ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америка саготта ю Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхор соцуш цахиларна


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто леррина дIахьедар дина зорбан гIирсашна, шаьш саготта хилар хоуьйтуш, Нохчийчуьрчу Iедалша адамаш лечкъорах а, дIалецарх а льацна саццаза хаамаш кхочуш хиларна, шайна юкъахь нохчийн бакъонашларъярхойн гергарнаш а, эмиграцехь беха оппозиционераш а болуш.

ДIахьедарехь ша хьахош ю Мусаева Зарема, кIира хьалха нуьцкъала Лахарчу Новгородера Нохчийчу дIайигна йолу бакъонашларъярхочуьнан Янгулбаев Абубакаран нана.

Пачхьалкхан департамента кхайкхам бина, сихонца маьршабаха аьлла харцонца дIалецна нах, дагадаийтина динна доьзаш хьийзор "репрессин ша тайпа зуламан кеп хилар".

"Оха емалдо, цхьа а бахьана а доцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан бехбан гIертар бакъонашларъярхой а, бозуш боцу журналисташ а, кхайкхам бо Iедалша сацадаре кхечу тайпана ойла йолу нах а, LGBTQI+ юкъарлан декъашхой а, ша кепара дин лело нах а, кхечу жимачу къаьмнех къаьнех болу нах а, кхидолу адамаш а хьийзор, ткъа иштта репрессеш лелор церан доьзалшна дуьхьал", - билгалдоккхуш ду дIахьедарехь.

Пачхьалкхан департаменто иштта кхайкхам бина федералан Iедалан органашка, "хьелаш кхоллар сацаде аьлла, Нохчийчохь репрессеш лолаяйта, шайна юкъахь дуьненаюкъарчу тIегIантIера репрессеш а йолуш, бакъонца ен кхиэле дIало Нохчийчохь кIоршаме адамийн бакъонаш талхорна жоьпаллехь болу нах", Оьрсийчоьнан низамашца а, адамийн бакъонаш ларйир ю аьлла, цо шена тIелаьцначу дуьненаюкъарчу декхаршца а иза догIуш ма хиллара, аьлла.

  • Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду аьлла, цхьа нах чулилхира Лахарчу Новгородехь бехачу ЯнгулбаевгIеран хIусаме. Курхалла лелорах долчу гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан нуьцкъаша суьдхочун болх бина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIабига бакъо луш, кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин суьдхочун статус хиларна, цунах куьйг Iотта йиш яцарна, полисхоша цхьа Мусаева дIайигира. Амма йиттинера оцу петар чохь мел хиллачунна, ЯнгулбаевгIеран доьзална а, адвокатна а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахошна а. ДIайигинчу дийнахь дуьйна Мусаева Заремигара хьал хууш дац цуьнан доьзална бакъонан статусехь.
  • КIирандийнахь ренспубликан инфрмацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахмеда хаам бира, Мусаевана 15 де-буьйса админитративан лацаран кхел йина аьлла, полисхочунна тIелетар дарна а, иза сийсаз варна а.
  • Дечкен-беттан 21-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш. Цо дIахьедира, "оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь". Иштта цо чIагIдо, Соьлжа-ГIала ша схьакхачийначул тIаьхьа Мусаева "полицин белхахочунна тIелеттера, бIарг баккханза ваьлла иза" аьлла.
  • Кадыровс чIагIдо, ЯнгулбаевгIеран доьзал IАДАТ оппозицин телеграм-канлаца боьзна бу бохуш. Шоьтан дийнахь вистхуьлуш цо бехкебина ЯнгулбаевгIерани доьзал террористийн агIончаш а бу. Туркойчхочхь полисхочун лаьттинчунна тIелатар дарна а гунахь бу аьлла.
  • Цул сов, Кадыровс кхайкхамбина Оьрсийчуьрчу Лакхарчу кхеле Янгулбаев Сайди суьдхочун статусах ваккха аьлла. Кадыровн дешнаш бакъ цахиларх дIа а хьедеш, Янгулбаев Сайдин а, Мусаева Заремин а воккхаха волчу кIанта Янгулбаев Абубакара кхайкхамбина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, "Дождь" телекална интервью лучу заманчохь, Нохчийчоьнан куьйгалхо волчуьра Кадыров Рамзан дIаваккха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG