ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"И шиъ шаьшшиъ а дара иза лууш". Доьзалш юхавовшахтохарехь керла кхиамаш бахарх хаам бина Нохчийчоьнан Iедало


Шеларчу МитаевгIеран доьзалехь (цIераш хийцина ю) кху деношкахь самукъане ду. 16 шо дIасакъаьстина даьккхинчул тIаьхьа Луиза а, Казбек а юхавовшахкхетта шаьшшина бераш, ткъа хIинца берийн бераш а, кхиош цхьаьана даха.

Луиза а, Кабек а вовше девзаш дара, жима долуш дуьйна схьа. Цхьане школе а лелла и шиъ, тайп-тайпанчу классашкахь дешнехь а. Школа яьккхинчул тIаьхь доьзал кхоьллира цаьршимма. Иза дара 1998 шарахь Нохчийчохь хьлхара тIом дIабирзинчул тIаьхьа. Дерриг а тIамо хIаллакдина хала зама хиллехь а, Казбекан дас-нанас хаза ловзар хIоттийра.

Шаьшшина хIусам яцара хIинцца кхоллабеллачу доьзалан, цундела, дукхачу хьолехь иза хуьлуш ма хиллара, дийзира церан ден-ненан хIусамехь баха. Луизина чIогIа лаара шен кхерч хилийта. Ткъа тIаьхий-хьалхий ши доьзалхо (ши йоI) дуьненчу ваьлча, хIусамца доьзна хаттар коьрта хилира.

Хала хан яра. Мохк херцаршлахь Iуьллуш бара. Бан болх бацара, амма кIелла яра. Наггахь бен аьтто ца балара Казбека рицкъ даккха. Амма иза ца тоар къона доьзал а, пенсе баха хан йолу да-нана а кхаба.

И бахьана долуш Луиза йохка-эцар лело йолаелира. Жима ши йоI я шен ненаца, я марненаца йита дезаш хьал нислора сих-сиха. Кхеташ дара иза дукха дахлойла доций. Хала делахь а, Луизи аьтто белира жимма шай-кай вовшахтоьхна, Iедало шайн керла кхоллабеллачу доьзална деллачу лаьттан декъана тIехь хин долчу цIенна бух ботта, шайгара "кIант дIавоккха гIерташ ю нус", аьлла марнанас ойла хаийтина бохуш, эладита даьржина хиллехь а.

Оцу хенахь цакхетамаш буьйлабелира Луизиний а, Казбеканний а юкъахь. Цара эххарий а бохийра церан доьзал. Луиза шен ден цIа дIаяхара. Бераш дисира деца.

Казбека дуьхьало ца йора шен хилачу хIусамнанна уьш ган. Ши йоI сих-сиха йодара шаьшшинна ненаца буьйсаяккха. Хиллачу захалойн ши доьзал гIиллакхах цабоха гIерташ бехара.

Казбекан дас а, нанас а дерриг а дира Луиза цIа яло гIерташ. Изза лууш бара Казбекан доттагIий а, беза-бевзарш а. Амма цунах гIуллакх ца хилира. Луиза цIаян лууш яра, амма Казбека аьттехьа а ца дитара и гIуллакх. Ткъа хан дIайоьдуш яра.

Йоккхахайолу йоI маре яхара, цуьнан шен доьзалхо а дуьненчу велира. Дуккха а шерашкахь кхин зуда ца ялош лийлира Казбек, Луиза а лелара маре ца йоьдуш, ша цIакхайкхаре ладоьгIуш.

Оццу хенахь Нохчийчохь доьзалш дIасакъаьстарца йоьзна проблема шорйелла хиларна иза пачхьалкхан проблема лерира Iедало. 2017-чу шарахь леррина комисси кхоьллира республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан омрица. Оцу юкъахь Iедалхошца цхьаьна болх беш бу муфтиятан белхахой а. КIошташкахь кхоьллинчу комиссешна юкъахь бу яртийн имамаш а, къедаш а.

Иштта Казбек а, Луиза а берта дало юха а аравелира и шиъ дика девзаш волу ша а цу шиннал а баш дукха ханна воккха воцу меттигера имам Тасаев Аюб (цIе хийцина цуьнан дехарца). Эххаре а цуьнан аьтто белира дIасакъаьстина доьзал юхавовшахтоха.

- Ас динарг доккха хIума дара аьлла цахета суна. Суна хетарехь, тIаьхьарчу хенахь и шиъ шаьшшиъ а дара юхавовшахкхета лууш, - элира имама Тасаевс Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь. – Хан дукха сихаелла йоьдуш ю. Казбек а вац хIинца жима. Гарехь, иза ша а кхеттера юхавала хан тIекхаьчна хиларх. Суна хетарехь, и шиъ лууш дара дерриг а юхадоло. Ас церан аьтто бира цаьршинна гергарчарна а, база-бевзачарна а, юьртахошна а хьалха,сан дуьхьа цара иза динча санна сурт хIотто".

