ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Адаман бакъо морцучу куьркахь кхуьу терроризм". "Мемориал" центро Кавказехь бен болх


Кадыровхой

Абдуллаева Зайнаб

Бакъоларъяран "Мемориал" центро онлайн кепехь бовзийтина ша 2017–2019 шерашкахь бина болх. "Чолхе хьал лаьтта меттигаш" программин куьйгалхочо Орлов Олега дийцина шайн декхарш кхочушдан массо регонашкахьчул хала долчу Къилбаседа Кавказехь бакъоларъярхоша баьхначу кхиамех а, хиллачу эшамех а лаьцна.

Кхаа декъе декъа екъа тарло талхош йолу бакъонаш, боху "Чолхе хьал лаьтта меттигаш" программин куьйгалхочо Орлов Олега.

Хьалхара дакъа – тIеман конфликт лаьттачу муьрехь дуьненаюкъара гуманитаран низамаш талхор (хIусамаш, школаш, дарбан цIенош, халкъан юкъара гIишлош, маьршачу хьукматийн бахам бохор).

ШолгIа дакъа – тIеман конфликт йирзинчул тIаьхьа хьоьшуш йолу бакъонаш (къайлах набахтеш, нах идор, лецар, доьза байъар, Iазап латтор).

КхоалгIа дакъа – тIеман конфликтаца я терроризмаца бечу къийсамах йоьзна йоцу харцонаш. Оцу декъара зуламаш до ницкъхоша маьршачу бахархошна, шаьш тIамехь лелийна хилларг царна тIедерзош, боху Орловс.

Регионехь паргIато, кхерамзалла хIотталур яц, цигахь адамийн бакъонаш ларъеш яцахь

Масал далош Орлов Олега дуьйцу Дагестанера Ибрагимов Султанхан хьийзорах лаьцна. Иза лачкъа а вина, къайлахчу набахте кхоьссина хилла, цигахь цунна гIело йина. Шена тIетоьтту бехк тIеэцна цо, вийна аьлла ша вийна а воцу ши стаг. "Мемориалан" аьтто баьлла иза кхелехь бакъвайта а, иза хьийзоран хьекъехь бехктакхаман гIуллакх айдайта а. Бехкенаш карийна бац цкъачунна. Орловс дийцарехь, зуламхой ца карабо олий, дIакъуьйлу хенан йохалла и санна долу девнаш.

Дуккха а зама ю "Мемориал" Iедал кхето гIерта: цхьаьнадозаделла ниIматаш ду адаман бакъонашший, регионан кхерамзаллий.

Шена тIетоьтту бехк тIеэцна цо, вийна аьлла ша вийна а воцу ши стаг.

" Регионехь хьоьга паргIато, кхерамзалла хIотталур яц, цигахь адамийн бакъонаш ларъеш яцахь. Дуккха а адамийн бакъонаш талхочу махкахь вуно атта ду террористашна шайн пропаганда дIасаяржо а, адамаш гергаоза а. "Низам данне а дац, харцо тоьлла, караэца герз, нийсо толок хин некъ бац шуна", баха аьтто ло адаман бакъонаш ларъеш цахиларо. Оцу тIехь тхо лаьтта террорхошна дуьхьал", – боху Орловс.

Бакхоларъярхочо дагалоьцу 2008–2009 шераш, хIетахь Iедало гIеххьачул ладугIура шаьш бечу хьехаме (Нохчийчохь яцара оцу декъахь), керла кеп лело йолийра къайлах шайна дуьхьаллаьттачу ницкъашца. Iедало контртерроран операцеш низам а ца дохош дIакхехьа еза бохура, юкъараллица диалог латтайора, бехке боцу нах, масала, салафийа олу нах лецар сацийра.

Кхин а цхьа башхалла яра керлачу кепан – тIемалошна адаптаци ен комиссеш кхоллар. Орловс бахарехь, оцо а делира дика жамI. "Цул хьалха, сов шога политика лелачу хенахь, Iедална дуьхьаллаьттачу нехан карах дукха милцой белира. Ткъа керлачу некъо лахдира и тайпа баларш, - дашалоьцу мемориалхочо.

Юкъаяьккхинна хиллачу кепан эвсаралла гойту Орловс ГIалгIайчоьно хIетахь гайтинчу жамIашца. Жимачу респуликехь вуно дукха лара Iедалан белхахой, амма хIетахь мехкан куьйгаллехь Iийначу Евкуров Юнус-Бека адаптацин комисси а кхоьллина, цуьнгахула бира болх. Мохк Къилбаседа кавказехь уггаре кIезиг полисхой хIаллакьхуьлучу регионийн могIара хIоьттира, дуьйцу цо.

"Ши республика – ГIалгIайчоь, Нохчийчоь. Уллехь ю вовшашна, мотт тера бу вовшийн, амма кеп-кепара ю республикашкарчу Iедалан политика. Терроризманна кхечу кепехь хIумма а далур дац, ша хила веззачу новкъахь ву, боху Кадыровс, ткъа ГIалгIайчоьно кхин масалш гойту. Нохчийчохь зулам диначун гергарчаьрга а доьху жоп, ягайо тIемалойн хIусамаш, доьзалш махках боху… Ткъа уллерчу ГIалгIайчохь бертан къамелаш до хьаннашка дIабахначаьрца а, церна гергарчаьрца а. Ца хьийзабо нах доьзалера стаг тIемало ву олий. Оцо гойту Нохчийчохь санна къизалла а ца яржош, болх бан йиш юйла адамашца. Ас юьйцу кеп юкъайоккхуш жигара дакъалецира бакъоларъярхоша а. Делахь а, 2013-чу шарахь ширачу къизачу кепе юхашершира пачхьалкх", – бовзуьйту шен гонийн гIайгIа Орлов Олега.

Къайлаха набахтеш а, "террорхойн уьйраш" а

Дуьненна Нохчийчохь къайлаха набахтеш хиларх лаьцна хиира гей-нах цигахь таIзаршна кIел хьо, аьлла, прессо гIарадаьккхича, ткъа оцу наханна ницкъ бар, дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш гIиттор даьржина ю дукха хан, чIагIдо Орловс.

ХIинца Кадыровн гергарчара а, цуьнан ширачу накъосташа а дIахIоттийна лаьтта махкахь тоталитаран режим

"Къайлаха набахтеш дуьххьара Кадыровс ца яьхна юкъа. Уьш федералан эскарша махка ма-баьхкки хIиттийна ю. Наханна тIехь Iазап латто бакъо федералаша нохчийн караелла 2005-чу шарахь, шайх "кадыровхой" олучийн кара. ХIинца Кадыровн гергарчара а, цуьнан ширачу накъосташа а дIахIоттийна лаьтта махкахь тоталитаран режим", – дийцира бакъоларъярхочо.

Цаьрга боху: "Таро яц шун шаьш Iалашдан. Цхьа бомбий, атоматтий бен яц пайде"

Оьрсийчоьнан кечу регионашкарчу бахархошна ца хаьа нохчийн мотт, амма Нохчийчуьрчу хьакамаша телегойтийлехула официалехь къамелаш дечу хенахь "паччахь" олу К:адыровх. "Иза хан веха, султан веха меттиг ю. Йолуш йоллу цигарчу дахаран кеп ю иза", – билгалдаьккхира Орловс.

"Мемориалан" векало хаийтира Къилбаседа Кавказехь бакъоларъярхойх цхьаболчу хьакамаша "террорхойн накъостий" олуш хиларх лаьцна – Iедало экстремизмаллехь бехкебинчу нахана цара гIодеш хиларна.

И тайпа къамелаш дира, масала, 2014-чу шарахь Дагестанерчу, контртеррорна къевлинчу Временный-юьрта бакъоларъярхой кхача гIоьртича. Оцу юьртара бовда дезнера массо а бахархойн. Ткъа юхабаьхкича, карийра шайн хIусамаш къоланаш дина, яссийна, йийбар хIаллакйина.

"Мемориало" пхеа шарахь къахьийгира Оьрсийчоьнан Iедале оцу юьртарчу нахана хилла зен меттахIоттадойтуш. Толамца берзийра и болх.

"Тхо орцах ца девллехь, буьсур бара нах дакъаза ма-баххара. Оцу наха муха кхето деза тхо террористийн гIоьнчаш ду бохург? Цаьрга боху: "Таро яц шун шаьш Iалашдан. Цхьа бомбий, атоматтий бен яц пайде". Тхо ду террористийн гIоьнчаш цул тIаьхьа? Бух боцург, маьIна доцург". Оцу дешнашца дерзийра шен къамел Орлов Олега.

***

Наггахь а де ца догIу Къилбаседа Кавказехь цхьаъ вадийна, Iазапна кIел кхобу боху хаам ца баьржаш. Дукха хьолехь гучудолу низам дохийнарш, зулам динарш и низам Iалашдан тIехIиттийна ницкъаш хилар. Деккъа цхьа масал ду оппозиционер Тепсуркаев Салман вада а вина, Нохчийчу вигар, цигахь иза сийсазвеш яьккхина видео яржор. Амма Iедал хIинца а дац иза вадор я толлуш а, я талла дагахь бехктакхаман гIуллакх Iгаттийна а. Прессо гучудаьккхина, хьан вадийна хила тарло Тепсуркаев – цунна гарехь, махкарчу Iедало вадийна.

20I6-хь элира бакъоларъяран "Мемориал"центро: Къилбаседа Кавказехь экстремизм кхиош берш Iедалхой бу - цара идабо, хьийзабо, боцу бехкаш тIехьерчабо наханна, кхерамаш туьйсу церан доьзалшна. Хан яьлла цул тIаьхьа, амма хийцаделла дац цхьа хIума.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG