ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ пачхьалкхан департамент: Оьрсийчохь репрессеш ловш бу цхьамогIа динан тобанийн декъашхой


Динан цхьамогIа тобанийн декъашхой Оьрсийчохь репрессеш ловш бу Iедалшкара: уьш дIалоьцу, бехктакхаман гIуллакх доладо до царна дуьхьал, Iазап хьоьгуьйту, ницкъ бо, бахамаш дIабоху. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан хIора шарахь кечдечу докладехь, яздо Радио Маьрша Европа/Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Ша аьлча, Оьрсийчоьнан Iедалша хьийзош бу декъашхой я Иегован тешаш а, "Хьизб-ут-Тахрир" а, "Таблиги ДжамаIат" а экстремистийн ю аьлла леринчу юкъараллийн агIончаш. Америакн пачхьалкхан департаментан ​докладехь далийна ду Делах тешачу нехан бакъонаш талхийна хиларан дуккха а тоьшаллаш.

Доклад тIетевжина "Мемориал" бакъонашларйон центран (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо тIе ца оьцу шена и статус – редакцин билгалдаккхар) хаамашна, цаьрца догIуш 228 стаг лаьрра 2020-чу шарахь политикан тутмакх, дин бахьанехь уьш хьийзорна. Амма хьийзош болчу нехан терахь масийттаза лакхара хила мегаш ду.

Американ арахьарчу гIуллакхашкахула йолчу департаментан докладехь иштта билгалдоккхуш ду, пачхьалкхо яккхийчу динан конфессешна, уггар хьалха РПЦ-на (Оьрсийчоьнан православин килсана), гIолинаш еш хилар. Цигахь дуьйцуш ду делах тешачу нехан бакъонаш талхош хиларх лаьцна Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь а, Украинин малхбалехь йолчу "ДНР", "ЛНР" территорешна тIехь а.

Иштта йоккха меттиг дIаелла докладехь дин бахьанехь нах хьийзорна Китайхь, ша аьлча, Iедалша бусалба бахархошкара маршо а, гражданийн бакъонаш а дIаяьхначу, Синьцзян-Уйгурийн автономин кIоштахь.

Кхаарин дийнахь Пачхьалкхан департаменто санкцеш юкъаехира Китайрчу Чэнду гIаларчу Iедалан гIуллакххочунна, иза "Фалуньгун" динан вовшахтохараллан агIончаш лецарна бехке а вина. И вовшахтохаралла дукха хан йоццуш, экстремистийн ю аьлла, йихкира Оьрсийчохь – цунах лаьцна а хьахийна ду докладехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG