ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь Оьрсийчоьнан вахархо лаьцна шпион хиларх йолчу шеконца


Германин федералан прокуратуро оршотдийнахь бинчу хаамца, цигарчу Карлсруэ гIалахь Оьрсийчоьнан вахархо лаьцна шпион хиларх йолчу шеконца.

Прокуратуро бахарехь, лаьцнарг ву Н. Ильнур (кхел хиллалц лаьцначу стагах лаьцна буьззина хаам бовзуьйтуш Iедал дац Германехь). Лаьцна иза пIераскана, изоляторе кхачийна шоьтадийнахь. Хьавсина цIийнах а, цо болх бечу меттигах а.

Германерчу цхьана университетан Iилманча ву лаьцнарг (муьлхачу – хаийтанза ду). Талламо бахарехь, 2020-чу шеран ГIадужу-баттера кхушеран Мангал-батте кхаччалц кхузза Оьрсийчоьнан кхечу шпионашка информаци дIалуш тергалвина иза. Информаци цо ша болх бечу университетехь ахчанаш оьцуш хилла.

Талламчийн-журналистийн Bellingcat тобан декъашхочунна Христо Грозевна хетарехь, Аугсбургерчу механикан-инженерийн университетера аспирант волчух тер аду вуьйцург. Амма официало тIе ца чIагIйина и информаци.

Хьалха, «шийла тIом» лаьттачу муьрехь санна жигара дIахьо Оьрсийчоьно Германин территори тIехь шпионашкахула талламаш, дIахьедира хьалхо Германин конституци Iалашъяран урхаллин куьйгалхочо Хальденванг Томаса Welt am Sonntag газетана ша интервью луш.

Оьрсийчоьно лечкъайо Германин арахьарчу потикаца йоьзна йолу а, тIеман а информаци, толлу Европан Барто герзаш кхиорах йолу а информаци, элира Хальденванга.

Оьрсийчоьно Германехь йинчу лерина операци яра Берлинехь 2019-чу шарахь нохчо Хангошвили Зеламха вер, бохура Томас Хальденванга. Оьрсийчоьно оцу агIор ден зуламаш, «цхьаъ вукхул оьшуш, ирча ду», билгалдаьккхира цо.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG