ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Никх" цIарца проект йолийна Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарх хаамаш гулбан


Нохчийчуьра ницкъахой
Нохчийчуьра ницкъахой

Нохчийчуьрчу хиламех лаьцна шайга бакъ болу хаамаш кхачон "Никх" ("Улей") проект юкъаяьккхина нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-канало. Шаьш лоцуш меттиг нислахь, къайлахчу парольца хаам бийр бу цара. Проект йолийначу масех дийнахь бIе гергга Нохчийчохь а, цул арахьа а веха нохчо зIене ваьлла цаьрца.

ХIора телеграм-каналца зIене ваьллачо дIахоуьйту, муьлхачу эвлашкара хаамаш кхачон шен ницкъ кхочур бу.

Масала, нагахь санна, махкара цхьаъ лачкъийна вигинехь, бюджетан белхахошкара бертаза Кадыровн Ахьмадан Фонде ахчанаш сецош меттигаш нислахь, каналан администраторша шайца зIене буьйлучаьрга дехар до, юьйцучу кIоштахь хилларг бух болуш ду-дац таллар.

Цхьаболу жигархой Нохчийохь а, йа Оьрсийчохь а бехаш бацахь а, церан аьтто бу Нохчийчуьрчу шайн гергарчаьргахула, йа доттагIашкахула хаа.

"Цо муха болх бийр бу? Соьлжа-ГIаларчу "Никх" машано информаци кхачийра тхоьга, гIалин цхьахйолчу кIоштахь виъ стаг лачкъийна вигина аьлла. Оха схьадоьллу тхайн "Никх" цIе йолу тептар, цIерашлахь лоху оцу гIалахь йа кIоштахь веха тхайн информатор, цул тIаьхьа хаам таллар цунна тIе дуьллу. Тхайга кхаьчна йоллу информаци талла а толлий, цул тIаьхьа кийча контент арахоьцу оха", - дуьйцу шайн балхах IАДАТ телеграм-канало.

Кавказ.Реалиига каналан администраторша дийцарехь, денна тIекхеташ бу царна информаторш. Къаьсттина дукха нах зIене буьйлу цаьрца Соьлжа-ГIалара. Бу царлахь бюджетан структурашкахь белхаш бийраш а, доллу хьал чуьра дуьйнна девзарш а.

"Проектан гIоьнца хIинцале а тхуна хиина масийтта стаг республикехь лачкъийна вигина хиларх. Цкъачунна "Никх" проект тестан рожехь бен йолаелла йоццушехь, кхачам боллуш болх бан тхуна кхин а хан оьшушшехь, хIинцале а тхоьга кхачийна и хаамаш", - билгалдоккху къамел динчо.

Телеграм-каналан Iалашо ю, Нохчийчохь а, пачхьалкхан а, дуьненан а кхечу регионашкахь а бехачу масех эзар нахах информаторийн база вовшахтоха.

"ХIинцца бен ца болийна оха тхешан болх, тхан система кхачамалла йолуш хила гена ду. Дуккха а хан а, ницкъ а оьшу, эвсара болх бан, амма и тхан проект уггар а тхуна коьртачех ю", - аьлла каналан векало.

Стохка Охан-баттахь кхоьллинчу IАДАТ телеграм-канало ша "Кадыровн диктатурина дуьхьал йолийна халкъан болам" лору.
Карарчу хенахь IАДАТ канале язвелла ву 16 эзар стаг, дийнахь 250 эзар стага йоьшу цара зорбане йоккху материал, дуккхаъчара пайда а оьцу царех, - аьлла ду йиллинчу статистикехь яздина.

2020-чу шарахь Оьрсийчоьнан Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллира телеграм-каналан чатан модератор лаьттина Тепсуркаев Салман вайначул тIаьхьа. Дахначу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъйира иза, чоьхьарчу гIуллакхийн белхахой ду шаьш аьллачу наха.

ТIаьхьо цуьнан гергарчийн аьтто белира Салманан телефонца тIаьхьакхиа иза латточу меттигна. Геолокацино билгалдаьккхира, Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкехь иза латтош хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG