ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бельгино Оьрсийчоьне дIавала хьийзош ву Албаков Ислам


Албаков Ислам
Албаков Ислам

Оьрсийчоьне дIавала тарло Бельгехь лаьцна латтон 37 шо долу нохчийн мухIажар Албаков Ислам. Оьрсийчоьнан версица, террорхойн организацехь дакъа лаьцна ву Албаков, иза дIавоьху Интерполехула.

МухIажаран гергарчара а, нохчийн диаспоран векалша а чIагIдо, Албаковна тIаьхьабовлар а, цунна депорт яр а низамашкахь дац, цуьнгара дийцаме хIума даьлла дац, нагахь санна, иза дIалахь, цунна ницкъ бийр бу бохуш.

Кавказ.Реалиин корреспонденте лаьцначун вашас Iимрана дийцарехь, церан доьзало - кхаа вашас а, шина йишас а, дас-нанас а ГIалгIайчуьра Аршты эвла дIатесира 2005-чу шарахь, даим а полисхоша дIахьочу рейдашкахь нах лечкъош хиларца доьзна. Иштта, лачкъйина вигинера церан да а, волккхахволу ваша а.

Польшехь тховкIело йийхира доьзало, цул тIаьхьа Францехь. Iимранна а, цуьнан вешина Исламна а елира мухIажиран статус, амма тIаьхьа дIаяккхира.

Оцу юкъанна Оьрсийчохь веха церан ваша Султан тIемало ву аьлла дIакхайкхйира. АлбаковгIарна тIаьхьабевллера Францехь а, амма билггал бехкаш ца дохкура. Кехаташ кечдарехь кхачамбацарш ду бохуш, махках баха кхерам лаьттара цаьргахь, билгалдоккху Албаков Iимрана.

2017-чу шарахь хиира вежаршна, терроран гIуллакхашна бехке а деш, Интерполехула шаьш лоьхуш дуйла.

2018-чу шарахь Бельгехь лецира, Францера шен доьзал ган веана Албаков, Оьрсийчоьно дIавоьхуш хиларца доьзна.

"2018-чу шеран Зазадокху-баттахь дIалецира тхо, кхо кIира даьлча со а, ваша а кхела хьалха хIоттийра. Цигахь аьтто хилира тхан, Оьрсийоьчно дохку бехкаш бух боцуш хиларх кхелахой тешон.
"Шемара тIемало" аьлла, харцо кхоьллинера суна тIехь, цIера дIасавалар дихкинашшехь Шема ведда вахана 2015-чу шарахь, бохуш. Лионерчу кхело бехказаваьккхира тхойша массо а пункташкахь. Iазап хьегна ваьлла аьлла хеттачу хенахь, сан ваша Ислам Бельге ваханера шен доьзал ган. Францино маьршаваьккхинчу шолгIачу дийнахь Бельгехь дIалецира иза", - дагалоьцу вашас Iимрана.

2018-чу шеран Охан-баттахь дуьйна лаьцна ву Албаков Ислам.
АлбаковгIарна Оьрсийчу экстрадици ца еш бинчу сацамна латкъам бина прокуратуро. Францина вежаршкара кхерам бу бохуш, чIагIдо бехк буьллучара. ГIуллакх Бельгин Лаккхачру кхелехь ду.

"Ичкерин синбахамаллин ассоциацин" векало Дунаева Розас Кавказ.Реалиин корреспонденте бинчу хаамца, шайн махкахошна экстрадици ярна дуьхьал митинге бовла кечлуш бу Брюсселехь.

Маршо Радионо яздира, Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанан кIоштарчу Шалажера схьавалла 32 шо долу Мамуев Нурмохьмад вайна, Германин Iедало депорт а йина, цIахьажийначул тIаьхьа аьлла. Оцу хьокъехь хаам баржийра адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо и статус тIе ца эцна шена – редакцин билгалдаккхар). Мамуев Берлинехь ваьхна шен зудчуьнца, деа бераца 9 шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG