ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЧувогIу, етта, юха кхаа бераца арайоккху". Муха ду "шолгIачу зударийн" а, церан берийн а дахар Таджикистанехь


Масех зуда ялор дихкина ду Таджикистанехь, низам дохийначунна таIзар до. Делахь а, шиъ я кхин а алсам зударий хилар даьржина ду цу махкахь, дуьйцу "Настоящее время" телеканало. Иштта кхоллабелла доьзалш сиха дIасабовла, ткъа зударийн а, берийн а доьзал дIасакъаьсташ догдохийла ца хуьлу "майрачуьнан" а, ден а бахамах дакъа шайна кхачаре. Меттигаш сих-сиха нисло, уьш, дан амал а доцуш, арахь буьсуш а.

Жимачу Мухьаммадан цхьа шо ах шо ду, амма дуьненчу валаран тоьшалла дац цуьнан. КIентан дена ца лаьа кIант шен цIартIехь хилийта. Мухьаммадан нанас Рабизоды Шабнама дийцарехь, иза "шолгIа зуда" ю. Вуьшта аьлча, цо а, цуьнан майрчо а там-мах бина бусалба низамехь, амма Iедалан органашкахь официалан кепара доьзал кхоллар тIечIагIдина дац.

Оцу стагах кхин а ши бер ду Шабнами. Цаьршина дуьненчу даларан тоьшаллехь дIаязйина нана бен яц. Дена ца лаьа документаш кечдайта, и бераш шен хилар тоьшалла деш долу. Оцу стеган кхин зуда а, 5 бер а ду, официалан кепара даьхна кехаташ а долуш.

"Беран документаш дац, ткъа цуьнан дас соьга боху, хьайн дена-нанна тIе дIаязде уьш", - дуьйцу Рабизода Шабнама.

Шен хир волу цIийнда 6 шо хьалха телефонехула вевзира Шабнамана. Оцу хенахь цунна хууш ца хиллера иза зудаялийна хилар. Карарчу хенахь дерриг а хийцаделла: "майра" араяккха гIерташ ву иза берашца цхьаьна.

Церан юкъаметтигаш цхьана а кехатца чIагIйина яц. Я цуьнан а, я берийн а цхьа а низамашца йогIуш бакъо яц оцу стагера рицкъ хиларе сатийса. Шабана дехар динчу я берийн омбудсменан а, я бакъонашларъярхойн а аьтто ца баьлла цунна гIо дан. Да реза ца хилира хIоьттинчу хьолах комментари ян.

"Даима а кхоьруш деха тхо, хIинцца неIарех чоьхьа ваьлла, суна етта а йиттина, со берашца хIусамера арайоккхур ю-кх цо, бохуш. Иза неIарх чоьхьа воллушехь бераш белхарца тIехьовду суна, цуьнга дехарш до, дада, ца оьшу тхуна яъахIума ян, амма мамина а ма етта, бохуш, - дуьйцу Шабнамис.

Дукха зударий хилар офицалан кепара дихкина а, доккха гIуда тохарца а, шина шаранна лаьцна белхаш байтарца а таIзар деш ду Таджикистанехь. Цундела шолагIа а, кхоалгIа а, цул тIаьхьа болу а зударий таджикистанхоша бала бо никах олу там-мах а бой, церан аьтто бац, официалан кепара кехаташ а даьхна, керла доьзал дIанисбан.

Билггал оцу кепара доьзалш махках мел бу хууш дац, статистика лелош цхьа а вац, иза къасто а дац атта. ЗАГС-ехь болх бечу Iедалан гIуллакххоша дийцарехь, "шолгIачу зударша" шаьш тIехь хIусамда воцу наной ду олу. Божарий хьехош бац цхьана а документехь. Регистраци ечу органашкахь и иза хоьттуш стаг а вац.

"ЗАГС-ан органехь берана кехат доккхуш, дех лаьцна хаам бацахь документаш кечдо, нанас яздинчу дIахийтарна тIехь йолчу информацица. Аьлча а, фамили ло ненан, ткъа ден цIе хуьлу нанас ша чуделлачу кехата тIе язйиннарг", - дуьйцу Таджикистанан коьртачу гIалин Душанбен Фирдавси кIоштан ЗАГС-ан декъан куьйгалхочо Шерзода Латофарас.

Ститистика хууш яцахь а, оцу тайпа "доьзал кхоллар" тахана сих-сиха хуьлуш ду, боху меттигерчу юристаша. Иза гойтуш бу лач хаамаш. Масала, 2017-чу шарахь махкахь 30 эзар сов берана дуьненчу даларан тоьшалла делла, цхьаъ бен верас (доладийриг) а воцуш.

Цул сов, шолгIа зудаялорах хаьа, дегара бер кхаба ахча даккхар доьхуш зударий кхеле бевлча а. Амма цу тайпа гIуллакх луьстуш суьдхой наггахь а бен тIе ца хIуьтту нанна, иза иштта хиларх тешо хала долун дела.

"Нагахь кхелан сацамца да мила ву къастийнехь, оцу берийн цхьатерра бакъаонаш ю хьалхарчу зудчух долчу берийн санна. Иза ду царна а догIу дегара рицкъ бохург. Да кхалхахь пенси догIу царна, уьш кхаба стаг ца хиларна, ткъа бахам боькъуш царна а догIу шайн дакъа", – боху юриста Бободжонова Матлубас.

Дуккха а зударий болу божарий цхьа а тIаьхьало а йоцуш аьтто болуш бу официалан кепара кехаташ доцу зуда шен хIусамнана яц аьлла дIатаса, билгалдоккху юристаша, цундела оцу кепара кхоьллина доьзалш дукха хан ялfле дIасакъаьсташ Iедал ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG