ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дешархошна хьиджаб. Дешархойн тIехулара куц къуьйсу Дагестанехь


Дукха хан йоцццуш Дагестанехь балхара дIаваьккхира, коьртахь йовлакхаш доцу дешархой-зудабераш деша чу ца дитина школан директоран гIовс. Социологин талламо гайтина, дукхахболу махкара дешархой а, церан дай-наной а цивиалан духарехьа хилар.

Гезгмашин-бутт болалучу заманчохь социалан машанашкахь видео яржийра, Кайтагскан кIоштарчу Маджалис эвларчу школехь коьрта техкина йовлакхаш доцу дешархой урокашка ца буьтуш. Оцу суьртана резабоцчу дайша-наноша баганаш лейо директоран гIовсе.

Интернетехь яьржинчу видеоно йоккха гIовгIа гIаттийра. Адамиийн бакъонаш Iалашъян векал йинчу Москалькова Татьянас Дагестанан прокуроре дехар дира, оцу гIуллакхан таллам бе аьлла.

Меттигерчу дешаран министралло хаам бира Кавказ.Реалиина, Кайтагскан кIоштан Iедалхойн лаам бу, дешархошка школехь йовлакхаш леладайтар аьлла. Министраллин информацица, и шайн бехкам муниципалитетан йоллу школашкахь бан дагахь хиллера кIоштан куьйгалла. Оцу тIехула дукха аьрзнаш кхечира дайшкара-наношкара дешаран министралле.

Оцу юкъанна кIоштан Iедалхоша дешархошца хIоьттинчу хьолана бехкевина директоран гIовс волу Курбанкадиев Адамкади балхара дIаваьккхира. Журналисташка дIахьедира цо, тIеIаткъам а бина, дIа ца ваьлча ца витира ша аьлла. Цо бахарехь, коьртахь йовлакхаш дуй хьажа аьлла, директоро тIедиллинера цунна, амма бехке хIара а волуш дирзина.

"Тхан кIоштахь кху шарахь керла юкъаяьккхина ю и атрибут – йовлакх. Директоро элира соьга, йовлакхаш дуй хьовсур ду вай, ткъа ас сайна тIедиллинарг кхочушдина. ХIинца иза къар ца ло, ша аьлла дацара бохуш. Сох Iовдал ван гIерта", - чIагIдо Курбанкадиевс.

2012-чу шеран Дечкен-беттан 29-чохь арахецначу "Оьрсийчоьнан дешарх" низамца а догIуш, пачхьалкхан доьшийлашкахь дешархойн тIехулара куц билгалдоккхуш ду администрацино. Школан духар муха хила деза регионан Iедалхоша къастош ду. 2013-чу шарахь Оьрсийчоьнан дешаран министралло школахойн духар муха хила деза хоуьйтуш кепаш кечйира. Цу тIехь яздина ду "дешархойн тIехулара куц а, духар а юкъараллехь массара а тIеэцначу, гIуллакхан, цивиалан барамашца догIуш хила деза" аьлла.

"Берийн бакъонийн Конвенцица а, Оьрсийчоьнан Конституцица а, дешарх лаьттачу низамца а бIостане хила догIуш дац цхьа а школан директоран чоьхьара тIедахкарш

Нагахь санна, Маджалисерчу школан администрацино билггал йовлакхаш хилийта коьртахь аьлла, тIедожийнехь, и дехкар низамехь дац, боху Дагестанерчу юристо Магомедов Арсена. Цо бахарехь, дешархойн тIехуларчу куьцана тIехь терго латтон локалан акташ догIуш хила дезаш ду хIора регионан Iедалхоша тIебехкинчу барамашца.

Дагестанерчу тIедахкарийн кепашкахь йовлакх коьртахь хилар декхар дац, цундела школан бакъо яц дешархошка-зудаберашка йовлакхаш тахка баха.

Маджалисерчу школехь администрацино хьийзийначу берийн дайн-нанойн бакъо ю шайна компенсаци йоьхуш, кхеле бовла, билгалдоккху адвокато Третьяк Татьянас.

Дешархойн интересашкахь иск чуяла бакъо ю меттигерчу прокуратурин. Экспертна хетарехь, дешархойн бакъонаш талхийна школан куьйгалло, хIунда аьлча, динан билгалонца лелийна дискриминаци ю иза.

"Оьрсийчоь цивиалан пачхьалкх ю, цундела школашкахь нуьцкъаша хьиджаб йа йовлакх леладайтар - магийта йиш йоцург ду. Мелхо а, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело а, Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело а листира хьиджабаш техкинарш школашка цабитарх а, балхара дIабахарх а лаьтта проблема (оцу дехкарехь дискриминаци тергалйина ца хиллера).

Школан директоран цхьа а чуьра омранаш а, нормативан бакъонан акташ а бIостане хила йиш яц берийн бакъонийн Конвенцица а, Оьрсийчоьнан Конституцица а, дешарх лаьттачу низамца а. Вуьшта аьлча, Оьрсийчоьнан а, Евробертан а политика хьажийна ю, школан директоро динчунна дуьхьал къийсам латтон", - аьлла, кхетийна шен Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь адвокато.

Хьиджаб школашкахь лелор дехкарца доьзна масийттазза скандал иккхира Оьрсийчохь. Масала, 2012-чу шарахь Ставропол-махкарчу цхьахйолчу школехь ца магийра бусулбачу дешархошна хьиджабаш лелор. Оцу федералан тIегIане гIоьртинчу къовсамехь президент тIетайра школан духар юхадалорна. Цо билгалдаьккхира, Оьрсийчоь – цивилан пачхьалкх хиларна тIетовжа деза вай аьлла. "Массо а цхьатерра хилча гIоле ду",- аьлла, дIахьедира Путин Владимира.

Ставрополехь иккхинчу скандалехь мехкан урхалло сацамбира, дешархошна-зудаберашна хьиджабаш техкина бахкар доьхкуш, ткъа Лакхара кхел а тIетайра царна.

Школашкахь хьиджабаш лело еза аьлла, масех шо хьалха вистхилира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Мехкан парламенто хIетахь меттигерчу низамехь хийцамаш бира, дешархошна магош церан динца догIу духар, йа символика лело могуьйтуш.

Зудабераш коьртахь йовлакхаш доцуш доьшийле цадитар Дагестанна гергахь тайпаналлин хIума дац аьлла хьажам бу Дагестанерчу Iилманан Академин историн а, археологин а, этнографин а декъан куьйгалхочун Абдулагатов Заидан.

"Суна дага ца догIу, школан куьйгалло йовлакхаш тIеэгош, делахь а, цхьайолчу лаьмнийн эвлашкахь оцу тайпаниг хила тарло", - боху социолого.

"Йовлакх атрибут хилла ца Iа, иза динан дог-ойлин символ ю. И символ школе кхачон лаьа царна

Йовлакхаш а, хьиджабаш а муха тIеоьцу хьовсуш, ши шо хьалха бинчу социологин талламан жамIех дийцира цо.

"Луур дарий шуна, шайн школера дешархой хьиджабаш а техкина деша дахка?" аьлла, деллачу хаттарна исс процент ца кхоччуш дешархоша жоп деллера: "ХIан-хIа, хьиджабо а, йовлакхо а хIуммаъ а ца нисдо" аьлла. 19 проценто аьлла хилла: "ХIан-хIа, йовлакх коьртахь хилча тоаме ду". 20 процент гергга хаттамбинарш реза бара коьртахь хIума лелорна.

"Дукхахболу дешархой дуьхьал бу хьиджабашна. Хеттарш динчу хьехархошлахь доккхахдолчу декъо – 53 проценто- боху, школехь бераша хьиджаб лелон ца еза. Ала догIу, оцу позицехь бу къаьсттина дукха зударий-педагогаш. Хьиджаб лелаяйта реза бара 29% хьехархой. 42 процент педагогашна хетарехь, даим а Дагестанехь ма-хиллара, коьрта йовлакх тилличхьана тоьаш ду", - дийцина Абдулагатовс.

Социолого бахарехь, дешархойн дай-наношлахь кхаьсттина дукха бу школехь хьиджабаш лелорна дуьхьал берш.

"Масех шо хьалха муфтийн гIовсо кхайкхамбора, школашкахь зудабераша йовлакхаш тахка деза бохуш. Ишта цхьа пропаганда яр-кх. Йовлакх атрибут яц, иза динан дог-ойлийн символ ю. И символ школе кхачон лаьа царна", - боху Абдулагатовс.

Цунна хетарехь, дуккхаъчу нахана юкъахь къаьсташ хиларан кеп ю хьиджаб дукхахболчарна.

"Зударшна – оьздангаллин, цIена леларан символ ю иза. Суна хетарехь, замано юкъадалийна хIума ду иза. И мода юкъара ера ю аьлла, ойла ю сан", - дерзийна шен къамел социолого.

Дагестанерчу бахархойн дахарна юкъагIерта исламан дIахIоттам, массеран а Iер-дахаран кепашна тIеIаткъам а беш. Историн а, археологин а, этнографин а Институтерчу Шахбанова Мадинас а, Къилбан федералан университетан социологин Институтерчу Верещагина Аннас а бинчу талламо гойту оцу кепара жамIаш.

ГIалийн бахархошлахь бинчу талламехь ишта гайтина дагестанхойн юкъараллехь барт цахилар, муьлхачу пачхьалкхан дIахIоттамна уьш реза бу бохучуьнца, маьрша дин а лелош, цивилан пачхьалкхехь даха лаьра шайна аьлларш дукха хиллехь а.

Исламан пачхьалкхехь шариIатца баха луучу 20 шаре кхаччалц болчу бахархошлахь 36,8 процент бу, 41,9 % - 30 шарера 40 шаре кхаччалц. Баккхийчарлахь шариIатехь баха луурш кIезиг бу.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG