ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОМОНах тийсавеллачу Джумаевн гIуллакх кхеле кхаьчна


Оьрсийчоьнан оппозиционер Навальный Алексейгахьа Дечкен-беттан 23-чохь хIоттийначу митингехь полисхойх тийсавеллачу Джумаев Сайд-Мухьаммадан гIуллакх Москварчу Тверскойн кIоштан кхеле кхачийна. Кхело сацам бина дов хоттучу юкъанна оцу гIуллакхна гунахь берш бен кхеташоне ца бита, яздо "Кавказский узел" агенталло. Цхьана иттех динахь къаьстар ду, кхелан ладегIарш маца хир долуш ду, хаийтина суьдан пресс-гIуллакххоша.

Хьалхо Джумаев Охан-бетта 16-чу дийне кхаччалц чохь вуьтуш сацам бира. Бехкбиллархойн хьесапашца, "Омонан шина белхахочунна куьйгашца а, мийрашца а дукхазза тохарш дина" цо. Пхеа шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо цунна.

Интернетехь маса яьржира ницкъахошна дуьхьало ечу Москварчу университетан студентах яьккхина видео. Жима стаг лехамашка велира оцу сохьта. ткъа Дечкен-беттан 28-чохь лецира иза Псковн кIоштахь.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутата, Кадыров Рамзанан хьехамчо Делимханов Адама Iедалшна карагIо аьлла хабар тоьхнера, оппозицин политикана Навальный Алексейна гIортор ечу акцехь Москварчу Пушкинан майданехь ОМОН-ан белхахойх леттачу Нохчийчуьрчу жимачу стаге. Цунах лаьцна Делимхановс дIахьедира шен видеокхайкхамехь.

Дечкен-беттан 23-хь Оьрсийчуьрчу иттаннаш гIаланашкахь акцеш хилира Навальныйна гIортор еш. Оьрсийчуьрчу тайп-тайпанчу гIаланашкахь ницкъаллин структурйн белхахоша лецна цкъа а ца хиллачу кепара дукха нах: 3400 стаг лаьцнера ерриг а пачхьалкхехь, 1300 – Москвахь, 500 гергга Петербургехь.

Полисхоша чхьонкарш йиттина духьалонан акцехь дакъалаьцначарна, омонхочо гайтIа мийра тоьхна Санкт-Петербурегара цхьа зуда реанимаце кхачийнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG