ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Малхбузенна бовзийта гIерта тхо вайнехан бохам"


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Еарриг а Европехь нохчий, гIалгIай бохийна де дагалоцуш цхьаьнакхетарш ду дIахьош Чиллан-беттан 23-чохь. Массо а аьлча санна Малхбузерчу пачхьалкхийн коьртачу шахьаршкахь дагалецамийн суьйренаш я митингаш кечйина вайнаха.

Францехь Парижехь а, Ниццехь а, Нантехь а дIахьура ду цу кепара цхьаьнакхетарш. Францин коьртачу шахьарехь нохчий а, гIалгIай а вовшахкхетарх лаьцна дуьйцу Парижехь вехачу историн Iилманчано Вачагаев Майрбека: „ТIаьхьарчу 18 шарахь цхьа а шо юккъера ца доккхуш Чиллан-беттан 23-чохь вовшахкхета нохчий. Кху шарахь иза Республикан майда цIке йолчу Парижан юккъерчу майданахь хир ю. Кегий а, баккхий а нах гулло цига, францхой а гулло, нохчашца озабезам болуш болу. И цхьа митинг ю аьлла хета суна массо а нохчий хIора шарахь гуллуш“.

Ниццехь хIора шарахь санна къам дохоран де дагалаца нах вовшахтухуш ву нохчийн, гIалгIайн ассоциацин куьйгалхо Магомадова Рамзан: „1944-чу шарахь вайнахана дина долу таIзар массарна а дIадовзийта Iалашо ю тхан. Францхойн маттахь брошюраш а ю оха кечйина. ДIадохор гина баккхий нах а, цигахь бинаберш а бу оха кхайкхна. Беллачарна тIера доIанаш а деш, сагIанаш а дохуш хIума дийр ду оха“.

Австрехь хазанехасанна мехала конференцин хьесапехь цхьаьнакхетар ду цигарчу нохчийн шина юкъараллин цхьаьнатохаралло дIахьош. „Ичкерия“ цIе йолчу цхьаьнатохаралло а, „Нохчийн нанойн маша“ цхьаьнатохаралло а кечйина ю и дуккхаъ австрихойн политикера а, исбаьхьаллера а хьеший кхайкхина йолу суьйре.

Никархо ИбрахIима дуьйцу „Тахана вай кхуза кхайкхина беза хьеший а бу, политикаш а, жигархой а. Вайн Iалашо ю кхузарчу Iедалашна вайн тIехь йина геноцид йовзийта. Цу тIехь вайн дика аьтто а баьлла кху шарахь“.

Къам дохор дагалоцуш цхьаьнакхетарш иштта Ослохь а, Хелсинкехь а, ХIаагехь а, Нью-Йоркехь а, цхьа могIа кхечу гIаланашкахь а дIахьош ду пIераскан дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG