ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъярхочун Янгулбаевн Соьлжа-ГIалара гергарнаш зIене бовлуш бац


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь бехаш болу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран гергарнаш, ден агIор а, ненехула берш а зIене бовлуш бац, йа цIахь гуш а бац.

"Телефон дIаеттарх жоп луш стаг вац, йа зIене бовлуш а бац. Тхан бевза-безарш церан адресашкахула чекхбевллера, цIахь цхьа а ца крийна. Карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь вехаш хиллачу гергга ЯнгулбаевгIеран а, МусаевгIеран а шина доьзалх дерг хаа аьтто баьлла - 15 гергга стаг ву уьш", - дийцинаКавказ.Реалиига бакъоларъярхочо.

Уьш "бертаза дIабигина, тхан доьзал аьшнашбеш, тхоьгара бехкаш дохуьйтуш, видео дIаязъяйта бигина хила тарло уьш. Иштта репрессин барамаш Нохчийчохь лелош болу дикка хан а ю" аьлла хета Янгулбаев Абубакарна. Лахарчу Новгородера шайн нана дIайиггалц гергарнаш шайца зIенехь бара аьлла, билгалдьаккхина цо.

Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду аьлла, цхьа нах чулилхира Лахарчу Новгородехь бехачу ЯнгулбаевгIеран хIусаме. Курхалла лелорах долчу гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан нуьцкъаша суьдхочун болх бина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIабига бакъо луш, кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин суьдхочун статус хиларна, цунах куьйг Iотта йиш яцарна, полисхоша цхьа Мусаева дIайигира. Амма йиттинера оцу петар чохь мел хиллачунна, ЯнгулбаевгIеран доьзална а, адвокатна а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахошна а. ДIайигинчу дийнахь дуьйна Мусаева Заремигара хьал хууш дац цуьнан доьзална бакъонан статусехь.

Дечкен-беттан 21-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш. Цо дIахьедира, "оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь". Иштта цо чIагIдо, Соьлжа-ГIала ша схьакхачийначул тIаьхьа Мусаева "полицин белхахочунна тIелеттера, бIарг баккханза ваьлла иза" аьлла.

Кадыровс чIагIдо, ЯнгулбаевгIеран доьзал IАДАТ оппозицин телеграм-канлаца боьзна бу бохуш. Шоьтан дийнахь вистхуьлуш цо бехкебина ЯнгулбаевгIерани доьзал террористийн агIончаш а бу. Туркойчхочхь полисхочун лаьттинчунна тIелатар дарна а гунахь бу аьлла.

Цултсовнах, Кадыровс кхайкхамбина Оьрсийчуьрчу Лакхарчу кхеле Янгулбаев Сайди суьдхочун статусах ваккха аьлла.

Кадыровн дешнаш бакъ цахиларх дIа а хьедеш, Янгулбаев Сайдин а, Мусаева Заремин а воккхаха волчу кIанта Янгулбаев Абубакара кхайкхамбина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, "Дождь" телекална интервью лучу заманчохь, Нохчийчоьнан куьйгалхо волчуьра Кадыров Рамзан дIаваккха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG