ТIекхочийла долу линкаш

Интернетехь сих-сиха ган аьтто бу нохчаша, шайн синош а ца кхоош, цхьаъ кIелхьаравоккхуш я цхьанна гIо деш доьналла а, майралла а, комаьршалла а гайтина хиларх лаьцна хаамаш. Гарехь, тIемаша сема хила Iамийна вайн нах тIехбовлалучух тера дац, шайгара жимма а гIо оьшуш хьал хIоьттича.

Иштта, кху шеран бIаьста догучу цIа чуьра бер кIелхьарадаьккхира Москох Изумрудная урамехь машенахь вогIуш, цIе яьлла кIур а гина, цу орцах ваьлла цига ваханчу Чентиев Анзор цIе йолчу жимачу стага.

Уггаре хьалха цунна гинарг яра догучу цIа чохь дисина бер кIелхьарадаккхар доьхуш мохьбетта зуда. Шен берана тIехула догIа а тоьхна, балха яхана хиллера иза.

ЦIеяьлла аьлла хезна цIаедда яханчу нанна гинера йогург шен хIусам хилар. Массо а, сурташ а дохуш, лаьтташ бара боху цо, ша цига дIакъачча. ТIаьхьо цу зудчо, цуьнан цIе ю Саттарова Ирина, иштта дийцира хилларг.

Саттарова Ирина: «Анзор уггаре хьалха суна тIеведира. Цигахь бераш дуй аьлла, хаьттира цо соьга. Ас элира, сан бер ду цу чохь. Иза, ойла еш а ца Iаш, оццул йоккха цIе йоллушехь вахара цу догучу цIа чу».

Цу кеппара Хабаровскехь цIелетта йогучу троллейбусана тIенисвелла хиллера цу гIалахь боксан къийсадаларшкахь дакъалаца вахана хилла Дагестанехь боксах лата Iемаш волу Нохчийчура жима стаг Хасаханов Хьажмурад а, цуьнан накъостий а. Тренировка ян арабевлла хиллера уьш, цунах цIе йолуш.

НеIарш чIаьгIна а йолуш, йогуш хиллера троллейбус. Ойла еш а ца Iаш, кор а дохийна, цу чу а ваьлла, нах арабаха волавеллера Хасаханов, арахь болчу накъосташа гIо а деш.

Нохчийчуьрчу телевизионан эфирехь цо иштта дийцира хиллачух лаьцна.

Хасаханов Хьажмурад: «Дика дара тхо цунна уллехь хилла. ХIунда аьлча, 2-3 минотехь и тролейбус яьгна дIаелира. ТIаккха тхо бахьана долуш, Дала гIо дина, уьш берш а цу чуьра арабехира оха».

Уггаре хьалха Хасахановн доьналла а, майралла а хиларна 20 сов стаг кIелхьараваккха аьтто белира цу дийнахь.

Ткъа хIара хаам, оха хьалхо хьахийна ма хиллара, кхаьчна Францин къилба-малхбузехь Iуьллучу По (Pau) гIалара. Цигахь Гав-де-По хино хьочуьра бер хьаладаьккхина шина нохчийн кIанта

Цу гIалахь веха Усманов Адам а, Дукаев Беслан а хилла чIерий леца вахана. Хино хьош бер хааделла царна. Цхьаъ иза хьаладаккха хичу иккхина, вукхо полице а, лоьрашка а телефон тоьхна.

Орцадаьккхина 46 минот яьлча цига кхаьчна лоьрийн тоба а, полицин белхахой а. Оцу юкъанна шина нохчочо, дог меттадалош гIо а дина, лечуьра кIелхьараваьккхина 5 шо долу кIант.​

Хийистехь ловзуш чудахана хилла бер. Дас-нанас лоьхучу меттигал дуккха а лахахь схьалаьцна иза шина нохчочо.

Хиллачух лаьцна яздира оццу дийнахь Францерчу газеташа.

Тахана царах дозалла деш социалан машанашкахь вовше хаамаш беш бу вайнах.

Кхузахь дагаваийта веза Норвегерчу Утойа-гIайре тIехь 77 стаг вийначу Брейвик Андерсана тIулгаш детташ дуьхьало йина нохчий ши кIант - Жамаев Мовсар а, Даудов Рустам а.

Цу шиммо цу дийнахь 23 бер кIелхьарадаьккхира и трагеди хуьлчу меттехь тIулган тоьла а лехна, цу чохь уьш дIа а лечкъийна.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG