ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пал тасийта яхначу пенсхочуьнгара бехк баьккхина Нохчийчохь


"Грозный" телехьожийлан сюжетера скриншот
"Грозный" телехьожийлан сюжетера скриншот

"ХIумахуучу" нахана тIеяхна хилла аьлла, "Грозный" пачхьалкхан телехьожийлан камерашна хьалха хIоттийна меттигера ши яхархо. Цаьргара бехкаш дохуш, "профилактикан къамел" дина исламан медицинан Центран коьртачу говзанчас Эльжуркаев Адама.

Репортажехь чIагIдо, шен йоIана тIееана шолгIа зуда йохон дагахь 63 шо долу Невран-кIоштарчу Алпатовера Умиева Малика палтосучу зудчух кхетта хилла бохуш. Дохку бехкаш бакъ ца до Умиевас, шен нуц "акха ца валийта" хьийзара ша боху цо.

Сюжетехь гойту, зудчуьнгара телефон схьа а оьций, тиктокехь яьхна "бозбуанчалин" видеороликашка Эльжуркаев Адам хьожуш. Iеламчас чIагIдо, иза "рогIера тоьшалла" хиларх, Умиева Малика Iемаш хилла хиларх и говзалла караерзон, "кест-кеста бозбуанчаллин роликех пайда а оьцуш".

"Хьайн цаьрца бала бацахь, тиктокера хIара роликаш стенна схьаоьцуш ю ахь? Стенна ларйо ахь хIорш, хьо жима ма яц!? Стенна лелош ю ахь уьш? Кино а, спектакль а ма яц хIара, стенна хьоьжу хьо кхаьрга, Iама лууш ца хилча? Ахь хьайна а, хьайн нахана а зен ма до. Хьайн доьзал юьхьIаьжда хIиттабо ахь. Дийнахь а, буса а бохуш ма ду шуьга, хIара мегар дац", - тIевирзина Эльжуркаев зудчунна оцу дешнашца.

Холмачалла лелош хилла цо аьлла, меттигера яхархо Махмуева Шема лаьцнера Нохчийчохь полицино кху шеран Дечкен-баттахь. Цхьана хIусаман кетIа цо туьханан кана тосучу хенахь видео а яьккхина, лулахоша Iедале хаамбина хиллера цунах лаьцна.

"ХIумахуурш" Iорабахар дуккхаза а хьехийна Нохчийчуьрчу Iедало 2021-чу шеран Дечкен-баттахь а, Чиллан-баттахь а, дерриг а 2020-чу шарахь а.

Палтасархой лецар долийра масех шо хьалха. Лецнарш дукха хьолехь видеокамерашна хьалха къера хуьлу шаьшшимма харцо лелийна бохучунна. "Терроризмал а, наркоманел а кхераме" ду цара дийриг, олий гойту уьш дукха хьолехь.

Кавказ.Реалиица оцу темин хьокъехь къамелаш динчу бакъоларъярхошна гарехь, тоталитаран режиман башхаллех ду "хIумахуурш" Iорабахар.

Оцу юкъанна, билгалдаккха догIу, Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо латтош йолчу исламан медицинан Центрехь иштта жинаш лоьхкуш, халкъан дарбанаш леладо. Оцу Центран куьйгалхо ву Эльжуркаев Адам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG