Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Израилна критика йина, цо Нохчийчоь терроризман кхерам лаьтта меттиг ю аьллачул тIаьхьа. Зазадоккху-беттан 30-чохь Израилан Кхерамзаллин кхеташоно шен бахархошка кхайкхам бина, оцу республике цабахар хьоьхуш.
Кадыровс шен телеграм-каналехула тоьшалла дина Израилан Кхерамзаллин кхеташонна, Нохчийн Республикехь тIом тоххара чекхбаьлла а, мехкан лаьтта тIехь террорхой банне а бац, аьлла. Цо хьал зен а, иза маьрша дуйла ган а шех тешийначу махка кхойкху Израилера эксперташ. Израилера бизнес лело а, садаIа а нах кхочу махка, царна дика хаьа цигахь кхерамзалла юйла, чIагIдо Кадыровс.
Амма еккъа цхьа Израил хилла ца Iа шен бахархошка КъилбаседаКавказе цалелар хьоьхуш. Масала, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто америкахошна хьоьху, коронавирусан проблемашца доьзна, Оьрсийчу цаэхар. Цул сов, урхалло бахарехь, Оьрсийчохь беха я цига лела Цхьаьнатоьхначу Штатийн бахархой тарло официалан белхахойн куьйга кIел нисбала, тарло леца а, хеттамашка баха а, гIелонна, къизаллина бухахьарчо а. Оьрсийчохь терроризман кхерам лаьтта, къаьсттина Къилбаседа Кавказе, Нохчийчу а, Элбрусна гонахарчу мехкашка а ваха мегаш дац, боху Пачхьалкхан департаменто.
олийла дац цуьнан оптимизм бух болуш ю, махкахь ницкъбар дирзина – тIемалошкара буьйлу кхерам юха ца болу, мел дукха дIахьедарш дахь а.
Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан Iедало дIахьедина, Нохчийчохь контртерроран операци чекхъяьлла 2009-чу шеран Охан-баттахь, аьлла, амма цигахь цул тIаьхьа дуккхаза а лаьттина тIематасадаларш. Нохчийчохь ГIаттаман болам чекхбаьлла хиларх лаьцна Кадыров Рамзана динчу дIахьедарех тIаьххьарниг кхочу, ялх тIемало а, церан амир Бютукаев Аслан а вуьйш, иккхинчу ирчачу хиламна - 2021-чу шеран Дечкен-беттахь дара иза. Делахь а олийла дац цуьнан оптимизм бух болуш ю, махкахь ницкъбар дирзина – тIемалошкара буьйлу кхерам юха ца болу, мел дукха дIахьедарш дахь а. Ткъа журналисташа а, бакъоларъярхоша а шайн талламашкахь гойту махкарчу Iедалхоша бахархойн бакъонаш хьешар шуьйрра даьржийна лаьтта хьал хилар.
Зазадоккху-беттан 30-чохь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн арахьарчу гIуллакхийн урхалло йоккха артикл арахецна Оьрсийчохь 2020-чу шарахь адамийн бакъонаш мел талхийна хоуьйтуш. Нохчийчоь 48-зза хаьхийна документо, ткъа Кадыров Рамзан – 14-зза (Путинал а дукха, иза уьссазза бен вац хьахош). Иттаннаш билггал къастаделла, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш талхош хиларх ден тоьшаллаш ду хьахийна, Нохчийчохь Iедалхоша, ламасте долу сте-боьршалла талхор бухе а дуьллуш, нах хIаллакбарх, Iедалан къайлахчу набахтешкахь Iазап латторах долу факташ а гойтуш.
Документ хIоттийначара дагадоуьйту Нохчийчоьнал, Оьрсийчоьнал арахьа дина зуламаш, нах байъар, царна бехке кадыровхой лорийла а хоуьйтуш – 2020-чу шеран Дечкен баттахь Францехь Алиев Iимран а, Австрехь Мангал-баттахь Умаров Мамихан а вер.
Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх дехха лаьцна дуьйцу документо, даладо дуккха а зен хиллачу нахера, системина юкъарчу векалшкара а тIехь, тоьшаллаш. Зазадоккху-беттан1I5-чохь "Новая газето" зорбане даьккхира Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу полкехь лакхара сержант хиллачу Гезмахмаев Сулиманан тоьшалла. Полисхо лаьттинчо дийцира 2016-2017-чу шерашкахь дуккха нах лецна хиларх а, хIаллакбарх а лаьцна. Араяьллачу материало дарбира Нохчийчуьра Iедалхой. Юьхьанца Кадыров президентера Путин Владимирера гIо леха аравелира "Новая газетаца" баьллачу къовсамехь толархьама, амма гIуллакх ца хилира. Бакъдерг лаха Кадыров кхеле хьажийра президентан пресс-векала Песков Дмитрийс – ткъа оцо, Оьрсийчохь тахана лелачу хьелашца дуьстича, Кремль реза йоцийла хоуьйту шега дехар дарна. Юха Нохчийчоьнан куьйгалхо ша хIоьттира Гезмахмаевн цIе бехъян, иза "наркоман" а, нехан декхарш тIехьерчийна стаг а ву, бохуш. Иштта сийсазбаха болийра Нохчийчоьнна юьстах беха Гезмахмаевн герганаш а.
Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь хьал кхин а ирча дуйла а хууш, Кремлна Кадыровн режим мегаш хетачух тера ду.
Нохчийчохь кхел йоцуш нах бойъу, хьийзабо, цигахь къайлах латтош набахтеш ю бохучух цатешарш бовлуш хилахь а, дукха хан йоццуш Оьрсийчоьнца лелла конфликт йирзина еха и территори хилла яьлла нехан кхетамехь ша-тайпа, томейоцу меттиг. ТIемалой хIаллакбина олий, кест-кеста яржош ю информаци, амма кIезиг теша нах Нохчийчоь туризманна а, бизнесна а кхераме яц бохучух. Ткъа бакъду, низам коьрте а хIоттош, адамийн бакъонаш талхорах долу факташ теллина меттиг еъча, меттахIотта тарлора республикин имидж, аттачу дала тарлора цигарчу нехан дахар.
Амма кхочийла дац таханлерчу Нохчийчу и тайпа хийцамаш. Долу хьал, гарехь, мегаш ду Москвана. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь хьал кхин а ирча дуйла а хууш, Кремлна Кадыровн режим мегаш хетачух тера ду. Нохчийчохь адамийн бакъонаш массанхьачул а луьра кегъеш хилар алссам тидаме а оьцуш, Оьрсийчоьнан Iедало шуьйрра репрессийн болам баржийна хилар дуьненан юкъаралло а доккху шен тидамера, цкъа а даржехь хийцалуш воцу куьйгалхо Путин Владимир пачхьалкханна магаш а веш. Иштачу хьолехь арахьарчу а, чоьхьарчу а тергамхочунна шаьш нохчий а хета кхераме. Хьолан жамI ду шерашкахь Нохчийчохь ца хеддаш адамийн бакъонаш хьоьшуш латтар а, бакъоларъярхоша, журналисташа и хьал дилллина далхор а – амма хийцалуш хIума дац цигахь.
Федералан центр тIаьххаьрчу ткъа шера чохь цахеддаш лахъеш хьийза Оьрсийчоьнан регионийн Iедалшкара бакъонаш, амма дац иза Нохчийчуьрчу Iедалх хьакхалуш. ТIом а терроризм а лаьттачул атта ду лан Кадыровс ден "кегий зуламаш", бохуш, Iийна Оьрсийчуьра эксперташ еххачу хенахь. Делахь а Нохчийчохь тIом дIабаьлла хилча, стенна лела нохчашна дуьхьал Iазап республикехь, цул арахьа, стенна бойъу уьш, стенна до таIзарш? Иштта де латтош хилча, олийла дац тIом чекхбаьлла, я ала деза, Оьрсийчоьнна Кадыровн Нохчийчоь оьшу чоьхьарчу а, арахьарчу а бахархошна "бIоба яийтархьама".