ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францера цIахьажийна Гадаев лоьхуш бу бакъонашларъярхой. Иза шайца дIавигна кадыровхоша  


Гадаев Мохьмад
Гадаев Мохьмад

Францера депортаци йинчул тIаьхьа Нохчийчу дIавигна Гадаев Мохьмад карахь ву нохчийн ницкъаллин структурийн белхахойн. Иза харцонах ларван гIерташ ю адамийн бакъонаш ларъйон "Мемориал" центр а Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе яьккхина "Мемориал", амма "Мемориало" тIе ца иза - ред.), "Iазап латторна дуьхьал Комитет" а.

Оцунах лаьцна дийцина Кавказ.Реалиин корреспонденте "Iазап латторна дуьхьал Комитетан" куьйгалхочун гIоьнчо Хабибрахманов Олега. Цо дийцарехь, бакъонашларъярхошкахь бакъ хаамаш бац иза билггал полицин муьлхачу декъехь латтош ву а, цунна хIун бехкаш дехкина а бохучух лаьцна.

Гадаев лоьхуш вацара, цхьа а бехктакхаман гIуллакхаш а дацара цунна дуьхьал долийна

Хьалхо "Мемориалан" Кхеташонан декъашхочо Орлов Олега хаам бинера, Оханан-беттан 10-хь Гадаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна хиларх лаьцна, низамца догIуш доцу герга лелорна аьлла. Талламан органаша чIагIдора, шайна цо дIалачкъийна герз долу меттиг карийна бохуш.

Оршотан дийнахь Кералчу Уренгойхь, меттигерчу полицино гIо а деш, лаьцна волу Гадаев дIавеллера нохчийн полисхошка, ткъа цара иза дIавигнера Соьлжа-ГIала.

"Гадаев лоьхуш вацара, цхьа а бехктакхаман гIуллакхаш а дацара цунна дуьхьал долийна. Цуьнга бехк кховдо иштта атта дац. Нохчийчуьра полицино кхолла а мега цу хьокъехь цхьа керла хIума иза дIалаца. Иза хьийзош ву, цо хьул а ца деш, Нохчийчохь адамашна тIехь Iазап латтош хиларх а, йина кхел а йоцуш, адамаш дайарх а, лечкъорах а, ткъа иштта адамаш тIепаза дарах а лаьцна дийцарна", - билгалдаьккхира Хабибрахмановс.

Гадаев теш ву Умарпашаев Исламан гIуллакхехула. Умарпашаевна тIехь Iазап латтор толлуш яра талламан комитет, ткъа эшам хиллачу цунна тIехьоьттина гIо деш яра "Iазап латторна дуьхьал Комитет".

"Масех шо хьалха Гадаевс къайлаха набахтеш хиларх а, цигахь тутмакхашна тIехь Iазап латтош хиларх а альцна официалан кепара тоьшаллаш динера Умарпашаевн гIуллакх толлуш. Оццу ОМОН-ан оццу подвала чохь латтийна вара иза. Таллам боьдуш а болуш, Европе дIа а вахна, Умарпашаевс тхо кIел ца дитинехьа, шанс яра и гIуллакх кхеле кхачо. Гадаевн полице гIо деха дийзира, ша волу хIусам кадыровхоша гоне лаьцначул тIаьхьа.

Гадаевн полице гIо деха дийзира, ша волу хIусам кадыровхоша гоне лаьцначул тIаьхьа.

Талламхо Соболь Игорь баккъалла Iалашо йолуш вара и гIуллакх талла. Цхьана болх беш дара тхо, наггахь бен хуьлуш доцу. Эшам хилларг дIавахначул тIаьхьа тешам байра оцу гIуллакхехь кхиам хир бу бохучух", - элира Хабибрахмановс.

Цо дийцарехь, францхойн бакъонашларъярхой къастош бу Гадаев Францера араваккхар мел низамца догIуш ду бохург.

  • Гадаев араваьккхира Францера Оханан-беттан 9-хь. Цул хьалха иза латтош вара депортацин набахтехь.
  • Москва схьакъаьчначул тIаьхьа адвокаташна а, юкъараллин жигархошна а масийтта сахьт ийшира, Шереметьевохь нохчо дIахецийта. Цигахь иза лаьцна латтош бара ФСБ-н белхахой.
  • Оханан-беттан 10-хь Гадаевс ша ларвахьара аьлла дехар дира Керлачу Уренгойрчу полисхошка. Оцу гIала иза кхаьчнера, шен ваша волчехь саца дагахь.
  • Гадаевн полице гIо деха дийзира, ша волу хIусам кадыровхоша гоне лаьцначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG