ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн жигархо Оьрсийчоьне дIавалар дийцаредо Украинехь


ГIалгIайн жигархо, Сунжера вахархо Сайнароев Салман схьавоьхуш шайн Оьрсийчуьрчу коллегаша даийтинчу кехатан хьокъехь талламаш болийна Украинерчу инарла прокуроран офисо.

"Сайнароев Салманна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхархьама, цунна экстрадици ярх дехар динчу Оьрсийчоьнан инарла прокуратуран документаш луьстуш ду", - аьлла Украинан парламентан депутато Шараскин Андрейс.

Хьалхо миграцин хьукмате дехар динера Сайнароевс, шена мухIажиран статус йоьхуш.

Пачхьалкхал а арахьа герзашца лелачу тобанхойн могIарехь лелла ву бохуш, бехкаш дохку цунна Оьрсийчоьно.

2016-чу шарера схьа дуьйна Украинехь вехаш ву Сайнароев. Шейх Мансуран тобанехь цо тIемаш бина Оьрсийчоьнан сепаратисташна дуьхьал Донбассехь.

Украинан Iедалхоша Оьрсийчоьне дIавеллачу Тумгоев Тимурехьа юкъаралло йолийначу кампанехь жигаралла гайтина а ву Сайнароев.

2018-чу шеран Гезгамашин-баттахь Тумгоевна экстрадици йинчул тIаьхьа лецира Сайнароев деши духкучу туьканара хадархо вийна аьлла, гIаттийначу гIуллакхна тIехула. ТIаьхьо дIахийцира иза. Цуьнан адвокаташа чIагIдора, бух боцуш, цхьана Iалашонца долийнера и гIуллах, бохуш.

Лочкъийла лоьхучарна кхерамзалле меттиг бац Украина аьлла, дIахьедира 2019-чу шарахь Харьковн бакъоларъяран тобанан проектийн куьйгалхочо Захаров Бориса.

Къилбаседа Кавказера схьабевллачу бахархошна дуьхьал Украинан къайлахчу сервисаша бух боцу бехкзуламан гIуллакхаш доху аьлла, хьесапаш дойла ю бакъоларъярхойн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG