчу Станислава а, Тамарас а доьзал кхоьллина 3 шо хьалха. Кхин долчуьнца цхьана цу шиннан ойла цхьана йогIу бераш хила лууш цахиларехь.

"Со кхеттане а кхеташ вац 20 шо даьлча, я кхин а хьалха адамаш дахалур доцчу дуьнентIехь бераш хIунда деш ду, - боху Станислава. – Бераш алсам мел хуьлу а дахаран хьелаш ледара хуьлу”.

Цхьаболчу психологаша дийцарехь, бер дале хьалха дукхаха берш ойла еш хуьлу церан кхане муха хир ю бохучуьнан. Оцу юкъахь ду чохь баха хIусамех а, тIедогIучу рицкъах а, доьзал бохахь берах хIун хир ду бохучух а, кхидолчух а доьзна хаттарш.

ХIирийчуьрчу юкъараллан жигархочунна Кучиев Батразана хетарехь, бераш доцуш ваха гIертаран мода дIайер ю.

"ЦIена адамаллан хIума схьаэцча – муха мегар ду бераш цахилар? – хотту Кичиевс. -Иза тайпа-тукхум ца дарца, ламасташ лардарца, культура кхиорца доьзна ду. Юкъараллин кIеззиг декъах иза хьакхалахь а, цо ирча бохам бан мега… Цу кепара идеологица юкъараллах баж хуьлу, кхане йоцу”.

Керстан динехь а, Исламехь а къилахь лоруш ду, зуда а, майра а могуш а долуш, бераш цахилар. Имама Назимов Хамдис дуьйцу, бераш дар хькоъехь бусалба динехь дерриг а вуно къовламе хилар.

"Доьзалехь бераш хила деза. Суна ца хаьа муха юхавер ву Дала хьайна деллачу диканах. ТIаьхье йита дезаш ду вай. Со ца кхета, я ойла а ца яло соьга, бусалба стагана луур дацара бераш хила, бохучух. Наггахь лоьро бер дан мегар дац, иза цомгуш дуьненчу дер ду аьлча а реза ца хуьлу адамаш иза дIадаккхийта. Дала деллехь, дуьтур ду шаьш, олу цара… Дала бер деллехь диснарг а лур ду Везавоккхачо”, - дуьйцу Назимовс.

Таханлерчу денна Кавказехь дукха бац шайн дахарехь бераш ца оьшу шайна, боху нах. Дуккха а доьзалш масийтта бер долуш бехаш бу Кавказехь а, дерриг а дуьнент1ехь а. Делахь а, доьзалхо оьшуш вац шайна, бохуш социалан машанашкахь тобанашка беттабелла къамелаш деш нах бу. Царна юкъахь бу Кавказера бахархой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG