ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха даздеш хилла нохчаша керла шо ширачу заманахь


Соьлж-ГIала, гайтаман сурт

Керла шо даздар тахана Нохчийчохьберийн ловзар а хилла датесна делахь а, цхьана хенахь нохчаша дукха лерина лелош хилла и тIекхачарца доьзнарг. Иэс листа даьккхича, кхин тIех генаяьлла а яц нохчаша Керла шо шайн Iадатехь даздина зама.

Нохчийн Iилманчаша этнографаша коччучу барамехь теллина нохчаша керла шо даздарца оьзна ламасташ. "Айра ШоIар" олуш хилла нохчаша шайн рузманах. Оцу рузманехь "Нажжойн буьйса" олуш хилла Керлачу шеран хьалхарчу буьйсанах (Нажжойн-беттан 1-ра де - январь).

Маршо Радиона ша еллачу тIаьххьарчерах йолчу цхьана интервьюхь нохчийн вевзаш волчу этнографо Хасиев Сайд-Мохьмада дийцира ширчу хенахь Керла шо тIекхочуш хилла хIинцачул 6 де хьалха, бохуш: : "25 дийнахь (ГIуран-баттахь) долалуш хилла керла шо. Маьлхан рузмица ма бай вайн хIенанхIоттам. И де тIедале 12 де хьалха кегийрчу нехан цхьа тоба арайолуш хилла хьуьнах яха.

Царах ганцхой олуш хилла. ХIора юьртана уллерчу хьуьнхахь цара лохуш хилла 12 га долу наж.

Наж
Наж

Иза лаьттах хьакха ца болуьйтуш юьрта бан безаш хилла мел гена делахь а. Ткъа юьртахь бисинчара лайх гIала а йой, хи а тухуш, шаръеш хилла иза, цунна тIевала хала хилийта. Лайн межаргаш а детташ, дуьхьал бовлуш хилла юртара бахархой, къаьстина зудабераш, керла дитт дохьуш богIучарна. ТIаккха оцу гIалин буьххьера шираниг дIа а доккхий, керла ножан дитт дIахIоттош хилла. Шира дитт, дукха гена а ца долуьйтуш, циггахь дагош хилла.

Ширчу шеран Iо дика еш хилла, ерриг а хIусамехь йисина тишйелла хIумаш а ягош. Вуно ладаме ритуал хилла кхерчара цIе карлаяккхар. Керла цIе а латайой кечбеш хилла Керла шо даздеш кечбеш болу кхача.

Керла шо тIекхочучу буса нохчаша вовше декъалбеш хилла. Кегийра нах ара бовлий хьошадгIа оьхуш хилла, ткъа цо аьтто беш хилла церан вовшашца йолу юкъаметтигаш карлаяха.

Керлачу шеран буьйса пал таса бIегIийла лоруш хилла оцу хенахь баьхначу нохчаша. Маре гIонйолу кIант гIенах гайта мехкарша
Котаман шалго-даьIаьхк юьллуш хилла Нажжойн буса гIевланга. Туьнкалге – куьзга а, пеша кхаба а хIоттош, хилла мехкарша Нажжой буса, гIенаха ша езарг гаре сатуьйсуш.

Кхин цхьа пал тасар хилла бепигца доьзна. ТIехьийза кIант гIенах гайта Керла шо даздеш дечу дуьрачу баьпкан оьлиган кхаа хьокхумах шиъ гIайбана кIелла буьллуш хилла, ткъа кхоалгIаниг бууш хилла. Нажжой буса гIенах байначу кIентех йоI маре йоьдург хилла гIенаха цунна мала хи делларг.

Керлачу шеран буса даьржина хилла кхин олу пал тасарш а. Масала, уьстагIан пханара даьIахкан тIехь пал тасар.

Палтосург цунна чекххьоьшуш хилла. ДаьIахк тIехь гучу таммагIашца дуьйцуш хилла цо хиндерг – ялта муха хир ду, хенахIоттам муха хир бу, доьзалехь хIун хиламаш хир бу (зуда ялор, бераш дар, стаг кхалхар).

Этнографа Хасиевс гулбинчу хаамашца, керла шо даздар тера хилла славянийн къаьмнаша даздечу "калядах": "Каляда олуш ду-кх оьрсийн, вовшийн декъалбеш. Иштта хилла вайн а. Вовшийн декъалбеш, дуьмийн байракхашца, йоьхьийн тоьпашца нехан уьйтIа хIуьттуш хилла. Эшарш лоькхуш хилла. ХIора хIусман неIаре хIуьттуш хилла, царна совгIаташ луш а хилла: хьовлан межаргаш я баIарш".

Нажжой Буса бераш ара ца довлуьйтуш хилла нохчаша, уьш боьхучух лардеш. Оцу буса, лоруш хилла, цIийна го тонаш туьйсуш лелаш ешапаш хилар.

Керла шо даздар дIадоьрзуш хилла 3 дед даьлча, говраш хахкарца. Иза цIена нохчийн ламаст хилла. Хьалхара кхо меттиг яьккхинчунна совгIаташ душ хилла: Говр, нюйр, дирстанаш я бедарех цхьаъ.

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Таханлерчу нохчийн дахаран кепаца доьзна дац Керла шо даздар, уггар хьалха, иза ислам-динан ламасташца доцун дела. Керлачу шеран буса нах стоьлан гонаха ховший юъучух кхета, ширчу шеран Iо дика ян а, беза-вевзачерах марзо эца а, шайн лаамеш а, кханалера дика а дузу керла шо тIекхачар билагалдаккха а.

Хьажа комменташка (2)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Комментареш

New Comments Available

Шуна хетарехь, толамаш бахарца гIараваьлла ММА-латархо Чимаев Хьамзат стенна хьийза ша спорт юьту бохуш?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG