ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйгахьа болчу нехан акцин декъа язлуш бу къилбаседа-кавказхой


Оьрсийчоьнан Къилберчу массо а регионашкара векалш бу социалан машанашкахула Навальный Алексейн штабо шен набахтехь волчу лидеран-оппозиционеран агIо лоцуш дIаяхьа кечъечу акцешка хIитта кечлуш. Гулмашкахь дакъалаца дагахь шаьш хилар хоуьйту регионашкарчу кIоштийн бахархоша а, кегий ярташкарчу наха а.

Навальныйн штабо яржийначу анонсо бахарехь, "Оьрсийчоьнан тIаьххьарчу исторехь уггаре боккха протестан гулам" бу хила безаш. Барам хIутту де къасталур ду, штабо бахарехь, митингашка арабовла луучийн терахь 500 эзар хилахь (цкъачунна довзуьйту терахь кхаьчна 350 эзарне).

Къилберчу гIаланашлахь нах алссам протесте бовла дагахьболучех хьалхарниг ю Краснодар (6 эзар ву лаам бовзийтинарг), шолгIаниг – Сочи (2 эзар гергга), кхоалгIаниг – Ставрополь (1,5 эзар вахархо).

Навальныйгахьа йолчу акце арабовла кийча бу нах ХIинжа-ГIалахь – 400 вахархо, БуьритIехь – 200, Кавказан Аьргахишкарчу регионера цигахь дакъалаца лерина ву 500 стаг. ГIаланашкара хилла ца Iаш, бу нах протестах доглозуш, цара шаьш хаийтарехь, масала, Нохчийчуьрчу Сиржа-Эвлахь а, Iалхан-Юьртахь а, Дуби-Эвлахь а.

"Хьалха, Дечкен-беттан 23-чохь хиллачул йоккха хир ю тхан митинг. Оха кхечу кепара бо хIинца кечам, догдоху нах алссам бахкаре", – элира Кавказ.Реалиига болх бечех ша цхьаъ бен йоцчу Краснодарерчу Навальныйн штабан куьйгалхочо Панченко Анастасияс.

Журналисташа динчу хьесапашца, Краснодарехь Дечкен-беттан 23-чохь протестан акце аравелира 3-5 эзар вахархо – оццул ду шаьш гуламе гIур бу аьлла хиллачу нехан терахь а.

"Карти тIе хьаьжча го, Ставрополь хилла ца Iа жигара, Старопол-махкара кегий гIаланаш а ю иштта. Оцу хазахоьтуьйту. Iалашо ю, коьрта Iалашо ю ала а тарло, суна хетарехь, нахана шаьш цхьалха боцийла хаийтар ду, мел жимачу гIалахь, гергахь, бу шуьца цхьана даггара болу нах", – элира Кавказ.Реалиига Старополехь Навальныйн штабан координатор лаьттинчу Глинберг Татьянас. Къилбаседа Кавказан федералан гонехь ша цхьаъ бен йоцу цуьнан штаб регионалера тобанашна оптимизаци еш дIакъевлира стохка аьхка.

  • Карарчу шеран юьххьехь Навальныйн протестан акцешка бевлира нах Краснодарехь, Ейскехь, Анапехь, Сочехь, Новороссийскехь, Армавирехь, ХIинжа-ГIалахь, Пятигорскехь, Ставрополехь. Иттаннашкахь, бIеннашкахь бара дакъалацархой. Полицино вуно шога дIалоьхкура, изоляторшна чубухкура протестхой.
  • Дечкен-беттан 23-чохь а, 31-чохь а резабоцчийн акцешка бевллачу нахах административан протоколаш хIиттийра 256 стаганна "алссам бахархой гуллушболу барам дIабахьаран бакъо талхорна". Стохка а, лурчах а хIиттийначу протоколийн барамца дуьстича, шозза-ах дукха хуьлу уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG