ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боксёр Козаев: Со хIинца Куршлойн-Эвлахь вехаш ву


 Козаев Асланбек (аьттоагIор)
Козаев Асланбек (аьттоагIор)

Боксехула IBO версийца дуьнена чемпион, хIирийн къомах волу Козаев Асланбек, Нохчийчура «Ахмат» цIе йолчу клубан юкъавахана. Оцу хаамо, Нохчийчохь дукха нах цец ца баьхна, хIунда аьлча кхузахь кечамаш а беш, кхузахь лата лууш а дукха спортхой бу.

Хьалхара бахьан ду толам баьккхинчу спортхошна цхьа а хIума Iедалша кхоош ца хилар. Цундела веара кхуза футболан тренер Гуллит Руд а, боксхо Чагаев Руслан а, кхиберш а. Боксехула чемпион волчу Козаев Асланбека шен бахьанаш а дийцира ша Нохчийчу варан.

Козаев:«Ас дукха хенахь дуьйна сатийсинера, «Ахмат» клубехь а волуш, боксехула лата. Со хIинца Куршлойн-Эвлахь вехаш ву. Дика спортзал а, мел оьшу хьелаш а ду цигахь. Ткъа вуьшта-м суна «Ахмат» клубе ваха дагадале, сан лаам бара Нохчийчу а воьдуш Iамораш дан. ТIаккха суна гира цигахь спортхошна мел чIогIа гIо деш ду: хам а бо спортхойн, дика совгIаташ а ло, хьелаш а диканаш латтадо».

Козаев нохчийн клубан цIарах леташ хир ву аьлча, дукхачарна хазахеттехь а, Козаев Асланбек схьаваьллачу ХIирийн махкахь дукхаяу наха къобал ца бина цуьнан и сацам. Спортах ца кхетачара емал до ша динарг, ткъа кхетарш шена тIетайна боху Козаевс.

Козаев: «Оха кхузахь барт а бина контрактан кIел ас куьг таIийча, ХIирийн махкахь, спортах кхетачу дукхачу наха со декъалвира. Уьш кхетара сох. Ткъа спортах кхеташ боцурш суна лен буьйлабелира, со кхечу клубе вахана, кхечу махка дIавахана бохуш.

Соьга Эдилов Валида а аьлла ас сой дика гайтахь дерриг кхин дика хир ду аьлла. ХIинца сох доьзна ду-кх дерриг. Дала мукъалахь ша дерриг дика хир ду».

Ала догIу, спортхо Козаев Асланбек бусулба дин тIеэцна ву. Итт шо ду. ХIирийн махкахь чIогIа ду хIинца а шира Iадаташ, шаьш керста боллушехь. ХIетте а, шен гоно: гергарчара а, доттагIаша а тIеийцира ша бусулба дине валар, аьлла дуьйцуш вара «Ахмат» клубе дехьаваьлла боксёр Козаев Асланбек.

Козаев: «Ас бусулба дин тIеэцча дукха нах Iадийнера. ХIирийн махкаь бусулбаниш беха яьрташ ю Чикола а, Лескен а. Церан дай а хилла бусулба. Амма хIинца дуккха а меттигашкахь бусулба дин тIеоьцуш ду. Ас бусулба дина тIеэцначу хенахь Рузбан дан маьждиг ах а ца дузура. Ткъа хIинца-м шолгIачу гIат тIехь а меттигаш цатоьу.

Ас бусулба дин тIеэцча дукха нах цецбевлера. Амма сан гоно а, сан дас-нанас а тIеийцира иза. Халахеттера, амма тIе-м ийцира. Сан ден-нанна со дукха веза. Со бусалба ву аьлла со дIа ца теттира цара.

Къилбаседа Кавказехь къаьсттина кхаа махкахь ( Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ХIирийчохь а) чIогIа яьржина ю охьатохарах латаран спорт. ХIора махкара дуьненан а , Олимпан а чемпионаш а бевлла. Ткъа бокс юьстах лаьтташ яра билгалдоккху Козаев Асланбека.

Козаев: «Церан (латархойн) шортта меттигаш ю царна Iама. Яьккхий комплексаш а ю. Ткъа боксхойн цхьаъ-шиъ бен меттиг а яц. Цхьаъ керла хьалайина ю сан уллерчу доттагIчо шен чоьтах. Ткъа вуьйш меттигаш тиша ю, лийча меттиг яц. Бакъдерг дийцича, чемпион хила луучуьн тоьлла хьелаш оьшуш дац. Делахь а уьш дика хилча атта хуьлу чемпион хIотта».

ТIебогIучу баттахь «Ахмат» клубан цIарах Саратовхь Намибера спортхочуьнца Ушон Бетуэльца латавезара ву Козаев Асланбек.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG