ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн йоIа Iедалехь дакъалацар а, батIалхьажой лецар а. КIиранан жамIаш


Кадыров Рамзан а, цуьнан йоI Iайшат а
Кадыров Рамзан а, цуьнан йоI Iайшат а

Швейцарин Iедалхоша Оьрсийчу депорт йийр йац Батаев Iелина, Кадыровн йоI – цхьана меттахь исс комиссина йукъайахийтина, ткъа ГIалгIайчохь виъ батIалхьажо лаьцна стаг верна бехкевина – цунах а, и доцчух хезар ду шуна Маршо Радион 42-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Кадыровн йоI исс комисси йукъахь йу

Кхо кIира гергга хеначохь Нохчийчоьнан урхалхочун йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат регионалан куьйгаллехь тайп-тайпанчу дакъошкахь йолчу исс структури йукъа йахийтина. Цунах хаийтина официалан кехаташкахь.

ГIуран-беттан 18-чохь бинчу сацамца 24 шо долу Кадырова Iайшат Iедал кхочушдаран органийн белхан эвсаралла гойтучу комисси йукъа йахийтина. Бутт болалуш цо куьйгалла дира регионалан Дуьненайукъарчу кегийрхойн фестивалан комитетан, иза хир йолуш йу 2024-чу шеран чиллин-зазадокху беттанашкахь "Сириус" федералан дозана тIехь.

Кху баттахь иштта Кадырова заьIапхойн гIуллакхашкахула йолчу кхеташонна йукъайахийтира, лаамхой кхиочу кхеташонна а, пачхьалкхан кегийрхойн политика кхиорехула долчу хеттарийн координацин кхеташонна а, "Ден-ненан сийлаллин" мидалш йала хьалхатеттина нах толлучу комиссин декъах а дIатоьхна иза. Иштта Оьрсийчоьнан берашца а, кегийрхошца а цхьана болх барехула йолчу координацин кхеташонна йукъа а йахна, цо урхалла дийр ду "Демография", "Культура" проектийн комитетийн а.

Карарчу хенахь Нохчийчоьнан вице-премьеран даржехь йу 24 шо долу Кадырова. Иштта цуьнан хIусамда Мацуев Висхан а республикин вице-премьеран а, йуьртбахаман министран а дарже хIоттийра.

Гезгамашин-баттахь Нохчийчохь къобалйира зударийн бакъонашна а, йукъараллехь цара дакъалацар а шайн тергонехь латтор йолу кхеташо. Оцу йукъахь волчу бархI декъашхошлахь ша цхьаъ бен йоцу зуда йу Кадырова. 2020-чу шарахь культурин министран хьалхара гIовсан гIента хаийра Кадырова, ткъа цуьнан 22 шо долчу хеначохь оцу урхаллин куьйгалле йаьккхира иза.

Кадырова Iайшат "культурин хьакъйолу белхахо" йу, иштта мидалш йу цуьнан "Адамийн бакъонаш Iалашйарна" а, "Нохчийчоьнна хьалха декхарш кхочушдарна" а, иштта Нохчийчоьнан лаккхара совгIат – Кадыровн орден а йелла цунна.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Японин а санкцийн тептаршкахь йу Кадырова Iайшат, Украинехь Оьрсийчоьно болийна тIам бакъ барна.

Кадыров Рамзанан кхиндолчу бераша а тIаьххьарчу шарахь лаккхара даржаш дIалийцира республикера кеп-кепарчу урхаллин дакъошкахь. Масала, 16 шо долу Кадыров Адам лахьан-баттахь шен ден кхерамзаллин сервисан куьйгалле хIоттийра. Бенойн БойсагIаран а, Шейх Мансуран а цIарах кхоьллинчу батальонийн куратор а вина цунах. Мехкан зорбанан министро Дудаев Ахьмада кхетийра Iедалхоша иштта сацамбарх, кхиазхочо ша "похьма долуш" хилар дIагайтина аьлла.

КъорIан дагорна лаьцна латточу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа даккхий совгIаташ а, лаккхара даржаш а кхачийра Кадыров Адамна.

Стохка гурахь Кадыровн вукху кIанта, 17 шо долчу Ахьмада куьйгалла дира Кремлехьа йолчу Нохчийчуьра берийн а, кегийрхойн а организацин, меттигерчу "Хьалхарчийн болам" йукъараллин куьйгалхочун даржехь чIагIвира иза. Карарчу заманчохь 18 шо долу Ахьмад республикин спортан министран хьалхара гIовс ву ву, иштта терго латтайо цо Нохчийчохь йечу гIишлошна а, индустрин объекташна а тIехь. Меттигерчу хьаькамаша бечу балхах лаьцна чоьташ цо хIун бакъо йолуш схьаоьцу, хууш дац.

Швейцарин Iедалхоша депорт йийр йац нохчочунна

Швейцарин Iедалхоша сацам тIеэцна 40 шо долу Нохчийчуьра вахархо Батаев Iела шайн пачхьалкхера ара ца ваккха. Стохка гезгамашин-баттера схьа дуьйна Цюрихера депортацин набахтехь латтош вара иза. Карарчу хенахь цу чуьра маьршаваьккхина иза, хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига бакъоларйаран "Европера машаран цIа" организацин куьйгалхочун гIовса Мамишов Лачина.

Батаев маьрша ваккхийта а, цунна Оьрсийчу депортаци луш бина сацам йухаэцийта а хьийзира организаци. Мамишовс билгалдаьккхира, иза дIахецарехь коьрта дакъа лаьцна хиларх бозуш боцчу хаамийн гIирсаша а, Швейцарин президенте дехар даро а.

Бакъоларйаран организаци дагахь йу миграцин хьукмате йуха а дехар дан, Батаевна тховкIело йала тоххара дуьхьало йар кхин цкъа а листахьара аьлла.

Батаев Украинехь ваьхна ву, цигахь тховкIело йеллера цунна, амма цу махкахь тIом болабелча Европе дIаваха дийзира цуьнан. Стохка гезгамашин-баттахь Швейцарин Iедалхоша лецира иза. Шина баттахь мацалла латтийра Нохчийчуьра мухIажаро – цунах лаьцна бакъоларйархошка дийцинера цо.

Оьрсийчу ша дIалахь кхерам бу шена боху Батаевс, Нохчийчуьра Кадыровн рожана ша луьйш леларна.

Батаевн гIуллакхехь кхерамаш кхин а чIогIа бу, хIунда аьлча, иза Украинехь ваьхна ву, оцу заманчохь Ичкерин агIончех вовшахтоьхначу лаамхойн батальонашкахьа вара иза.

Шайн пачхьалкх кхолла гIалгIайн бакъо къобалйар

Украинан Лакхарчу Радера депутатийн тобано шаьш бинчу сацаман проектан регистраци йина гIалгIайн халкъан йозуш йоцу шайн пачхьалкх кхолла бакъо хилар къобалдеш. Цунах лаьцна Маршо Радиога хаамбира документ кхуллуш йукъахь хиллачу депутато Юрчишин Ярослава. Документа тIехь йаздина ду, Украино йемалдар 1992-чу шарахь Пригородный кIоштахь дуккха а гIалгIай хIаллакбар, ткъа гIалгIайн хьокъехь Оьрсийчоьнан Iедалхоша лелийнарг тIеман зуламаш ду ала тарло аьлла.

Ишта авторша хьоьху гIалгIайн халкъ 1944-чу шарахь махках даккхар йемалде, бIешерашкахь церан долахь хилла латтанаш а йухадерзаде аьлла. ГIалгIашна шайн дозанийн цхьаалла йухаметтахIоттийна, къоман идентификалла ларйан лаарна тIетан лерина бу парламентхой, билгалдаьккхина депутато.

"Тхан вежаршна-гIалгIашна, шайн йозуш йоцу пачхьалкх хила бакъо хилар тIечIагIдар, хIара кхин а цхьа аргумент йу дуьненайукъарчу майданахь уьш къобалбан. Украинана а, доллу дуьненна а гергахь Оьрсийчоьнан Федераци империн дух долуш хилар бакъдар ду хIара", - билгалдаьккхина Юрчишина.

Цо карладаьккхира, нохчийн йозуш йоцу пачхьакх хила бакъо къобалйина хилар 2021-чу шарахь Радехь, ткъа Нохчийчоьнан Ичкерия Республика ханна дIалаьцна мохк бу элира.

Бинчу сацаман проект маца тIеоьцур йу хууш дац Юрчишинна. Амма, цуьнан прогнозца, сацам реза хилла тIеоьцург хиларх шансаш йу элира цо, хIунда аьлча, оцу документан авторшлахь украинхойн парламентан йоллу фракцийн векалш бу.

Стаг верна бехкево виъ батIалхьажо

Террорхойн гаранех долчу гIуллакухехула теш хилла меттигера вахархо вийна аьлла шеконашца лаьцна ГIалгIайчохь ницкъахоша виъ стаг. Цунах лаьцна хаамбина "РЕН ТВ Новости" гIирсо ницкъаллин структурашкарачу хьасташна тIетевжина. Буьйцурш батIалхьажой бу, билгалдаьккхина редакцица хиллачу къамелехь оцу вежараллин цхьахволчу декъашхочо Белхароев Iабдуллас.

"Тхуна хууш дацара, и теш хиларх. Хууш дац хьан вийна иза, амма йаржийна верси – иза теш хилла бохуш йу, вуьшта и стаг хьаван бахьана дацара. БатIалхьажойн гIуллакх дIакъовла герга дахана, милла велахь а цхьаъ ву и дан ца лууш, - аьлла цо. – Цундела къайлахчу сервисаша Iалашо хIоттийнера БелхароевгIарах цхьаъ вен, вирдера арабевллачара цу йукъахь цхьа дакъа лаьцча санна".

Маршо Радионо хьалхо хаамбира, гIуран-беттан 15-чохь суьйранна ворхI сахьт долучу заманчохь вевзаш воцчу шина стага герзаш деттарх "Тойота Камри" машенна Сурхахи эвлана уллохь. И тIелатар динчул тIаьхьа оцу меттигера маса къайлаваьллера и шиъ.

Билгалдоккху, лазийнарг масех шо хьалха батIалхьажойн йукъараллехь хилла ву, цу йукъара араваьллера иза - Mash Gor телеграм-каналан хаамашца, вежараллера шина декъашхочун сацам хиллера Адам цIе йолчу шайн вирдехь хиллачунна бекхам бан, тIаккха герзаш тоьхнера цара. ТIаьхьо кхелхира иза.

БатIалхьажошна тIаьхьабевллера полисхо Эльджаркиев ИбрахIим вийначул тIаьхьа. Цунна а, лоьран болх беш хиллачу цуьнан жимахволчу вешина герзаш туьйхира 2019-чу шеран лахьан-баттахь Москвахь. Цул а хьалха вийра батIалхьажойн тобанера Белхороев ИбрахIим, БатIал-ХIаьжин кIентан кIентан кIант. Цуьнан машенна герз тоьхнера ГIалгIайчохь 2018-чу шеран гIуран-бутт бовш. БатIалхьажошна хийтира, иза верна бехке ГIалгIайчуьра "Э" Центран хьаькам ву аьлла. Цунна тIелатар динера бекхам беш. ТIаьхьо вежараллера цхьана декъашхочо Картоев Къурейша мукIарло дира, ЭльджаркиевгIар чIир йоькхуш байина аьлла.

Кху шеран чиллин-баттахь кхелан сацамца къайлахчу сервисаша террорхойн организацийн тептаре йазйина "БатIалхьажойн тIеман тIам" юкъаралла. ХIинца оцу тобанехь дакъа мел лоцурш а, царна гIо дийраш а бехкзуламан жоьпалле хIиттор болуш бу. Шайна динан вежараллин декъашхошна хетарехь, БатIал-Хьаьжин некъаца боьлхучарна таIзар дар аттачу доккхуш бина сацам бу и, цара дIахьедо Оьрсийчохь бусалбанашна Iаткъам бо аьлла.

Кадыровн хIолламе хьакхин корта биллиннарг жоьпе озийна

Вилспет лачкъорна а, лоцучу хенахь полисхочунна дуьхьал ницкъ баккхарна а бехкбиллина Кудряшов Дмитрийна. Цунах ишта шеконаш йу, Нохчийчоьнан хиллачу президентана Кадыров Ахьмадана Къилбера Бутовохь хIоттийначу хIолламна улло хьакхин корта биллина цо аьлла а. Цунах лаьцна дийцина цуьнан кIентан дас Кудряшов Александра.

Талламан изоляторехь Александре хаамбинера, цуьнан кIанта вилспет лачкъорна а, полисхочунна ницкъбарна а бехкево аьлла. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахоша ша сацийча, иза вада гIоьртинера, цхьахволчу ницкъахочунна тоха а тухуш. Цунах лаьцна талламхочо адвокате дийцина, делахь а цуьнца контракт йина йац, карарчу хенахь Кудряшов адвокат воцуш ву.

Бехкевечун дас билгалдоккху, динца доьзна йацара акци, КадыровгIеран доьзало лелочунна ша реза цахилар дIагайта гIоьртинера Дмитрий, боху цо.

"Протестан билгалонна хьакхин корта къастийнера цо, хьакхин лелар ду церан ала гIерташ. И клан куьзгана хьажийта, шайн лелар, шаьш дийриг йукъараллина муха хета царна хаийтархьама, - кхетийра къамелдечо. – Цхьа а динца доьзна бахьана кхузахь леха оьшуш дац, Кадыров Ахьмад а, Рамзан а, церан кланера кхинболчу наха а хьаькамаш, политикан нах санна карьера ма йина шайна. Цундела акци политикан бух болуш а, социалехь йемалбен чулацам болуш а йара".

Акци дIайаьхьначул тIаьхьа церан хIусамех масийттаза хьоьвсира, тIетуьйхира Александра, ткъа хьакхин корта хIолламна улло буьллуш телефона тIе дIайаздина Дмитрийн доттагI а, цуьнан нана а масийттаза тIекхайкхира чоьхьарчу гIуллакхийн министралле хеттарш дан. Ишта цо билгалдаьккхина, ницкъахоша "буьйса йаллалц" цуьнга хеттарш дина хилар, цул тIаьхьа "кега-мерса хулиганалла" лелийна аьлла, протокол хIоттийна, кхо дей-буьйсий даккха чохь витарх.

Кудряшов Дмитрий – "Оьрсийн Оьрсийчоь" – националистийн телеграм-канал кхоьллинарг ву. И телеграм-канал ультра аьтту националистийн кхетам болуш йу. "Оьрсийн Оьрсийчоьнан" агIончаша дIахьедора КхоалгIачу рейхан идейш йу шаьш лелош бохуш, шайца антисемитизм йолуш, "оьрсийн Кремлера оккупанташна" критика йеш, иштта либералашна а. ЧIогIа ца беза царна политикан оппоненташ а. Цара кхайкхамаш бо, миграцин политика чIагIйе, ЛГБТК-нахаца къийсам латтабе бохуш.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
XS
SM
MD
LG