Мухха делахь, имам реза ву хилларг бахьана долуш. ДIасакъаьстина доьзал юха цхьаьнатохар Далла дезна хIума ду, боху цо.

- Нана берах дIатохар бусалба динехь ХьаьжцIа ваханча санна лоруш ду. Баккхийчара дийцра, ХьаьжцIа баьхкинчу нахе аьллера бохуш, оццул гена некъ ца бинехь а, Дела реза валур вара шоьга нана шен берех дIа а тоьхна", - дуьйцу имама.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, Iедалан а администрацин динан юкъараллашца зIе латточу департаментан куьйгалхочо Абдуллаев Аслана дийцарехь, доьзалш юхавовшахтохаран комиссино "дIаяьхьна 16 эзар сов цхьацца мероприятеш. И бахьана долуш аьтто баьлла юхавовшахтоха 2000 сов дIасакъаьстина беха доьзал".

"Нохчийчоь тахана" агенталла еллачу интервьюхь Абдуллаевс элира, шаьш беш болу болх даиман а ца боьрза оьшучу жIамIаца аьлла. Доьзалш дIасакъастаран коьрта бахьана "вовше ладогIа ца хаар, хIорранна а ша бакъхетар ду",бохуш вара иза.

Оцу юкъанна Нохчийчохь кIезиг нах бац Iедало кхоьллинчу комиссино лелориг дIоггара кхиаме хир ду а, оьшуш ду а аьлла ца хетарш. Устрада-гIалара ИсмаьIил доьзал боьхна веха 7 шо а ду. Цо билгалдоккху доьзал вуно экаме институт хилар. Хабаршца дIасакъаьстина доьзал берта балалур бу, кхайкхамаш барх хьал хийцалур ду бохучух баш тешаш вац ИсмаьIил.

- Цхьана а моллина, гергарчу стагана, Iедалхочунна, иза Кадыровс кхоьллинчу комиссин декъашхо велахь а, хуур дац зудий-майрий дIасакъастаран ма дарра долу бахьана. Юха догIур доцуш дIадахнарг юхадалалур дац цхьаьнге а", - боху ИсмаьIила.

Соьлж-ГIаларчу тоьллачу лицехь хьехархо хиллачу, карарчу хенахь Германехь ехачу Заретас дуьйцу, шен маре шина шаре гергга бен кхин дахцаделира, бохуш.

- ДIасакъаста бахьанаш дуккха а дара. Сайн хилла волу хIусамда суна вевза дуккха а хан яра. Цо зуда ялийча, сайн дахар чекхдаьлла аьлла хетара суна. Къайлаха сатийсара ас, цо шен хIусамнана дIа а яхийтина, со маре кхайкхаре. Иштта хила а хилира – дуккха а шераш даьлча. Амма сихха гучуделира тхойшиъ тарлур доций. Цхьана пайда боццучу хIуманна тIехь девнаш дийлара тхойшинна. Даиман а вовше Iиттарш йора. Иза дерриг а кIордийна сайн цIа яхара со. Юха йола бохуш нах юкъагIертар кIорда а дина, махках елира со. ХIуъа даларх ехар яц со оцу стагаца, кхузахь, хийрачу махкахь, сахьийзаш со ялаяллахь а,- дуьйцу Заретас.

Амма Нохчийчуьрчу муфтиятехь чIагIдо дIасакъаьстина беха доьзалш юхавовшахтохар шен лаамехь гIуллакх хилар а, цхьа а беш тIеIаткъам а боцуш иза хуьлуш хилар а.

Кадыровн векало Абдулаевс дийцарехь, доьзалш юхавовшахтохарца доьзна гIуллакх доладо, Iедалхошка я муфтияте хаам а бина, "цхьана агIоно шайн лаам гайтинчул тIаьхьа, доьзалехь иккхина дов дерзош накъосталла эшара шайна аьлла".

Делахь а Нохчийчуьра Iедалш а кхета берриг а дIасакъаьстина доьзалш юхавовшахтоха шайн аьтто хирг цахиларх. Иза гойтуш ю официалан статистика а. ДIадаханчу шеран 11 баттахь республикехь лахделла керла доьзалш кхоллар, ткъа цIеххьана алсамдаьлла дIасакъаьстинчу доьзалийн терахь. Иштта стохка Нохчийчохь официалан кепара дIасакъасстина 1 457 майрий-зудий. И терахь 20% алсам ду лурчах хиллачул а.

- Оцу хаттарехь болх сацор бац оха. Доьзалш мел кхоллало хир ду уьш дIасакъастар а, - боху Абдуллаевс.

…Луизех а, Казбеках а лаьцна аьлча, юхакхоллабелла доьзал бIаьсте яларе хьоьжуш беха, Луизас 16 шо хьалха байтинчу бух тIехь хIусам яран белхаш дIаболо.

Перевод статьи на русский язык можно прочитать здесь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG