ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гучуяьккхина Ярославлерчу №1 колонехь Iазап латтош яьккхина керла видео


Ярославлерчу №1 колонехь чувоьллинчу шина стагана тIехь Iазап латтош яьккхина керла видео гучуяьккхина "Новая газето", яздо Свобода Радионо. Иза дIаязйина хилла 2016-чу шарахь. Дийцарехь, цу шиннах цхьа тутмакх йиттинчул тIаьхьа велла дарбанан хIусамехь.

Цхьана видео тIехь хан токхуш волчу Иванов Андрейна къиза чхьонкарш етташ ю стоьлан тIехь. Шена ницкъ бале хьалха цо боху ФСИН-ан (ТаIзарш кхочушдон федералан агенталла) белхахошка, «Дала бекхам бийр бу шуна массарна а». ЧIагIдарехь, цунна йиттина Къуран лаьтта охьакхоьссинчу набахтин белхахошна дуьхьаллерна.

ШолгIачу видео тIехь колонин белхахой етташ бу (гарехь, таллам бечу заманна) гор ваха ца луучу тутмакхна Бочоришвили Важона. Цо шега иза цадало боху. "Бочоришвили, амма хьан ма дац иза дан цамагаран кехат», боху колонехь болх бечу зудчо, цул тIаьхьа цунна къиза етта.

Ярославлерчу колонешкахь чубоьхкинчу нахана тIехь хадданза Iазап латтош хиларх лаьцна хиира 2018-чу шарахь Товбецан-баттахь №1 йолчу колонехь тутмакхна Макаров Евгенийна етташ яьккхина видео «Новая газето» Iораяьккхар бахьана долуш.

Цул тIаьхьа талламан органаша долийра бехктакхаман гIуллакх. Иза толлуш лецира 14 стаг. ТIаьхьо гучуделира оцу колонешкахь Iазап латтийна хилар иттаннашна чубоьхкинчу нахана тIехь.

Цхьана ханна колонин хьаькаман декхарш кхочушдийриг а, цуьнан гIовс а бехказваьккхира. Кхин жоьпе озийначерах 11 стаг – ИК №I колонин хилла белхахой чубоьхкира кхело кхаа шеран тIера деъа шаре кхаа батте кхаччалц хенаш а тоьхна. Чувоьллина яьккхина хан тидаме а эцна царах 6 стаг дIахийцира суд йоьдучу чохь.

«Новая газето" яздарехь, кхел кхайкхаяле кхеташонан чоьнан чуваханера масийтта стаг, шайна юкъахь Iедалан цIарах бехкбиллархоа а волуш. Ткъа иза бахьана хила мегаш ду кхелан сацам юха а баьккхина, и гIуллакх юхаталла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG