ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаа бетта чохь Оьрсийчоьнан бахархойн хьал эшна 3,6 процентана


2021-чу шеран хьалхарчу кварталехь, дIадахначу шарца дуьстича, Оьрсийчуьрчу бахархошна тIекхуьу хьал эшна 3,6%. Оцу хьокъехь Росстато хаам бина еарийн дийнахь. Терахьаш довзуьйту РБК агенталло.

Нахехь коммуналан а, кхидолчу а хьелех а мах дIабелча дуьсу ахча лахдо инфляцино. Росстато билгалдоккху коронавирусан эпидеми бахьанехь юкъадаьхна дехкарш стохкалерчу хьалхарчу кхаа баттах хьакхаделла цахилар, амма шолгIачу кварталехь уьш юкъадахар бахьана долуш, цIеххьана лахделла экономикан болар. Таханенна дуккха а кIезиг ду и дехкарш – цундела карарчу кварталехь дуьйна экономикан болар чехкадер ду аьлла хетало.

Бахархошна тIехуьлу хьал 3% эшна стохка, боху Росстато, ткъа хьалхо и терахь ду бохура 3,5%.

Оьрсийчоьнна аьттоне нисделла хиллачу 2013-чу шарца дуьстича, хьал эшна 10 процентал сов.

Юхьанца бахархойн хьолах йолу информаци Охан-беттан 20-чохь йовзийта дагахь яра Росстат, амма тIехьатеттира. Охан-беттан 21-чохь Федералан кхеташонна хьалха пачхьалкхан стратегех лаьцна къамел дира президента Путин Владимира. Официалехь цуьнца ца дузу Росстато, хIинца доьалгIачу квартале а даьлла, дужуш лаьттачу бахархойн хьолах йолу информаци хьалххе цайовзийтар.

Путина Охан-беттан 21-чохь ша динчу дIахьедарехь дош делира, "бахархойн хьал кхиор шеко а йоцуш меттахIоттор ду, хьал кхиор ду вай кхидIа а, амма цкъачунна иза хиланза ду", аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG