ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь вен гIоьртина нохчийн блогер реза ца хилла Iедалхошка ша ларвайта


Австрехь ша вен Iалашонца лерина тIелатар юкъахдаьккхинчул тIаьхьа блогер Магомадов Сайд-ХIусайн дуьхьал хилла полицига ха дайта, амма ша маьрша ца хета цунна. Шена кIелояр нохчийн Iедалхойн омраца дара аьлла цо.

"Австрин полицино само йира, суна чIогIа дика хета церан лелар. Полицино шаьш со Iалашвийр ву аьллера, амма со болх беш ву, ткъа даим а хаца лела суна атта хир дацара, цундела ца оьшу аьлла ас", - дIахьедина Магомадовс "Кавказский узел" интернет-ресурсан корреспонденте.

Ша вен кхачийна нах Нохчийчохь бу аьлла хета блогерна.
"Со тешна ву, со вен тIелаьцначеран мотиваци ахча хиларх, ткъа царна суна кIелояр тIедиллина Нохчийчоьнан урхалло", - боху Магомадовс.

Кадыровн критик хилла Умаров Мамихан 2020-чу шарахь Венехь верна бехке волчу кхааннан цIе ша якккхарца дузу цо, шена тIаьхьабовлар.

"Шо хьалха йинера ас и видео. Схьахетарехь, и ду бахьана, амма бекхам бар ас лелош йолу йоллу блог хила тарло", - аьлла Магомадов Сайд-Хьусайна.

Цо дийцарехь, Нохчийчохь бехачу, ша дIакъастийначу шен гергарчу нахаца зIе яц цуьнан, цундела царна Iедалхоша тIеIаткъамбарх хууш хIума дац цунна.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикна Магомадов Сайд-Хьусайнна вен Iалашонца дан гIоьртина тIелатар юкъахдаьккхина Австрин къайлахчу сервисаша аьлла, кхайкхийра нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-канало, шайга хаийтинчу хьостан цIе а ца йоккхуш.
  • 2020-чу шарахь дозанал а арахьа вийра Кадыров Рамзанан политикан ши оппонет – Австрехь веха блогер Умаров Мамихан а (Венера Анзор), Кадыровна луьйш лелла Францера Алиев Iимран (Мансур Старый) а.
  • Цул совнах Швецехь тIелатар дира нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона.
  • Стохка Товбеца-баттахь Европехь вехачу блогеран Мализаев Минкаилан вашас гечдар дийхира, шен гергарчу стага массарна а хезаш Кадыров аьшнашварна. Нохчийчоьнан Iедалхойх лаьцна иштта негативе къамелаш ден политикан мухIжар Умаров Мамихан Венехь вийначул тIаьхьа дIаязйира цо шен видео.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG