ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ таллам: Оьрсийчоь тIеман операци кечйеш хила мега Украинина дуьхьал


Ельнехь дIатарйина Оьрсийчоьнан тIеман техника. Спутникан сурт 1Лахь.2021
Ельнехь дIатарйина Оьрсийчоьнан тIеман техника. Спутникан сурт 1Лахь.2021

Американ талламан сервисаша дIахаийтина шайн НАТО-рчу бертахошка, Малхбузерчу пачхьалкхашна дукха кIезиг хан йисна хилар, Украинина дуьхьал Оьрсийчоьно тIеман акци йолор юхатоха, хаам бина пIераскана дийнахь New York Times газето.

Джо Байденан администрацерчу газетен хьастанаша дийцарехь, Кремло цкъачунна сацам банза бу, оьрсийн-украинахойн дозане тIеоьзначу эскарех пайда эцаран хьокъехь, амма церан терахьо а, герзийн хIоттамо а вуно сингаттам айина Оьрсийчоьнан куьйгалла дан гIертарг хьокхехь.

ПIераскан дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн штабийн хьаькамийн Цхьаьнатоьхначу комитетан куьйгалхочо инарла Милла Марка телефонехула къамел дина Украинин тIеман ницкъийн коьртачу буьйранчица инарлаца Залужный Валерийца, "сагатдайтар кхоьллина" Оьрсийчоьнан армин оцу регионера жигаралла йийцаре еш.

Газето яздарехь, Американ а, Британин а талламан сервисаш алсам теша юьйла елла Путин Владимир тIеман операци яран вариант кечйеш хиларх лаьцна я Украинин доккха дакъа дIалаца, я оцу пачхьалкхера хьал карзах а даьккхина цигахь Оьрсийчоьнехьа долу Iедал хIоттадан.

Царна хетарехь, Путин догдаьттIа ву минскерчу процессан жамIаш цахиларна. Европа оьрсийн газах йозуш хиларо догдохийла кхоьллина цуьнан европахой хIуьттур бац аьлла, хадам боллуш дуьхьал цхьаъ дан, Украинина дуьхьал хила мегачу Оьрсийчоьнан тIеман операцина.

New York Times газето бинчу хамца, Американ официалан Iедалан векалш хеташ бу, дан дезачуьнан план хIотто еза аьлла Европерчу бертахошца цхьана , жоп далархьамма Iалашонца Оьрсийчоьно тIом болабахь Украинина дуьхьал. Ладаме дакъа ду оцу планан санкцеш.

Малхбузерчу хьасташа дийцарехь, Воронежан кIоштахь Павловск гIалана гергахь дIагулдина ду Оьрсийчоьнан армин тIеман дакъош а, тIеман техника а, шайна юкъахь танкаш а, яккхийн тоьпаш а, "Искандер" ракеташ а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG