ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхелхина Устрадан экс-мэр Темирбаев. 1,5 шо даьккхина цо къайлахчу набахтехь


Темирбаев ИбрахIим а, Кадыров Рамзан а (Темирбаевн инстаграмерчу агIонера сурт)
Темирбаев ИбрахIим а, Кадыров Рамзан а (Темирбаевн инстаграмерчу агIонера сурт)

Мехкан Iедалхойн къинхетамха ваьлла хилла Устрада-гIалин хилла мэр Темирбаев ИбрахIим кхелхина. Темирбаевн уллорчу гонашкарчу Кавказ.Реалиин хьасташа хаам барехь, Шуьйтара Соьлжа-ГIала боьдучу новкъахь Iоттабеллачу бохамехь велла иза.
"Цуьнан машен бердах яхна. Кхеташ дац, иза оцу меттигехь муха нисвелла а", - аьлла дийцинчо.

Иштта цо тIетоьхна, экс-мэр кху шеран юьххьехь маьршаваьккхинера 1,5 шой Устрада-ГIаларчу колонехь къайлах латтийначул тIаьхьа аьлла.

15 шарахь Устрада-ГIалин коьртехь лаьттина Темирбаев цIеххьана дIаваьккхира даржера 2019-чу шеран аьхка. «Новая газето» яздарехь, дуккха хан яра Кадыровн «цуьнга безам боцу» - иза мехкан куьйгалхочун дарж караэца гIерташ хьийзачу 2006-чу шарахь Нохчийчоьхь президент лаьттачу Алханов Алун агIо лаьцна хиллера цо.

Темирбаевн валарх хаам бечу нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-канало яздо, "кхузахь стаг вийна ву, ткъа Iедалхоша дIакхайкхо тарло, некъан бохамехь велла аьлла".

«Керлачу газето» («Новая газета») Темирбаев ИбрахIиман цIе яьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шен го цIанбеш ву аьлла арахецначу материалехь. Лецна хиллачех цхьаболучара тIаьхьо харцдира шайх лаьцна дуьйцург, амма вацара царалахь Темирбаев.

2019-чу шеран ГIадужу-баттахь "СКФО Telegraph" телеграм-канало информаци яьржира, Кадыров Рамзанна дIовш дала бартбина хиллера аьлла. Билгалдоккхура, кIело кечъеш Алаудинов Апти а, Темирбаев ИбрахIим а, Хьалха-Мартанан префект Абдурешидов Валид а хиллера аьлла.

Оцу шерашкахь мехкан куьйгалхочун пресс-секретарь лаьттинчу Каримов Iалвис Кадыровна кIело кечъярх яьржина информаци "эладита" ду элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG