Интернетехь баржон аьшпаш бенцахетарца ма бита аьлла, кхайкхам бина Нохчийчоьнан къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада меттигерчу бахархошка.
"Бакъоларъяран организацеш ю шаьш бохучара а, провокаци лелочу хаамийн гIирсаша а Нохчийчоьнна тIеIаткъам беш хилар тахана билгалдоккху вай. Цара ден тIелетарш го вайна денна, церан коьрта Iалашо ю - Нохчийчохь хуьлучу массо а дикачу хийцамашна тIе шеконаш тийсар", - билгалдаьккхина министро.
Чохь интернет йолучарна а, социалан машанашка язбеллачарна а тIедожийна Дудаевс, питане дизинформацина дуьхьало латтае аьлла.
"ХIора Нохчийчоьнан вахархочун шен позици хила еза, шена хетарг дIа а олуш. Нагахь санна, цхьаъ бух боцуш критика еш, эладитанаш даржош велахь, бакъволу патриот бен доцуш Iен ца веза", - аьлла министро Дудаев Ахьмада.
Оцу юкъанна, шена хетарг, шен бакъ йолу позици социалан машанашкахь дIахаийтинарш нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телехьожийлан эфирашкахь юьхьIаьржа хIиттийна, лецна, байъина, тIелетарш дина, махках баьхна дуккха а меттигаш бу. Абдурахманов Тумсо, Венера Анзор, Тепсуркаев Салман, ишта кхин дIа а.
Карладоккху, стохка Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллира "экстремизман а, малхбузен мехаллийн а идеологашца" къийсам эвсарабаккха безар бу аьлла. Оцу балхана тIехь терго латтор зорбан министрна Дудаев Ахьмадна кхачийра.
Ткъа 2019-чу шеран гурахь "Грозный" телеканалан эфирехь Кадыровс емалбира, цунна хетарехь, интернетехь "сий дойъурш". "Адамашна юкъара барт эгIош, эладитанаш дуьйцуш, нахана юкъа цимаш туьйсурш. Нагахь санна, и нах вай совца ца бой, байъина а, чубоьхкина а, кхерийна а, вайчух гIуллакх хир дац", - аьлла, дIакхайкхийра Кадыровс.
Оцу тIехула "Мемориало" а, Москварчу Хельсинкан тобано а дехар динера Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре, Кадыровс динчу къамелан чулацам талла аьлла.