ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь видеотергаман юкъара система ю кхуллуш


Оьрсийчоьнан Iедалан дийцаршкахь ду пачхьалкхерчу гIаланашкахь мел йолчу видеотергаман камерийн юкъара система кхоллар. Оцу хьокъехь хаам бо "Коммерсантъ" газето, шен хьасташна тIе а тевжаш.

"Халкъан видеотергаман платформа" 5 шера чохь кхуллуш дойъур ду 250 миллиард сом. "Ростехан" а, "Ростелекоман" а юкъара йолчу "Национальные технологии" ("Халкъан технологеш") компанин каралуш бу и болх.

Платформа кхуллуш хилар бакъдина конструкторийн "Безопасный город" ("Кхерамзалле гIала") цхьанакхетараллин инарла конструктора Якимюк Оксанас.

"Коммерсантна" информаци еллачара дийцарехь, "Халкъан видеотергаман платформин" Iалашо ю вон хиламаш схьалаха, масала, зуламаш деш лаьтта меттигаш, видео тергаман центре дIахьажор йолу "хьекъале камераш" хIитто. И тайпа камераш лелайо бизнесехь, амма церан мах 2-6-зза беза бу, боху хьасташа.

"Компьютерийн а, информацин технологийн а ассоциацин" директора Комлев Николайс билгалдаьккхина, видеотергаман камераш цхьаьнайозаро совбоккху цара кечъен информаци зуламхойн караяхарх болу кхерам, аьлла.

  • Оьрсийчоь кхоалгIачу меттехь ю дуьнентIехь хIиттийначу видекамерийн дукхаллица. 13,5 миллион гергга ю уьш пачхьалкхехь – 100 камера кхочу хIора I000 вахархочунна. Царех кхоалгIа дакъа хIоттийна Iедалан ахчанах. Еккъа цхьана Москвахь стохка камераш хIиттош дайъина I28 миллиард сом.
  • 2017-чу шарахь дуьйна Москвахь пайдаоьцу нехан яххьаш евзачу камерех, 2020-чу шарахь хIиттийна уьш метро чохь а. Кхушара оппозиционерехьа Навальный Алексейгахьа митингашка бахана нах полицино билгалбохура видеотергаман камерийн гIоьнца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG