30 шо долу Муслим (цIе хийцина) Оьрсийчоьнан кхинболу бахархой саанна, вехаш вара, масех шо хьалха интеренетхь нохчийн хаамийн цхьана паблико террорхо а, гIаттамхо а ву аьлла, шена вевзачу цхьана кIантах лаьцна яздина галлалц. Муслимна хаьара, и кIант радикалан хьежамаш болуш воций, иштта йаздира цо оцу хаамна бухахь. И комментарий йазйинчул тIаьхьа кадыровхой тIаьхьабевлира цунна: Муслим цIийнах, доьзалх, балхах ваьлла, Iазапаш лайра цо, дийна висира иза. Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцира цо шех лаьцна.
"Тхо Кадыровн вешин кIентан цIарах даьхкина"
– Сан 30 шо ду, Оьрсийчоьнан къилберчу гIалахь болх беш, вехаш вара со – юьхьанца хадархочун болх бира ас, цул тIаьхьа пачхьалкхан хьукматехь могIарера белхахо санна. Дуккхаъчу Оьрсийчоьнан бахархойн Iер-дахарх къаьсташ дацара сайниг а, цхьана дийнахь ас комментарий йазъйаллалц, цо гуттаренна а хийцира со а, сан кхане а.
2017-чу шарахь ас дийшира, Нохчийчохь суна вевза цхьа кIант лаьцна терроризмана бехкевина аьлла. Сан гергара а вацара иза, амма суна тоъал дика вевзара иза, цуьнан хьежамаш а хаьара – бацара уьш радикале. Оцу хаамна бухахь ас комментарий йитира, и накъост суна вевза, цхьа а террорхо вац иза аьлла.
Цхьа бутт баьллачу заманчохь суна вевза и кIант вийнера тапча тоьхна полицин декъехь. МВД-н хаамехь йаздора, ницкъахошна дуьхьало йинера цо, цаьргара герз схьадаьккхина, веанна тоьхнера бохуш. Суна дагавогIу иза, чIогIа ницкъ болуш вара иза, амма радикал билггал вацара. Тахана, оццул хан йаьлча, со кхета, цара тIехь ницкъбина, оцу хьоле валийна хилла иза.
ЧIогIа Iаткъам бира суна оцу хиламо. Сайн социалан машанехь йаздира ас цунах лаьцна, хеттаршка а вуьйлуш, стенна нисделла иштта бохуш. Масех де даьлча суна бевзаш боцчу наха телефон туьйхира соьга, кхерамаш туьйсуш. Церан акцентаца кхийтира со, уьш нохчий буйла. Суна хетарехь, со а нохчий вуйла ца хаьара царна, хIунда аьлча, со даим Оьрсийчохь ваьхна ву, къамел деш акцент йан а йац. Цул совнах, сан аьтто баьллера, со Нохчийн республикан вахархо цахиларна, вуьшта соьга телефонаш йеттар йацара, оцу сохьта лоцур вара, йижарий, гергарнаш, шайн аьтто мел берг дIа а вуьгуш.
Сан аьтто баьллера, со Нохчийн республикан вахархо цахиларна, вуьшта соьга телефонаш йеттар йацара, оцу сохьта лоцур вара, йижарий, гергарнаш, шайн аьтто мел берг дIавуьйгур вара
Цхьа хан йаьллачу заманчохь, 2017-гIа шо дара и, сайн цIахь вара со. ЦIеххьана сан петарчу лелха экономикан кхерамзаллин Урхаллера нах, со лоцу цара, цхьанна кхаъ белла аьлла, бехкевина. Пачхьалкхан хьукматан могIарера белхахо вара со, цхьа а бакъо йолуш вацара со кхаъ бала, сан карахь хIуммаъ а дацара. ГIазкхаша олуш ма-хиллара, "был бы человек, а статья найдется". Куьйгех гIоьмаш тоьхна УБЭП-н декъе дIавигира со, цигахь Зуламан кодексан кхаа къепеца бехкаш кховдийра соьга: "Хьайна бIегIийла хеттарг къастаде" аьлла, зуда хьийзийна аьлла бехк а бара царлахь. Зуда хьийзийна бохург аьттехьа а ца лиира суна тIелаца, ас къастийра 293-гIа артикл (кхаъ балар). Со кхеташ вара, оцу тIехула арахь йаккха хан тоьхна а, со дIахеца тарло аьлла.
ГIуллакх катоьхна вовшахтуьхйира: суна арахь такха хан кхайкхийра, шина шарна шаьш билгалдаьхначу даржашкахь белхаш бар дихкира, миллион сом гIуда а хьарчийра сох. Оцу тIехь ца дирзира сан гIуллакх.
Ши бутт баьллачу хенахь телефон туху соьга суна бевзаш боцчу наха. "Ассаламу Iалайкум. Хьоьца гIуллакх дара" боху. Со шеквелира, делахь а реза хилира со цаьрца цхьанакхета со вехачу кIоштахь, цигара массо а вевзара суна, иштта кхерам кIезиг бу аьлла хеттера суна.
Тхо Кадыровн вешин кIентан – Хьамзатан цIарах даьхкина
Масех стаг вогIу со волчу, соьга боху: "Тхо Кадыровн вешин кIентан – Хьамзатан цIарах даьхкина". Хьайн гIуллакх доцчу стенна гIерта хьо, хьайх хьакхалуш доцчунна комментареш а стенна йазйо хаьттира соьга. Суна вевзаш волчу кIантаца хилларг а карладаьккхира суна. ТIаккха машенчу хаа элира соьга, со дуьхьал хилира. ТIаккха боху: "ХIинцца хьан хIусамчу а дахна, хьан зудчуьнца а, берашца а къамел дийр ду оха". Эххар а машена хиира со. Камери чохь латтийра со шина дийнахь, тIаккха дIахийцира. Масех де даьлча юха а дIавигира со, тIаккха а аравалийтира.
Балхара дIаваьллачул тIаьхьа цхьа жимо бизнес йолийнера ас. Цхьахволчу клиенто Соьлжа-ГIалахь цхьанакхетийта аьллера соьга. ТIаьхьо юха а го суна и стаг, амма кхечу меттехь.
Ларма
2017-чу шеран марсхьокху-баттахь суьйранна сайн цIа вогIура со, "КРА" (Кадыров Рамзан Ахматович.-Редакцин билгалдаккхар.) номершца машенех бIаьргкхийтира сан. Вуьйхира со, хIусамнене телефон туьйхира ас, чохь хIуммаъ дуй аьлла. Дерриг дика дара, тIаккха мел а паргIатвелира со. Домофонна герга со ма-кхоччура, сан коьртах хIума туьйхира, циггахь суна йетта а буьйлабелира. ГIовгIанаш хезна лулахой арахьевдира, суна йеттачу наха кехат гайтира царна, шаьш полицира ду аьлла. Со машенчу а тоьхна, Соьлжа-ГIала дIавигира, со кхетарца, Старопромыслан кIоштара РОВД.
ШолгIачу дийнахь бертаза кабинетчу вигира со. ТIаьхьо цу чу веара масех белхахо, цара кхерамаш туьйсура суна, массара а тIе мохь хьоькхура. Цкъацкъа со кхета а ца кхетара, цара дуьйцучух оьрсийн маттахь жоьпаш лора ас. Конституцин 51-ра артикл оьцу элира ас (Цу тIехь йаздина ду, ша шена а, шен хIусамнанна, гергарчарна дуьхьал тоьшаллаш дан цхьа а декхаре вац.- Редакцин билгалдаккхар.), тIаккха боху соьга: "Хьуна йетта а ца ийши тхан, ахь айхьа бехк тIелеци".
ТIаккха кхийтира со доллучух, со церан карара вер воций а.
Царех цхьаммо "шайтIа" элира суна, ас нохчийн маттахь: "Дац" аьлла, жоп делира. Цецбевлла соьга хьоьвсира уьш, тIаккха хаьттира: "Хьо нохчо ву?"
Оцу мIаьргонехь со дохковелира, суо гучуваларна. Йиттира суна, со гIатта ца лучу хьоле а воккхуш
Оцу мIаьргонехь со дохковелира, суо гучуваларна. Йиттира суна, со гIатта ца лучу хьоле а воккхуш. Цул тIаьхьа лармичу хьажийра со, цигахь масех камера йара адамех дIаюьзна, 30-50 стаг хир вара. Еккъа тIулгийн цIенкъа а, пенаш а. Туалет йацара, юргIанаш дацара, хIуммаъ йацара. Тхуна юург-мерг ца лора. Цкъацкъа цхьаболчара шайн хьаткъа моьлура мацалла. Шийла а, меца а дара хьал. Юург арара чуйаийтархьама хадархочунна пхи эзар сом дала дезара. Оцу ларми чохь хилла, маьршабаьхначара тхох доглозуш бедарш а, юург а кхоьхьура тхуна. Еккъа цIенкъахь дуьйшура тхо, вовшашна тIех-тIехула бохург санна. Цу тIе хIора Iуьйранна йеттара тхуна.
Луларчу камери чохь цхьа кIант вара, суна ца гора иза, амма даим а цуьнан узамаш хезара суна. Соьлжа-ГIаларчу православин килсана тIелеттачун ваша вара иза. 14 шо бен дацара цуьнан, цунна тIехь гIело латтайора, иза кхиазхо воллушехь.
ХIора Iуьйранна кадыровхой буьсура лармичу, юург лучу меттана тхуна ток йоьттуьйтура цара. Ток-ток-ток. ДегIан йоллу меженашна тIе туьйсура серий, тIам хьийзабора: "Схьадийцал" бохуш. Цара ца олура, хIун дийца деза. Иштта церан кеп йара иза - коьртах гали доьллина, тIам хьийзош, юх-юха "дийца" а бохуш. Цо Iадавора хьо, хIунда аьлча, хьуна ца хаьа, оцу наха хьайга хIун де боху. Цкъацкъа хи лора, ток йеттар дикка тхуна хаадалийтархьама, бага дIакъовлуьйтура, ток ара ца йалийта, йа коьрта тIе хи дуьттура. Оцу лармичуьра и жима чоь суна гуттаренна а дагахь йисина- гIант, стол, розетка, ницкъбен серашца йолу аппарат.
ЧIогIа лазавора, сийсазе хоьтуьйтура цо, къиза дара, амма цхьа чIогIа дуьхьал тасавала дог доуьйтура. Суо къарвора ас, суна хаьара дала тохарг хир дуйла.
Лармичуьра цхьана кIанта элира соьга, бутт бу ша бала хьоьгу. Кхин дан хIума а ца хилла, уьш тIаьхьара бахархьама шеггара кхоьллира ша: хьуьнхахь дIавоьдуш цигахь бананаш, сникерсаш, кхин а цхьацца юург карийра щена, уьш гIаттамхошна дIайелира ша аьлла. Ша царна гIо дийр ду, ша Оьрсийчоьнна дуьхьал ву аьллера цо. 20 шо дара цуьнан, ша хье ца вайта шеггара кхоьллинера цо и.
Лармичуьра цхьана кIанта элира соьга, бутт бу ша бала хьоьгу. Кхин дан хIума а ца хилла, уьш тIаьхьара бахархьама: хьуьнхахь дIавоьдуш цигахь бананаш, сникерсаш, кхин а цхьацца юург карийра щена, уьш гIаттамхошна дIайелира ша элира аьлла
Кадырохоша цхьаннах а къинхетам ца бора. Борша-стен, мел хан цуьнан хиларх - бен-башха дIа дацара царна шогалла лело. Нохчийн менталитетаца догIуш дацахь а, къаношна йеттара цара къинхетамза. Дукха хьолахь йийсархой санна латтабора уьш, церан воIарий Iедалхошна тIебахкийтархьама. Цкъа буса юккъехь 80 шо хирдолу йоккха стаг йалира. Могуш йацара иза, Iадийна а йара. Цуьнан кIант тIеваийта лаьцна хиллера цара иза. Цунна ца йеттара, амма шога бара цуьнца, дIатоьттура иза.
Цкъа царна дуьхьало йинера оха, воккхачу стагана цара йетташ детта са а ца хилла. Тхох цхьаъ оьгIазвахнера, тIаккха дерриш а цунна тIетайра тхо. Цул тIаьхьа карцерчу доьхкира тхо. Цигахь гIоле хетара: цигахь ца йеттара.
ЧIогIа Iаткъам хилира суна, буьйсанна тхан лармичу цхьа кIант а, ши йоI а кхоьсича: "Оха шуна шайтIанаш далийна. Самукъадаккха" аьлла. Бераш дара уьш, 15 шераш хила тарлора. Зудабераш хьиджабаш техкина дара, царна тIера бедарш этIийнера, чухула юухучу куча тIекхаччалц, кIант верзина ваьккхинера. Стенна дара а ца хаьа, уьш чубалийначул тIаьахьа, чиркх латийра тхан камеричуьра. Цхьана хIуманна латийначух тера дара. ЙоьIарий чIогIа боьлхура – кхоьрура уьш, эхь хетара царна. Тхайгара цхьацца бедарш дIайелла, цаьрга тIе хIума юхийтира оха. Сатосучу хенахь и кIант луларчу камеричу вигира, цигахь ток йеттийтира цунна. Мохь хьоькхура цо чIогIа, тхуна вовшийн дуьйцург а ца хезаш.
Йетта муха йеттара: хьо лаьтташ хуьлу, дукха хьолахь пенаца, куьйгаш, когаш дIаса а дахийтина. Ницкъахой берш тIекхета хьуна, шайн кайаьлларг хьуна тIейетташ: мачаш тIехь мийрашца, куьйгашца, чхьонкаршца. Уггар лазаме хуьлу жаннашна а, доIхина а йеттачу хенахь. ЧIогIа лазаво хьо, са а ца даIалуш. Цкъацкъа хьо охьавужучу хенахь кадыровхошка вовшийн тохалора. Суна хетарехь, оцу хенахь чIогIа дера хуьлура уьш, вовшах хьарччал. Наггахь сан психике ца лалора, дуьхьалойан гIуртура со, оцу хенахь кхетамчуьра а воккхуш, тIейеттара цара.
Цкъа чIогIа йиттира суна, температура хьалайаьлла, Iеттош, гIатта а ца лора со. Бакъдерг хIунда ца олу, суо лийр ву моьттура суна. Амма юха а ГБР-н белхахой бахьана долуш дийна висира со. Уьш къар ца белла, дарбанан цIийне вигира со, хIунда аьлча, лармичохь йиттина шиъ веллера, кхозлагIа дакъа царна ца оьшура. Иштта Соьлжа-ГIаларчу номер 9 йолчу хIусаме кхачийра со когех буржалш, куьйгех гIоьмаш тоьхна, ницкъахойн дийнна цхьа тоба улло йаьлла, сан цIе а хийцина.
Сан Iонжар лазийна аьллачу лоьро хаьттира соьга: "Дийнна эскаро хьо лаьцна валлол, хIун даьллера хьоьгара?" – "ХIуммаъ, - ойла йира ас. – Инстаграмехь комментарий йитинера".
Юха кхин цкъа а дарбанан цIийне валийра со йиттинчул тIаьхьа, хIетахь СИЗО-хь вара со, кхетамчуьра ваьллера со, массарна а со велла моьттинера. Дарбанан хIусамехь меттавалийра со. Ца кхетара со: воккхаве веза со, йа ца веза.
Цхьана дийнахь Москвара талламбан нах бахкинера, тхо дерриш лармичуьра арадехира, цхьана уьйтIахь гулдира тхо. Оцу йолллу заманчохь дуьххьара малх гира тхуна хIетахь. ГIело хьегийтина, боьха, когех буржалш тоьхна, "Граф Монте-Кристо" киночуьра Иф набахтера йийсархо хетара суна суо. Комисси дIайахара, "маьлхан ваннаш" йерзийра, тхо юха а боданечу лармичу лаьхкира.
Цхьана дийнахь кабинетчу кхайкхира со, цига веара цхьа стаг, со маьршаволчу заманчохь сан клиент хилла волу. Суна йетта волавелира иза. Дуьххьара ца кхийтира со и хIун ду, дIа ладоьгIча, суна тIехьажийна полицин белхахо хиллера иза. ТIаьхьо цуьнан тоьшаллашна тIехь хьарамлонаш лелийна аьлла, гIуллакх долийра суна дуьхьал. Цхьа а хьарамлонаш ас лелийна йоццушехь.
Айса суо бехкевина, и дерриг бакъ ду аьлла, соьга куьг йаздайта гIиртира ницкъахой, цундела дIайаьккхира соьгара телефон, теллира ас дина йозанаш, телефонаш йиттинера сан клиенташка, цаьрга а со бехвайта. Амма царех цхьаммо а дош ца аьллера. Цхьахйолчу клиенто-зудчо ша тIаьхьакхиъча сан нана схьа а лехна, цуьнга дийцинера, полицира шега телефон тохарх. Иштта сан нахана хиънера, со лаьцна вуйла.
Цхьана дийнахь кадыровхочо тIекхайкхина, кIайн футболка йелира соьга, иза тIеюха, юьхь-куьг дила, букъ нийса а латтабе, "самукъане" хила аьлла соьга. Сан нана хиллера йеана. Соьга элира: "Цхьа дош ахь цуьнга алахь хьо а, хьан нана а ший оха хIаллакдийр кху кабинет чохь".
Суна ца йевзира сайн нана – къанйеллера иза, Iаржйеллера со цIера ваьллачу оцу заманчохь. Ас гIаттамхошна гIо дина аьллера цара цуьнга. Ненаца хиллачу къамелехь и бакъдан дийзира сан, хIунда аьлча, цунна гIуллакх бале даларна кхоьрура со.
Къамел хиллачул тIаьхьа нанас хаьттира соьга, хьо кху чуьра араваккхархьама хIун дан деза ша аьлла. Миллион сом дехнера соьгара цара со маьршавоккхург. Шегахь 250 эзар ду, мах охьабаккха йиш йац-те хаьттира нанас. Уьш бийлабелира юхьдуьххьал, ресторанехь делкъанна хIума кхоллуш дойу шаьш 300 эзар аьлла. ТIаккха сан нанас декхар а йоьдуш, вовшахдиттинера ахча. Бийцина мах схьабеара нанас, амма со ара ца валитйира цара – шолгIачу дийнахь тIекхайкхинера иза, кхин а 500 эзар деза, кхин а цхьа арз кхаьчна цунах лаьцна аьлла.
Сайн ден-ненан оццул ахча доций хаьара суна, нене элира ас, кхин сом ма лолахь царна. Бакъдерг аьлча, суо цу чуьра дийна аравер вац аьлла, тешна вара со. ШолгIачу дийнахь сайн дега телефон тохийтира цара соьга, тIекхойкхуш. Ас цхьана Iалашонца шога къамел дира цуьнца, иза ца ваийта, вуьшта оцу кепехь ас цкъа а дина дацара цуьнца иштта къамел. Суна тIе мохь хьийкхира цо, хьо сан кIант вац кхин дIа аьлла. ТIаккха паргIатвелира со.
"Ма-дарра схьадийца цхьа де ду хьан"
ГIадужу-беттан юккъехь лармичуьра ханна чохь латточу изоляторе дехьаваьккхира со. ИВС-хь паргIато йара, маса схьа а богIий, йетта ца буьйлалора цигахь. Хьелаш а дика дара, суо ялсамане кхаьчна моьттура суна дуьххьара. Маьнга аьчкан бара, кIайн пенаш. Наб йан йиш йара, чай мала а, туалете ваха а, хи дара, куьг-ког дила аьтто бара. Лармичохь латтийначу цхьана баттахь а, эхабаттахь а суна хи гина а дацара, цкъа а куьзгана хьаьжна а вацара.
Цхьана дийнахь Джабраилов Рамзана тIекхайкхира со, Соьлжа-ГIаларчу номер 1 йолчу СИЗО-н оперативан декъан хьаькам ву иза, хьайгара даьллачунна мукIарло де элира цо соьга, цхьа де хан а луш. Ас цхьа а бехк тIелоцур бац элира ас. Цул тIаьхьа карантинан камеричу вигина, юха а йиттира суна.
ТIаккха номер 1 йолчу СИЗО-н куьйгалхочо Алсултанов Хасбулата элира соьга: "Дуьхьало ма йе, ца хуьлчу далахь карцерехь ирхуллучу хьоле валор ву оха хьо".
Дукха ойла йора ас хIетахь, адамашца оццул къиза уьш стенна бу-те бохуш. Ши бахьана ду аьлла хета суна цунан: шайл а лахара болчарна тIехь хьаькамалла хилар, шайна тIехIиттинчарна хьалха кхоьруш хилар а. Оцу шина синкхетамо къизалле берзабо уьш. Муьлхха а царна юккъе нисвлелларг къиза хир ву, мел хир вацара ша цо бахьнехь а. Масала, Абубакар цIе йолуш цхьа стажер вара цигахь болх беш. Вон кIант вац аьлла хетара суна иза. Дуьххьара иза балха веанчу хенахь ас элира цуьнга: "Ахь а йеттар ю суна, Абубакар". Цо жоп делира: "ХIан-хIан, сан ваша, ахь хIун дуьйцу? Далла Iамал йеш стаг ву со, бакъоларйаран органийн белхахо ву со" аьлла.
Цул тIаьхь 20 де даьлча, аппаратан тIам а хьийзош, суна ток йоьттуьйтуш: "Схьадийца" бехира цо а.
Титиев Оюб
Оцу деношкара уггар а суна коьрта хета дагалецамех бу – СИЗО-хь луларчу камери чохь нохчийн бакъонашларйархо Титиев Оюб хилар. Иза лорура тутмакхаша, цунах кхоьрура ницкъахой. Тамашен хетахь а, иштта дара иза. Шаьш бовла а бовлуш, кадыровхой иза волчу чу ца боьлхура. Царна хаьара, шайна тIехь терго латтош дуккха а нах буйла. Масала, сунна йиттина, со лахь а, цхьанна а со дага а вогIур вацара, амма цунна цхьаъ динехь, тIаьхьало хир йара цуьнан, нахала дер дара, кадыровхошна шаьш дийцар ца деза.
Оюба наркотикаш лелош хилла бохуш, Iедалхойн байкех цхьа а ца тешара, массарна а вевзара Титиев, и муха стаг ву а хаьара. Шена гинера Титиевс анаша узуш бохуш дийцина, Титиевна тIе пIелг хьажийнарг дуккхаъчарна вевзара. Чекхваьлла наркоман вара иза – Шелара бераш дара тхоьца чохь, царна дика вевзара и стаг (нохчийн ярташкахь вовшийн дика бевза), цара а тIечIагIдора иза.
Ша чохь воллушехь, Оюба дуккхаъчарна консультацеш йора, гIо дора цо. Дегайовхо йар-кх иза, чIогIа хетахь а, оцу СИЗО-хь легенда йара иза. Дуккхаъчарна лаьара цуьнан аз мукъна а хаза.
"Дахаран школа"
Оцу СИЗО-хь айса яьккхинчу хеначохь цхьа барз аьрзнаш йаздира ас: прокуроре, Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а омбудсменашка, Талламан комитете Бастрыкине, Чайке. ЮхадогIура уьш со чохь латточу меттиге. Цкъацкъа комисси йогIура. Уггар дегаза хетара, комиссина хьалха Кадыровна баркаллаш бахийтар. ТIаккха ницкъахой схьа а богIий, олура: "Оха хIаллаквийр ву хьо". Айса кхехьийтинчу кехаташна дуьхьал цхьа а жоп ца деара суна.
Пхи бутт баьлча оцу жоьжахатира аравелира со, дIасавалар а дихкина, дукха ца Iаш пачхьалкхера ведира со. Цкъа а ойла ца хиллера сан суо дIагIур ву аьлла, йа дагахь а вацара. Амма юха а оцу зилах чекхвала инзаре дара суна. Цхьа наггахь лаам хуьлу сан СИЗО юхаваха. ХIан-хIа, Iазапашна тIехула ца боху ас, хIунда аьлча, тхуна, могIарерчу адамашна юкъахь цхьа барт бар-кх, цхьаалла йара, кхин цхьанхьа а суна гина йоцу. Цигахь, Кадыровн лаьттта бухахь, бала хьоьгуш бакъдолу адамаш дара, вовшашна гIо деш, догоьцуш, барт болуш, дика болх хила лууш.
Сайца чохь баьхкинчу цхьаболчаьрца тахана а лелош гергарло ду сан. Дукхаберш боцуш бу – царна цкъа хенаш тоьхнера, ткъа тIом баьлча- Украине дIахьовсийнера, ца долхахь кхин а тIе хенаш тухур ю бохуш. Террорхойн а, экстремистийн а артиклашца бехкебинарш ца бахийтинера, кадыровхошна дика ма хаьа, уьш "Вагнеран ЧВК" юкъара зэкаш боций. Юха а бирзина, Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бан ма тарло вайчара.
Ас лайнарг мел къиза хиллехь а, суна дахаран дика школа йара иза. Со хIинца кхин ву, адам а дика девзина суна. Со чувоьллинчу заманчохь массара а бехкевеш хиллера со, цхьана стага сан доьзална гIо оьший ца хаьттинера. Соьгара дIайоьдучу хьоле йаьккхинера сан зуда, ткъа берашна дихкинера соьга дистхила. ДагадогIу суна, со араваьллачу хенахь, берийн бешара белхахочо цецйаьлла хаьттира: "Хьо Шемахь вала ца веллера?", ткъа сан жимчу кIанта хаьттира: "Дада, хьо бандит ву?" Беламе а, сингаттаме а хIума дара и.
Тоххара сайн доьзал кхобуш, суьйранна футболе хьоьжуш, политикаца бала а боцуш вехаш вара со. Цул совнах, Кадыровх лаьцна цхьа позитиве хIума йаздина гича, суна моьттура, цхьа халкъаца бала болуш ву олий, кхин гена а ца волура ойланашкахь. ТIехула тIе со Нохчийчохь Iаш вацара, цигахь долчух ма-дарра хууш а дацара. ТIаьхьа кхийтира со, и йоллу публикацеш пропаганда юй а, паччахьна хьалха кхоьруш йазйеш юйла а.
Дахарх кхетархьама ас юха а йазйан тарлора изза комментарий, юха а СИЗО кхача. Со вехь а, кхера а кхоьруш, тапъаьлла Iен ца лаьа суна. Суна муха ваха лаьий, цкъа мацца а со хьахош, ма адам дара иза, бакъонехьа вара иза аьлла, дага а вогIуш.
***
Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа Нохчийчохь Iазапаш хьегийтар хийца ца делира, хаамбира Кавказ.Реалиига нохчийн бакъоларйаран "Вайфонд" организацихь. Бакъонашларйархоша дийцарехь, церан кхо белхахо Нохчийчохь бала хьегна ву, ток а йоьттуьйтуш. И къизаллаш цхьатеррачу сценарица хуьлу, "Вайфонде" буьйлучу наха а дуьйцу иштта шаьш лайначу Iазапех лаьцна. Ницкъбаран чоьнаш Муслима ма-йийццара хуьлу.
"Ток – и цхьа могIарера хIума ду. Массо а аьлча санна, и хьал лайна ву. Тхоьга бевллачу наха ма-дарра дуьйцуш, тхуна хаьа, цо хIун дуьйцур ду. Ша шена йа кхечарна дуьхьал тоьшалла дойту божаршка. Наггахь зударий балабо (нана, хIусамнана, йиша, йоI), хьийзор бу бохуш, кхерамаш туьйсу",- боху "Вайфондехь" болчара.
