ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъан бакъо талхийначуьнга нах къинтIера бахийтина Нохчийчохь


Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин официалан сайте хIоттийна некъан бакъо йохийначарна инспекцино "профилактикан хьехамаш" бен видео.

Комментарехь хоуьйту полицина Хьалха-Мартанан кIоштахь, некъа тIера ши сиз а хадош, машен машенал хьалхайоккхуш гойту видео интернете хIоттийна хааялар.


"Машенлелорхо билгалваьккхинчул тIаьхьа, иза а, машен чохь хилла пассажираш а кхайкхина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Хьалха-Мартанарчу декъе, цигахь профилактикан къамел дина низам талхийначуьнца, цо ша кхин некъан бакъонаш йохор яц аьлла дош делла", – боху урхалло.

Дов ду деш низам талхийначунна.

"Шаьш стенна кхайкхина хаьий шуна? Хьалхо оха кегий нах лийцира, шу санна болу. ГIуда туьйхира царна, хаийтира, гайтира дерриг. ХIинца санна, къамел дира. Аш стенна хIиттабо шайн дай-наной, гергарнаш, дехой юьхьIаьржа? Йоьдуш лаьтташехь, машен йохахь, шайн дан хIума хир доцийла ца хаьа шуна? Иза сацалуш ма яц. Шайн дай-нанойн, йиша-вешин ойла ян а йой аш?" –хоьтту цхьана полисхочо.

Некаъан инспекцино дийцарехь, машен лело бакъо йолуш а ца хилла машен лелориг. Машен гIуда тухучу метте дIахIоттийна.

  • Бутт хьалха оццу Хьалха-Мартанахь нах шена къинтIера бахийтира ловзаргахь трактор мерседесна тIеетташ хьийзинчу вахархочуьнга.
  • Нохчийчохь кест-кеста нисло нахаца Iедалхоша, Iеламнаха, церан юьхь а йохуш, профилактикан къамелаш деш.
  • 2020 шера чохь Нохчийчуьрчу некъан инспекцино дуккхаза а машен дIаяьхна карантинан хьелаш талхийначу нахера. Уьш юха ца елла 10-20 эзар соьмаш охьа ца дехкича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG