Дайначу кIирнах Нохчийчоьнца боьзна коьртачу хиламех лаьцна
Зеленскийна Ичкерин орденаш йалар, Украино кечдина контртIелатар Кадыровс къобалдар, Нохчийчуьра эскархо кема эккхийта кхерамаш тийссарна дIалацар, ГIалгIайчохь лаьттан дов хьокъехь дIалийцинчу митингахошна Еврокхело магийна компенсаци, Кадыровн йоьIаршна делла шеконе совгIаташ - цу дерригенах а, кхиндолчух а Маршо радион йалхолгIачу подкастехь дуьйцур ду. Иза дIахьош со ву - Эрсно Казбек. Салам-маршалла ду шуьга!
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Зеленскийна Ичкерин совгIаташ далар
Ичкерия Нохчийн республикин деза совгIаташ делла Зеленский Владимирна - "Къоман Сий" а, Дудаев Джохаран цIарах орден а. И совгIаташ далар ша куьг йаздарца къобалдира Закаев Ахьмада. Украинин президентан официалерчу сайтехь Ичкерин арахьарчу Iедалан хьалханча Закаев Ахьмад аьлла йаздина ду.
Ичкерихойн политикан сацамца а догIуш, "Украинан пачхьалкхан куьйгалхо билгалваьккхина баккхий кхиамаш барна, ша ца кхоош, дуьненайукъарчу демократин дуьхьа а, маршонехьа а къахьегарна, нохчийн къомаца ларам лелорна". Кхузахь Закаевн алам дIабоьшу аса: "Цуьнан (вуьйцург Зеленский ву. - билг.) политикехь чIогIа хиларо, шен махкана муьтIахь хиларо, террорхойн методаш лелочу шен мостагIчунна Оьрсийчоьнна а, цуьнан монстрашна дуьхьало йеш, шайна тIехIоьттинчу кхерамна дуьхьалбевлла украинхой цхьаъ бина, цхьа барт беш дIахIиттийна".
Ичкерихойн мидалш Зеленскийга дIайелира Украинин тIеман министраллин талалмхойн Коьртачу урхаллин куьйгалхочо Буданов Кирилла. Кавказ.Реалии сайто дийцарехь, Украинин куьйгалхочунна и совгIаташ дала сацам Закаевс шен куьйгаца тIечIагIбира дIадаханчу шеран лахьан-баттахь. СовгIаташ дIа ца луш хьедаларан бахьана хIун ду, хууш дац. Зеленскийна йеллачу мидалийн исторех дийцира историка Вачагаев Майрбека.
"Украинин президентана Зеленский Владимирна дина и совгIаташ - Ичкерин заманахь уггар а лаккхара совгIаташ лоруш дара, хIунда аьлча, "Къоман сий" орден боьдуш тIом а болуш, дуьххьарчу президенто Дудаев Джохаран сацамца 1995-чу шарахь арахецна йара. Цо хьалхара орден билгалйаккхар, цу заманчохь иза оьшуш хилар - оьрсийн армина дуьхьал бечу тIамехь гIараваьлла волу батальонан коьртехь верх, йа полкан куьйгаллехь верг къастош, мах хадийна чIогIа йеза лоруi орден йара. И орден Литвахь йина олуш дара, амма суна иза Истанбулехь йина йара аьлла хета. И орден цу заманчохь уггар а сийлахь лоруш йара, "Къоман сий" аьлла къастийна а йара иза. Цу хенахь дукха тIемалошнa, тIамехь гIарабевлла чекхбевлла болу царна йала йина а йара. Ерриг а цхьа б1е йара уьш. Цуьнан мах чIогIа сийлахь болу дела, дозалла долу дела, оцу орденца ахь хадош болу мах лучунна хоуьйтуш, и "Къоман сий" аьлла йеза йолу дела, тIемало воцчунна а йалар нисделира. Масала, Политковская Аннина, махкахь а, дуьненахь а йевзаш журналист йара и. Иштта Ковалев Сергейна а йеллера и, иштта кхечарна а, вайн махкана гIо динчунна, иштта къастош, мах хадош луш йара и.
ШолгIа орден- Дудаев Джлхаран цIарца ю. И орден тIаьхьо юкъайаьккхина ю, 2011-чу шарахь. Иза а лаккхара лоруш ю, хIунда аьлча, и Къоман сий йеллачунна бен кхачош йац. Иза йукъайаккхаран бахьанa -Ичкерия республикин 20 шо кхочуш аьлла, билгало йеш, арахецна ю. И ший а орден Зеленскийна йалар - иза масал ду, нохчашца долу хIума шаьш ларар. И орден кхечу пачхьалкхан президентана йа премьер министрна лур йу аьлла, кхайкхийна а дара", - дийцира Вачагаев Майрбека.
Украинин президентана Ичкерин деза совгIаташ далар - Киево Нохчийчоьнан маршонан агIончаш къобалбаран кхин а цхьа тоьшалла ду. Уьш Оьрсийчоьнан тIелатарна дуьхьало йарехь къахьоьгуш а бу. Дагадоуьйту вай, дIайаханчу гурахь Украинин Лаккхарчу Радехь Оьрсийчоьно цхьана ханна Нохчийчоьнна оккупаци йар билгалдоккхуш, сацамаш бира. 90-чу шерийн йуккъехь, 2000-чу шерийн йуьххьехь Нохчийчохь хилла тIемаш геноцид а лерира. Амма цуьнца цхьаьна Киево Ичкерин йозуш цахилар къобалдеш дац – лахьанан-баттахь цу агIор долчун тIехь болх бар арахьарчу гIуллакхийн министралле делира Зеленскийс. Амма цкъачунна цу тIехь гуш кхин хийцамаш бац.
Нохчийчоьнан маршонан агIончаш 2014-чу шарахь дуьйна схьа, Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси йичхьана, Кремлан гIоьнца Донбасехь сепаратистийн "ДНР", "ЛНР" кхайкхийчхьана, Украинин агIо а лаьцна, тIом беш бу. Пачхьалкхан ТIеман ницкъийн интернационалан легионнна йуккъехь нохчийн пхи батальон йу. Кхин цхьаъ лаамхойх лаьтташ йу.
Украино кечдина контртIелатар Кадыровс къобалдина
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана къобалдина Украинин эскаро ша контртIелатар дан кийча ду алар. "Иза массо агIор тхоьгахьа ду-кх " - элира цо. Оьрсийчоьнан эскаро ша дIалаьцначу латтанаш тIехь дикка кечамаш бина, уьш кийча бу. Оьрсийчохь долчу "вуно дикачу хьоло" гIо дийр ду украинхойн тIелатар йухадаккха, аьлла хеташ ву Кадыров. Цо дийцарехь, пачхьалкхерчу йукъараллехь барт бу, "хьалха ца хиллачу кепара, кхинболчу мехкийн цкъа а ца хинболу". "Вайн президентан хьежам дуккхачу махкахоша къобалбарца тIеоьцу",- бохуш дIахьедарш до Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Украинехь боьдучу тIамах, и тайпа бух боцу кхийссарш Кадыровс дуьххьара йеш йац. Масала, Украинехь тIом болабеллачу хьалхарчу баттахь 26-за шен телеграм-каналехь Мариуполь сихха схьайоккхур йу бехира цо. Цул тIаьхьа нийсса цхьа бутт баьлча, луларчу пачхьалкхана зарратан-герзаца кхерамаш тийса волавелира. Польшина кхерамаш тийсира. 2022-чу шеран бIаьста дуьйна схьа "тикток - эскарш" аьлла цIейахна кадыровхойн - Украинерчу тIамехь цара жигара йаьхна видеош бахьанехь. Гуш воцчу мостагIчунна герз детта кеп хIиттош, десачу цIа чохь цхьаъ лоцуш санна моттаргIанаш лелош, таррашца леташ. Америкахойн тIом талларан институтан белхахоша кху шеран зазадоккху-баттахь аьлла дара, кадыровхой цу тIамехь кIезга хIума деш бу. Дукха хьолахь схьадаьхначу латтанаш тIехь гIаролаш деш хуьлу уьш.
Украинин эскаро контртIелатар дийр ду алар Кадыровс резахиларца тIеийцира. И операци дIайахьархьама къайлах кечдина кехаташ нахаладевлла хилла тарло. Церан чулацаме хьаьжча, дечкен-беттан чакхенгахь долчу хьолехь Украинин эскар тIелатам бан кийча дац. Амма цу гучудевллачу кехатех и хаамаш иштта баржар - Малхбузехьарчара Кремлана дезинформаци йеш йолийна операци хила тарло боху эксперташа. Киево тIаьххьара бинчу хаамашца, Украинин эскаран контртIелатар кху аьхка хила тарлуш ду - кхул хьалха йиллинарг бIаьсте йара.
Нохчийчуьра эскархо кема эккхийта кхерамаш тийсарна лаьцна
Кхин а цхьа девне хаам бу - Хабаровскерчу аэропортехь Украинехь тIом бина волу Нохчийчуьра эскархо дIалаьцна. Baza-с а, "Осторожно, новости" телеграм-каналаша дийцарехь, вуьйцуш верг Шеларчу 70-чу гвардейцин полкера Абумуслимов Мурат ву. Оханан-беттан 11-хь "Хабаровск-Москва" рейсаца лелачу кеманчохь эскархочо "АллахIу - Акбар" бохуш мохь биттира. Ша кема эккхийта воллу а бехира.
Кеманан экипаж шен дIахIуттийла йолче йухадахара, эскархо полисхоша дIалаьцна. Бомба кеманчохь ца карийна. Мохь хьекхначо ша чIогIа хIоьттина вара аьлла. Цунна динчу лоьрийн зераша иза вехна цахилар гайтина, боху Baza-с.
Хабаровск-мехкан бакъоларйаран структураша официалехь Нохчийчуьра эскархо дIалацарх цхьа а хаам ца бина. Амма оханан-беттан 11-хь "Россия" авиакомпанин кема ца гIоттуш диъ сохьтехь хьедаларх хаам болуш бу. Хан тохарна кхерам болуш, терактах харц хаам олучу Iедалан къепаца дIалаьцна ву эскархо.
ГIалгIайчуьра протестхошна Еврокхело магийна компенсаци
2019-чу шарахь Нохчийчоьнца долчу дозанашна тIехула хилла къовсам хьокъехь ГIалгIайчуьрчу митингехь дIалаьцначу исс стагана компенсацеш догIу аьлла сацам бина Европерчу адамийн бакъонашкахьа йолчу кхело. Церан гIуллакхаш лелочу меттигерчу кхело нийсо ца лелийна аьлла сацам а бира цо.
Митинг бахьанехь административан гIуллакхца лаьцна 10 де даьккхинчу Гагиев Багаудинна Европан кхело 5000 евро магош сацам бина. Полицин декъехь протокол хIоттолц иза дIалацар а - кхело нийса доцуш лерина. Меттигерчу кхело бина сацам харц лерина.
Балахоев Альбертана, Накостхоев Мохьмадана, Дугиев ИбрахIимна, Кациев Мохьмад-Баширна, Беков Муратна, Ужахов Саварбекна, Гойгов Асхапна, Оздоев Резванна 3500 евро компенсаци магийна. ЕСПЧ-но билгалдаьккхина церан протоколаш таллар цхьа а озабезам боцуш дIадаьхьна хилар.
И сацамаш иштта хир буйла хаьара тхуна, боху адаман бакъонашларйархойн "Мемориал" центран юристо Иманова Тамиллас. "ЕСПЧ-н сацамаш кхузахь кхочушбаре оха са а ца туьйсу. Оьрсийчоьнан Федераци Евробертера арайаьккхина. Ша ЕСПЧ-н сацамаш тергалбийр бац а аьлла цо. ХIинца Кремлехь лаьттачу ражехь оха и сацамаш цара тIеэцаре са а ца туьйсу",- элира Имановас.
2019-шарахь, зазадоккху-беттан 27-хь Магасехь хилла митинг Росгвардица, ОМОН-ца тасабаларца чекхйелира. Iедалан векалшна ницкъбар кечдарехь, дIадахьарехь бехкебира гIаттаман хьалханчаш. "ГIалгIайн гIуллакхехь" жоьпе озийнарг дерриге 49 адам дара. 2021-чу шеран гIуран-баттахь Ессентукерчу кхело бехке лерира ГIалгIайчуьра митинган хьалханчех ворхI. Царна бехке диллинарг Нохчийчоьнца долу дозанаш ма хийца бохуш бина кхайкхамаш, бакъоларйархошна зулам кечдар, экстремистийн йукъаралла вовшахтохар дара. Чохь йаха ворхI шо ахшо - исс шо хенаш туьйхира царна. "Мемориал" бакъонашларйархойн центро гIалгIайн гIаттаман хьалханчаш политикан тутмакхаш лоруш сацам бира.
Кадыровн йоьIаршна делла шеконе совгIаташ
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана телеграм-каналехь шен йоьIан Кадырова Эсетан толамах хаам бира. Эсет шолгIачу классан дешархо йу. "Мотт- къоман са" къовсамехь тоьлла иза.
ХIоттийначу видео тIехь дийцарехь, "Декламация" номинацехь гран-при йелла Кадырова Эсетана. Иштта Нохчийчоьнан дешаран министраллин цIарах грамота йелла регионан куьйгалхочун шолгIачу йоIана, пхоьалгIачу классехь доьшуш йолчу Кадырова Iашурина. "Классан а, школан а дахарехь жигара дакъалацарна" аьлла. Кадыровс публикацехь билгалдаьккхина, шен йоIа толам баьккхина къовсар дIахьуриг коммерцица йоьзна йоцу "Дешаран сферехь проекташ кхиоран Центр "Точка роста" ю аьлла.
Иштта цIе йолчу цхьаьнакхетараллина ГIажарийчуьра Менделеевск гIалахь регистраци йина стохка товбеца-баттахь дуьйна болчу хаамашца, юридикан "Спарк Интерфакс" базехь долчу зерашца, цуьнан коьрта болх бу рынкан коньюнктура таллар а, юкъаралллехь хетарг зер а. Организацин сайтах цхьа а хаам бац.
Зазадоккху-баттахь Кадыровн воIаршна 15 шо долчу Адамна а, цуьнан 17 шо долчу вешина Ахьмадна а "Терроризмаца къийсарехь кхиамаш барна" цIе йолу, некхехь лелон билгалонаш йелира, амма хIун кхиамаш бина - дуьйцуш дац.
Зазадоккху-баттахь Кадыров Рамзанан кхоалгIа йоI, 20 шо долу ХутIмат регионерчу могушалла ларйаран министраллин куратор хIоттийра. Хьалхо Кадыровн секретариатан куьйгалхочун гIовс лаьттира иза.
Цу тIехь ас дерзадо къамел. Аша ладуьйгIира Маршо-Радион йалхолгIачу подкасте. Иза дIайаьхьнарг вара со - Эрсно Казбек.
Кху видеона лайк йилла - тIаккха кхуьнга кхечара а ладугIур ду.
ЛадогIа, хьовса тхан подкасташка тайп-тайпанчу платформашкахь: