ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брейвикан дохковалар


Норвеги -- Брейвик кхелехь, Заз. 15, 2016
Норвеги -- Брейвик кхелехь, Заз. 15, 2016

Норвегехь вархI шо хьала ша 77 стаг верна эххаре дохковаьлла Брейвик Андерс. Цунах лаьцна хаам бина Verdens Gang зорбанан гIирсо, тутмакхо ша набахтан куьйгалле яздинчу кехатана тIе а тевжаш.

Брейвика чIагIдо, ша радикалан националистийн идеологи йитина бохуш. Иза дуккха а хIума лур долуш вара 2011-чу шарахь хилларг ца хилийта.

Норвеги -- Уьтоьйа гIайре. Брейвика байинарш балхош бу гергарнаш. 25Товб2011
Норвеги -- Уьтоьйа гIайре. Брейвика байинарш балхош бу гергарнаш. 25Товб2011

Кхелан психиаторшна хетарехь, цу кепара шех къа а хетийтина, шена набахтехь яккха тоьхна хан лахъяйта гIерташ ву Брейвик. Хьалхо цо дIахьедар динера набахтехь шен ойла кхин а кIаргъелла, ша нах байале хьалха хиллачул а аьлла.

Стохка Мангал-баттахь Норвегин лакхарчу кхело тергал ца беш битира Брейвика шен набахтеран хьелаш ледара хиларан хьокъехь бина латкъам. Цул хьалха Ослон кIоштан кхело иза латто хьелаш адамалле дац аьлла, сацам бинера цунна 35 эзар евро барамехь компенсаци яла еза аьлла, амма иза тIаьхьо дIабаьккхира.

2011-чу шарахь Ослорчу Ιедалан гIишло а эккхийтира, Уьтоьйа-гΙайри тΙехь бераш садоΙучу лагерехь герз а диттира Брейвика. 77 стаг вийра террорхочо, 150 сов чевнаш йина вара.

Брейвик къера хилира ша зулам дарна. 21 шо хан туьйхира цунна набахтехь такха. Иза дуьххьара стаг вара Норвегин кхело оццул луьра таΙзар динарг.

Уьтоьйа-гΙайри тΙехь Брейвика герз детташ адамааш дойуш воллучу хенахь цунна дуьхьал вала гIоьртина хиллера нохчийн ши кIант. И шиъ вара Норвегерчу мухIажирийн доьзалшкара Джамаев Мовсар а, Даудов Рустам а.

Даудов Рустам а, 16 шо (аьрро), Джамаев Мовсар, 17 шо (аьтто)
Даудов Рустам а, 16 шо (аьрро), Джамаев Мовсар, 17 шо (аьтто)

Наха тоьшалла а деш, ткъех сов бер къелхьардаьккхинера цушимма, бохам хуьлчу меттехь, тIулган тоьла а лехна, цу чохь уьш дIа а лачкъийна.

Цу деношкахь шуьйра дийцира нохчийн кхиазхоша гайтинчу доьналлах а, майраллах а лаьцна. Маршо Радион Оьрсийн сервисан корреспондентан Кириленко Анастасиян аьтто белира Даудов Рустамаца телефонехула къамел дан.

Шаьшшимма динчух дозалла деш вацара шаьшшиъ, иза гIардаьккхинарш шайца хилла йоIарий бара бохуш, дицира Даудовс: "Цуьнах лаьцна охашимма цхьаьнге а хIумма а ца дийцинера. Кепаш а хIиттош дозаллаш дан ца лаара тхойшинна. Со сой а ца кхийтира дуьххьара журналисташна иза мичара хиинера бохучух.

Цара элира, шайга телефон а тоьхна дийцина иза аьлла. Уьш мехкарий бара, охашимма динарг гина болу. Цул тIаьхьа тоьхнера тхоьга телефон журналисташа. Ойла а йина хIинца хууш хилча аьлла, охашимма а дийцира хилларг".

Брейвикана дуьхьалваьлла хьо а, Мовсар а бен кхин цхьа а варий аьлла хаьттича, иштта жоп делира Даудовс: "Схьаарехь кхин цхьа а вацара. Со нохчо ву. Ткъа Норвегехь и тайпаниг гина дацара. Тхо тIамах чекхдевлла дара. Ткъа царна моьттура цу тайпаниг кхузахь цкъа а хуьлийла дац".

Брейвика, къиза тIелатар а дина, адамаш дайина 6 шо сов зама яьлла. Цу хенахь Даудовн дара 16 шо, Джамаев Мовсара вара цул цхьа шо воккха.

Цу шина жимачу стеган кхоллам муха нисбелла цкъачунна хаа аьтто ца белира. Церан 2011-чу шарахь хилла телефонаш жоп луш яцара, ткъа Норвегехь бехачу, тхан зIене довла аьтто баьллачу нахана а ца хаара кхин царах лаьцна дIоггара дукха хIума. Царах яра, цо ша дийцарехь, дуккха а шерашкахь Норвгехь тховкIело йоьхуш хиллачу нохчашца болх бина йолу бакъонашларъярхо, лор Гранес Зоя.

Норвеги -- Ослохь Брейвика эккхийтина Iедалан гIишло, 23Товб2011
Норвеги -- Ослохь Брейвика эккхийтина Iедалан гIишло, 23Товб2011

Брейвикан истори зорбанан гIирсийн хьалхарчу агIонашна тIера дIаяьллачул тIаьхьа цу шина кIантах лаьцна кхин хезна хIумма а дац шена элира Гранеса. Амма Норвегера и шиъ дIавахана бохуш а ца хезна шена элира цо: "Дац, цаьргара хезаш цхьа а хIума дац. Суна ца хезна, уьш дIабахана бохучух лаьцна. Кхузахь бехаш хир бу-кх и кегийрхой".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG