ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Актёраша а, Iилманчаша а, яздархоша а кхайкхам бина Оьрсийчохь хуьлчу ницкъ барна дуьхьал


Москва. Дуьхьалонан акцийн декъашхой лецар
Москва. Дуьхьалонан акцийн декъашхой лецар

Интелллигенцин векалша – Iилманчаша а, актераша а, режиссераша а, яздархоша а, юкъараллин жигархоша а – кхайкхам бина Оьрсийчоьнан махкахошка а, Iедалан хьукматашка а, политикан партешка а, политика бахьана долуш нах хьийзорна а, кIиза машаран дуьхьалонан акцеш дIасалахкарн а, суьдаша шайна луъур лелорна а дуьхьал. Цунах лаьцна яздо Радио Свобода зорбан гIирсо.

Оцу кхайкхамехь хьахош вац Навальный Алексей, амма юьйцург ю, эзарнаш нах дIа а луьйцуш, цунна гIортор еш дIаяьхьна акцеш а цхьаьна.

Кхайкхаман авторша яздо, Оьрсийчоьнан гражданаш урамашка арабевлира машаран гуламашка, "шаьш дуьхьал хилар гайта политика бахьана долуш нах хьийзорна – адамаш дайар Iалашо йолуш тIелетарш дарна, харц бекхтакхаман гIуллакхаш кхолларна, политикан дуьхьалончаш дIалецарна.

"Оцу тайпа диктатурийн амалшкахь долу хIуманаш хилийта йиш йолуш дац кхузаманахьлерчу юкъараллехь, догIуш дац уьш вайн моха кхиоран Iалашонашца, юхадалор ду вай цуьнан тоталитаран дIадаханче", - аьлла ду кхайкхамехь.

Текстехь билгалдоккхуш ду, Iедалша и акцеш ца магийнера, ткъа иза бахархойн конституцин бакъонаш талхор хилар.

"Нагахь махкахь кхажтасарш а, харжамаш а хуьлуш белахь, цигахь оццу хенахь дихкина хуьлийла дац гуламаш а, митинагаш а дIаяхьар а".

Кхайкхаман авторша тIедожадо Iедалшна "митингаш а, гуламаш а дIабахьарх лаьцна низам сихонца Конституцица догIуш дIанисдар".

"Вуно эргIад вохуьйту хIума ду, цхьа а маьIна доцуш, маьршачу, гарзаца боцучу нахана етташ полици кIиза лелар а, долу а, доцу а низамаш а, нийсо а, бехк цахиларан презумпци а йохош, суьдашкахь шайна луъург лелор а. ХIара денош цIена юьхьIаьржо хилла дIахIиттира Оьрсийчуьрчу кхелан системина", - аьлла ду кхайкхамехь.

Интеллигенцин векалша зорбане даьккхинчу кехата тIехь аьлла ду, полицино шена луъург лелор сацор "президентан конституцин декхар" хиларх лаьцна.

"Оха кхойкху дика ойла йолчу нахе, берриг а вайн махкахошка тхайх схьакхетар, политикан оппоненташна ницкъ бар емал деш, шайн аз айъар гражданийн Iер-дахар а, демократи а, ларам болуш дахар а лардеш, ткъа Iедалан векалшка кхойкху конституцин низаман къепенан гурашка юхадерзаре", - аьлла ду кхайкхамехь.

Оцу документана тIе куьг таIийначарна юкъахь ву яздархо Акунин Борис, академик Аникин Александр, режиссёр Вырыпаев Иван, поэт Гандлевский Сергей, яздархо Драгунский Денис, режиссёр Звягинцев Андрей, журналист а, яздархо а Зыгарь Михаил, поэт Ким Юлий, юрист Лукьянова Елена, зорбанхо Прохорова Ирина, актёр Смехов Вениамин, актриса Хаматова Чулпан, яздархо Шендерович Виктор – верриг а 100 сов стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG