ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш COVID-19 уьнна дуьхьал кхоьллина вакцина дуьнентIехь уггаре диканиг ю, боху Оьрсийчуьрчу говзанчаша


“Спутник V” вакцина зуьйш, кхоалгIачу, уггаре мехалчу муьрах хьалхара гIулч яьккхина коронавирусна дуьхьало кхуллуш хьийзачу Оьрсийчуьрчу дарбан авторша. Клиникан талламаша гайтарца, 92% эвсаралла ю цуьнан, чIагIдо цара. Иштта ду РБК агенталлехула вакцина юкъайоккхуш бохкучу Гамалеян Центрерчу говзанчаша дина дIахьедар.

Ткъа оршотан дийнахь Америкерчу Pfizer а, Германерчу BioNTech компанеша а даржийра шаьш девлла кхаа а муьрехь зераш дина, шайн вакцино 90% эвсаралла гайтина, аьлла.

Оьрсийчоьнан вакцина шайна тохийтинчу зерийн дакъашхойх 20 стаг цомгуш хилла коронавирусах, боху дарба кхоьллинчара – уьнна дуьхьало (плацебо) кхоллаяла езаш яра талламаш дIахьочу говзанчаша вакцина тоьхначу нахах дукхахболучаьргахь.

16 эзар стаг-лаамхо хилла вакцина толлуш декъаозийна. Ткъа юхьанца 40 эзарна тIехь зуьйр ду юкъадоккху дарба, бохура. Кхеташ дац стенна нисъелла и башхалла. Вакцина шина компонентах лаьтта, амма цуьнан эвсаралла гIараяьккхина талламна юкъаозийначу наханна тIехь хьалхара доза бен тоьхна а йоццушехь.

"Спутник V" вакцина кхоьллина Гамалеян цIарах йолчу эпидемиологин а, микробиологин а центрехь. Вакцина патентаца тIечIагIйиаа юьззина телла а йоцуш. Медикашна а, Iедалан цхьацца белхахошна а тухуш ю иза цкъачунна. Америкахоша а, немцоша а шаьш кхоьллинчу вакцинин эвсаралла 90% ю оллушехь дина ду Оьрсийчоьно шен вакцина 92% эвсаре ю, аьлла.

Амма Американ-Германи вакцина а яц юьззина теллина. Яцахь а, Pfizer лерина ю шайн FDA дарба къобалдайта дехар чудала кечлуш. Кхачамбацар могIараниг а дац FDA вакцинин – иза дIасадахьа йиш яц 70 градус шелонехь бен, ткъа оцо халачу хьоле доккху медицина лахарчу тIегIанехь йолчу пачхьалкхашка дарба дIасакхачор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG