ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ Лаккхара кхел реза ца хилла президентан харжамийн жамIаш хийца


Американ президент Трамп Дональд
Американ президент Трамп Дональд

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Лаккхара кхел реза ца хилла президентан харжамийн жамIаш хийцар доьхуш Техас штато кховдийна, ткъа 17 штато а, президента Трамп Дональда а гIортор йина лехам листа.

Техасан тоъала бакъонаш яц кхечу штаташкахь кхажтасаран процедура хийцийта, аьлла сацам бина кхело. Оцу сацамехьа кхаж тесна 9 суьдхочух 7-мма, шайна юкъахь Трампа оцу даржашка хIоттийна 3 суьдхо а волуш.

Лехаман авторша тIедожадайта лууш бара "къовсаме штаташкахь" – Джорджияхь, Висконсинехь, Мичиганехь а, Пенсильванехь – харжамийн жамIаш тидаме ца эцар, харжамхойн коллегин 62 кхаж юкъара а боккхуш.

Республикан партин векашла чIагIдо оцу штаташкахь харжамийн жамIашна Iаткъам бина хила мега, цигахь коронавирусан эпидеми ю аьлла почтехула кхаж тосуш харцонаш лелорна, бохуш. Оцу еа штатехь, кхаьжнаш дагардаран жамIашца толам баьккхина лоруш ву демократ Байден Джо.

Цигара жамIаш тидаме ца эцча, Байденан тоъал кхаьжнаш хир дацара ГIуран-беттан 14-хь президент харжа везачу харжамхойн коллегин. Байданна кхаьжнаш дIадала мега оцу коллегин 306 декъашхочо, Трампана кхочур бу 232 кхаж.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG