ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн хIусамнанойн бахамах лаьцна тIаьхьо жоп лур аьлла Кремло


Песков Дмитрий
Песков Дмитрий

Тахана, Охан-беттан 7-чохь "Проект" гIирсо Нохчийчоьнан куьйгалхочун зударийн доларчу бахамах лаьцна бинчу талламах маса жоп дала аьтто ца хилла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаран Песков Дмитрийн.

"Бакъдерг дийцича, суна ца евза и материал, цундела дала жоп дац сан. Ца хаьа суна, и хIун таллам бу а", - аьлла, жоп делла Песковс, журналисташа шега цунах лаьцна хаьттича, яздо ТАСС агенталло.

Жоп далале хьалха, бинчу талламах лаьцна хаа деза шена аьлла пресс-секретаро. ТIедогIучу еарин дийнахь, Охан-беттан 8-чохь, жоп лур ду аьлла, дIахьедина Песковс.

"Проект" гIирсан хаамашца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хIусамненан Кадырова Меднин а, "виртуалан зудчун" Мусаева Меднин а, иштта ю бохучу, шолгIачу хIусамненан, Нохчийчохь 2006-чу шарахь дIаяьхьначу хазаллин конкурсан декъашхо хиллачу Хазуева Фатимин а долахь 800 миллион соьмана бахам бу.

Хьалхо журналисташна гучуделира, пачхьалкхан даржашкахь болчу Кадыровн гергарчийн цIартIехь Москвахь уггар а езачу меттигашкахь хIусамаш хилар. Ткъа хIора шарахь чулучу декларацешкахь и бахам хьахийна а бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG