ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Эхь хийтира". Дешарх хIоттийначу рейтингехь стенна ю Кавказ тIаьхьа?


Уггар а гIад дайна хьал ду дешарца Оьрсийчоьнан регионашлахь Къилбаседа Кавказехь. Оцу кепара хьесап дина Рособрнадзоран а, дешаран дикаллин мах хадочу Федералан институто а юкъахь бинчу талламашкахь. Стен новкъарло йо регионерчу тIекхуьучу тIаьхьенна кхачам боллуш деша? Цунах лаьцна яздина Кавказ.Реаллин материалехь.

ГIалгIайчоь а, Дагестан а, Кхарачой-Чергазийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а дIатаръелла тIаьххьарчу пхеа могIаршкахь.
ХIоттийначу тептарехь хьалха ю Санкт-Петербург, Москва, Ленинградан а, Калининградан а, Ярославан а кIошташ.
Коронавирусан ун даржале, 2019-чу шарахь дешархоша дIаеллачу экзаменийн жамIашца теллина ца Iаш, дешаран хьукматийн жоьпалла тIехь долчу пачхьалкхан бахархоша бечу балхаца а цхьана зийра.

"Школийн урхаллехь муха пайдаоьцу цара кхузаманахь юкъадаьккхинчу керлачех. Компьютерех а, лабараторешкарчу гIирсех а муха пайдаоьцу школашкахь, маса бер деша доьду колледжашка а, лакхарчу доьшийлашка а, иштта кхин дерг а", - дийцира "Российская газете" Рособрнадзоран куьйгалхочо Музаев Анзор.

Гайтамаллин дуьхьа дустур ду тIаьхьайисинчу ГIалгIайчуьра а, хьалха йолчу Санкт-Петербургера а хьелаш.

Дешархошна хьехаран жамIаш: 6,9 баллана дуьхьал 93,6

Лабараторин гIирсаш лелор: 88,6 баллана дуьхьал 11,9

Компьютерш лелор: 94,8 баллана дуьхьал 7,6

Шайн регионашкарчу лакхарчу доьшийлашка хIиттар: 94, 3 баллана дуьхьал 43,7

Дешаран мах хадор объективе хилар: 73,5 баллана дуьхьал 73,5

"Правовая инициатива" проектан белхахочо, ГIалгIайчуьрчу бакъоларъярхочо Саутиева Заринас дагалоьцу, ша школехь доьшуш йолчу заманчохь интернетца проблемаш хилара, библиотекехь оьшу книгаш ца тоьара, бохуш.

Хаааршкахьа боьдучу некъа тIехь хуьлучу дуьхьалонашлахь яра, дуьйцу цо, хьехархойн а, дешархойн а энтузиазм кхачаме цахилар.

"Бераш дукха дика кхеташ хуьлу, школехь церан хиллачу кхиамех йоьзна йоций шайн кхане

"Дешархойн мотиваци халла кхуьура. Цкъа делахь, мел дика цара дешахь а, оцу кхиамашна совгIаташ ца дора. Масала, со тIех дика доьшуш хиллашехь, регионерчу дешаран министралло цкъа аьтто ца бира сан пачхьалкхан бюджетах конференцехь йа олимпиадехь дакъалаца. ШолгIа аьлча, бераш дукха дика кхеташ хуьлу, школехь церан хиллачу кхиамех йоьзна йоций шайн кхане. Мел дика цара дешнехь а, университете йа институте деша вахар доьзалан тароне хьаьжжина хуьлу", - боху Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Саутиевас.

Цуьнца доьзна бакъоларъярхочо хьахийра, ГIалгIайчохь белхазаллин процент лакхара хилар. ХIоразза а республика белхазаллех хIитточу рейтингашкахь тIаьххьара хуьлуш ю.
Масална аьлча, яхначу гурахь официалехь балхахь боцчу нехан процент 30-ннал совъиккхинера.

ГIалгIайчоьнца цхьана цIоганехь дIатаръеллера Нохчийчоь а, Дагестан а, ГIебарта-Балкхаройчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а.

"Iаламат эхье ду Дагестанна оццул лахарчу тIегIанехь нисъялар, хIунда аьлча, шен цхьа бIе, ах бIе шерашкахь иза даим а Iилманан а, дешаран а юккъехь лаьттина хиларна, - дуьйцу дешаран рейтингах лаьцна юкъараллан-политикан гIуллакххочо Курбанов Руслана. - Дагестан оцу хьоле ялош, хьаькамаша дикка къахьегна. 30 шарахь лелочу тоталан коррупцица а, къоланаш дарца а, берийн юучунна тIера налха пальман даьттанца хийцарна тIе кхаччалц".

Ала дашна, Чиллан-баттахь Дагестанерчу Каспийскан школан директор Агаев Джафар лецира къола деччохь. Цуьнан машенан багажника чохь полисхошна карийнера кеп-кепарчу сурсатех а, жижигах а, муттах а дуьзна тIоьрмигаш. Школера шозлагIа хьош ду ша, боху, тIоьрмигаш директора дIаязйинчу видео тIехь.

"Iай пенийн херошна юккъехула мох чухьоькху, берашна тIе эга тIуьначу тховх хьахарш

"Кхин тIе а, Дагестанехь цхьа проблема ю, бюджетан дискриминаци эр ду-кх вай, - кхин дIа дуьйцу Курбановс. - И бохург хIун ду, цхьана цIийнах болу нах Iедалехь болчу заманачохь, шайн кIоштаршкарчу школашна а, социалан инфраструктурана а цара ахчанаш латтадора. Юха кхечу тайпанах берш баьхкича, цара шайчарна ахчанаш хьийсадора. Оцу бахьанашца, дуккхаъчу кIошташкахь хIинца а льатташ ю 1920-чу а, 1930-чу а шерашкахь а йина хилла школаш.

Iай пенийн херошна юккъехула мох чухьоькху, берашна тIе эга тIуьначу тховх хьахарш. Божалахь санна хьелаш ду цигахь.

Уггар а дийца даьккхинчех дара, Яраг-Казмаляр эвлахь хилларг. Цигара ву Дагестанан цхьа гоьваьлла Iеламча. Доьхна хьал ма ду, ЯрагIин Мохьмадан юьртахь а керла школа Iедалхоша еш цахилар".

"Матарш тийсина, дахкаделла лаьттара аннаш, чу ладар оьху тхевнаш, йоьхна партанаш

Уггар а оьшучу гIирсех школаш юзар Рособрнадзоран рейтинехь хьехош дац. Амма, кхечу хьасташкара гуш ма-хиллара, кхузахь тергал йо цхьа параллель: школашкахь уггар а ледара хьелаш хиларца догIуш ду - дешаран дикалла эвсара цахилар.

"Важные истории" медиан талламашца а догIуш, 2019-чу шарахь Дагестанехь нийсса ах сов школашкахь канализаци а ур-атталла яцара, 32 процент гергга доьшийлаш тоян езаш яра, яцара цигахь йа йовхо а, я хи а.

ГIалгIайчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалмакхойчохь а шелонехь, чу далийна хи а доцуш йолчу 40, 44, 48 процент школашкахь доьшура бераша.

Къилбаседа ХIирийчохь ах сов доьшийлаш ю тоянза, ширачу хьелашкахь.

"Терахьашца дуста йиш яц дукхахдолу школашкара кхачамбацарш. Матарш тийсина, дахкаделла лаьттара аннаш, чу ладар оьху тхевнаш, йоьхна партанаш хьехош а яц статистийн кепашкахь", - аьлла, яздина публикацехь.

Ерзаза юьсуш ю Къилбаседа Кавказехь, меттигаш цатоарна, бераша кхааа рожехь дешаран проблема а.

Диъ шо хьалха дIакхайкхийра Iедалхоша 136 школа ян Iалашо ю шайн аьлла. ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а, Дагестанехь а йийр йолуш яра царех дукхахъерш. ХIетте а, масала, Нохчийчохь, кхаа рожехь доьшучу берийн терахьаш кхуьуш ду.

Дешаран дикаллех Зазадокху-баттахь зорбане яьккхина Рособрнадзоран рапорт - оцу тайпана хьалхара рейтинг ю.
Шарахь шозза оцу кепара талламаш бан дагахь бу Iедалхой, ткъа цара гайтинчу жамIашца - рейтинган тIаьххьарчу могIаршкара довла некъаш лоьхур ду.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG