ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан комитет ца хIоьттина Навальныйна дIовш далар толлуш ФСБ-н белхахой лебан


Оьрсийчоьнан Талламан комитетан ТIеман коьрта урхалло талла тIе ца эцна Коррупцица къийсам латточу фондо оппозиционерна Навальный Алексейна дIовш ФСБ-н белхахоша делла хила тарло аьлла дина дIахьедар. Оцу хьокъехь бинчу сацаман документ шен блогехь довзуьйту Навальныйс.

Урхаллин официалерчу жоьпехь боху, "дIахьедарехь балийна бац Оьсийчоьнан ФСБ-н белхахоша зулам дина ала бух". Навальный Омскехь дарбан хIусаме вилларца доьзна хьелаш толлучу Сибиран федералан округерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин некъан транспортан декъе дIахьажийна Талламан комитето Фондан арз. Талламаш дIабоьлхуш бу, оцу балханна къастийна хан чекхъяьллехь а. Айданза ду бехктакхаман гIуллакх.

  • Кеманашца, цIерапоштанашца Навальный дIалелачу муьрехь (шена дIовш деллачу Томске а) иза зуьйш, цунна тIаьхьабевлла ФСБ-н белхахой лелла хилар ГIура-баттахь довзийтира Bellingcat тобанерчу журналисташа а, масех хаамийн гIирсо а. Оцу ФСБ-хой хила а тарло дIовш деллачийн декъахь, царех цхьаберш бу тIеман дIаьвшаш кхуллучу институтца а, цуьнан балхаца а зIе йолуш.

  • Навальныйс зорбанехула довзйитира ФСБ-н белхахо Кудрявцев Константин ву аьлла къаел дечу стагаца телефонехула хилла къамел. Вукхо харц ца дора ша оппозиционерна дIовш лучу операцин декъахь хилар. Навальныйна хетарехь, президент Путинан омрица дина цунна зулам.
  • Навальныйца "Новичок" дIаьвшан лар карийра Европерчу масех лабораторина. Ткъа Оьрсийчоьнан Iедало, пачхьалкхерчу лоьрийн тоьшаллашна тIе а тевжаш, чIагIдо Навальный дIаьвшах цомгуш ца хилла, бохуш.
  • Карарчу хенахь Германехь ву дарбан хIусамера араваьлла Навальный. Цо хаийтина кху деношкахь ша даймахка юхавоьрзуш хиларх лаьцна, амма Оьрсийчохь иза лаца кхайкхийна, набахтехь такха хьалха кхайкхийна хилла хан метта а хIоттош.
XS
SM
MD
LG