Наггахь бала хьегнарг дийна вуьсуш нисло – Iедална дуьхьал иза хилла аьлла, цхьана агIор шайна гучудалахь, иза воь, билгалдоккху бакъонашларйархоша. Оцу юкъанна, ассоциацин белхахоша хетарехь, кадыровхочун иммунитет йац – чубоьхкинчарлахь дукха нисло шаьш ницкъахой а, цхьана хIуманна таIзар дан хIиттийнехь.
Адам лардала доладелла. Цхьацца волчунна хала ду муьтIахьалла гайта, шен хьежамаш гергарчех а цхьаьна лечкъа а беш
"Адам лардала доладелла. Цхьацца волчунна хала ду муьтIахьалла гайта, шен хьежамаш гергарчех а цхьаьна лечкъа а беш. Уьш буху, радикале боьрзу, дахаран маьIна дов, сабIарзлой цхьацца хIума долу цаьргара, ДПС-н белхахочунна тIелетта уьрсаца йа отверткица. Цул тIаьхьа кадыровхоша цуьнан гергарнаш дIа а буьгий, царна тIехь таIзар до", - боху бакъонашларйархоша.
"Вайфондо" болх бечу йоллу 98% ницкъбинчу меттигашкахь гIуллакх нахала ца доккху, тIетуху организацино: "Къайлах тхоьга буьйлучара дуьйцучух ма-дарра дуьйцийла йац тхан, хIунда аьлча, церан нах хьийзор бу, ткъа тхоьга дуьйцурш а дукха хьолахь арабовланза бу, тахана атта ма дац тховкIело йаккха".
Цкъа кадыровхойн бIаьрг хьуна тIехIоьттинехь, церан карара цхьа а вер вац, ур-атталла зударий а, бераш а, дерзийра организацин белхахоша.
Редакцино турпалхочун цIе ца йовзуьйту цуьнан кхерамзалла ларйеш. Цуьнах Iоттаделларг бакъдо масех хьасташа а, иштта, бакъонашларйархоша а.
- Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро тIечIагIдира кадыровхоша дечкен-беттан 8-чохь Iалхан-ГIалара 25 стаг лачкъийна хилар. Кадыровхоша шаьш ца довзийтинера, муьлхачу декъера ду шу аьлла, церан гергарчара хаьттича, жоп дала а дуьхьал хиллера. Церан цIийнах болу божарий стенга буьгу а ца хоуьйтуш, къайлабаьхнера. Лечкъийначарлахь вара СолсаевгIеран ши ваша Хьамзат а, Леча а, чIагIдора церан гергарчо, царна тIехь ницкъбеш бу мехкан Iедална дуьхьал хиларна аьлла. Иштта ницкъбинера лачкъийна вигинчу кхин цхьанна а- Мусаев Iусманна, тIаьхьо дIабигинера цуьнан гергарнаш а.
- "Дерриг дуьненан рапорт - 2023" зорбане даьккхинера Дуьненаюкъарчу бакъонашларйаран Human Rights Watch (HRW) организацино –доллу дуьненара адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна. Оьрсийчоьнна леринчу декъехь билгалдаьхна шога адамийн бакъонаш Нохчийчохь хьоьшуш хиларх. Бакъонашларйархоша тергойина "къинхетамза Iа лакъош хилар муьлххачу шена хетарг олучу стеган", цу юкъахь ду лецарш, пачхьалкхера дIабахначу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарчаьрца магийна йоцу харцо лелор, цаьрга гечдарш дехийтар.
- Нохчийчуьра Алхазов Аюб а, Тазабаев Рамзан а кхелхира, махкарчу полицин декъахь Iазапаш хьегначул тIаьхьа. Ницкъахоша лачкъийна вигина, хьийзийначул тIаьхьа ца ваьллачу денна Оьрсийчуьра дIавахначу Алхазов Мубарикан деваша а, стунда а вара и шиъ.
- Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, дохку бехкаш тIе ца дуьтура Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оцу юкъанна "Новая газето" а, бакъоларйаран "Комитет за гражданские права" организацино а масийттазза хаамбора, Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь ницкъахоша лечкъийна меттиегра бахархой бу латтош бохуш. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш.