ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мичара ваьлла "маьршачу" Нохчийчохь 16 тIемало?


Кху шеран кхаа баттахь, шаьш бинчу белхан жамIаш дийцаре деш кхеташо дIаяхьна Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Цигахь дакъалоцуш республикан лакхара даржхой хилла, мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан коьртехь а волуш.

Цундела, жамIаш дуьйцуш, кхаъ бокхучу кепехь дина иза полицин хьукматан куьйгалло. Иштта бечу хаамца, оцу кхаа баттахь махкахь вийна 16 тIемало а, 2 тIеман баьчча а. Иштта 50 сов жима стаг Шема воьдучура юхаверзийна, уьш цига хьовсийна 2 стаг а лаьцна.

Оцу юкъанна, дуккха а герз а, цуьнан гIирс а схьабаьккхина полисхоша. Иза Iалашдина 11 меттиг гучуяьккхина, 53 масатоп а, тапча а, 30 мина а, 34 йоккхачу тоьпийн хIоъа а, 57 граната а, 3 оьккхург а, 30 кила тротил а, 4000 патарма а схьадаьккхина.

Гуш ма хиллара, жигара тIом боьдучу хенахь хиллачу статистикан тIера санна ду и терахьаш шен дукхаллийца.

Меттигерачу юкъараллехь кхетош дац, муха-мичара девлла полисхошна сел лаккхара терахьаш. Оццул дукха тIемалой махкахь хилар муха догIу, Iедалша, уггаре а паргIат а, маьрша а регион ю Нохчийчоь бохуш хилча.

Иштта хета, масала, Соьлж-ГIалара вахархунна Асхабов Лечина.

Асхабов: "Вай республика кхерамзалла йолуш ю, схьаоьхуш туристаш а бу бохуш, дуьйцуш ма ду массанхьа. Ткъа 16 тIемало а тIеман 2 баьчча а муха вийна кхаа баттахь?"

Оцу дуьйцучу къамелаша шега алсам сагаттадойту, бохуш кхин дIа а дуьйцу Соьлж-ГIаларчу вахархочо Асхабов Лечас.

Асхабов: "Шичой а, кхиболу гергара нах а бу сан шортта. ХIинца царна а саггатадан деза сан".

Полисхоша дIаяхьанчу оцу кхеташонехь дийцаре дира, кегирхошна юкъахь, цара зулам дале профилактика ян езаш хилар. Зулам дала тарло, нах тидамехь латто беза, уьш Iуналлехь хила беза, бохуш дийцира кхеташонехь.

Соьлж-ГIаларчу вахархочунна Бакаев СаIидана хетарехь, цкъа ког шершинчу стагана иза велла дIаваллалц тIехь детташ Iаткъам а ца беш, цунна дуьхьал даха деза Iедалш кхетарца.

ТIаккха, харц новкъа ца бовлуш нах совца а мега, элира цо. Европехь дуккха а хан а яьккхина, цIавирзина ву и СаIид, цунна гина цигахь, мел къахьоьгу Iедало адам нисдалийтархьама.

Бакаев: "Дуьххьара адамийн дахар ду тергоне эца дезаш. Оцу хIуманна алсам тидам ян безара цунна тIехIиттинчу наха.

Цкъа иза галваьлча, иза хIаллакван а ца гIерташ, некъ бала беза цунна кIелхьаравала. Iедалан программаш а хила еза оцу нахана лерина. Германехь цкъа а, шозза а иштта кIелхьараволуьйту, ткъа 3-4-5 ахь юха а и зуламаш деш хилча, тIаккха буьрсалла гойту".

Кху шеран байинчу тIемалойн терахьаш, стохкалерачаьрца дуьстича, йоккха башхалла го.

Масала, стохка цхьаболчу хаамийн гIирсаша бечу хаамашца, махкахь вийра 18 тIемало.

XS
SM
MD
LG