ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьза вайна Шуьйтара эскархо карийна Бухенвалдан архивашкахь 76 шо даьлча


Германи -- Бухенвалдан ков, "Хорранна - ша лехнарг". Веймар,11Охан2013
Германи -- Бухенвалдан ков, "Хорранна - ша лехнарг". Веймар,11Охан2013

Тамашийна эскаре вахначул тIаьхьа Бухенвалдан йийсарехь кхелхинчу Шуьйтара Ильясов Хьамидан кхоллам.

1940-чу шарахь эскаре вигира Шуьйтара Ильясов Хьамид. Иза эскаре вахна дукха хан ялале, 1941-чу шарахь, хууш ма-хиллара, тIом болабелла. ТIом болабелча кехат кхаьчна Хьамидера, шайн эскар тIаме дигна, ша машенахь хьаькам лелош ву, аьлла. Эскаре вахале, деша а дешна, машен лелон бакъо яьккхина хилла Хьамида.

1942-чу шарахь, аьхка кхин а кехат кхаьчна Хьамидера. Цу тIехь цо яздина шаьш Киев йоккхуш тIом беш хиларх. И кехат тIаьххьара хилла цуьнан. Цул тIаьхьа цуьнан лар яйна, ткъа нохчийн къам 1944-чу шарахь советан Iедало дерриг а шийлачу Сибреха хьажийна. Хьамидца йолу зIе а хаьдда хилла. Иштта тIепаза вайра Шуьйтара жима къонаха Ильясов Хьамид.

1957-чу шарахь, Хрущевс бакъо а елла, дIадохийначуьра Даймахка цIадирзира нохчийн къам. Шайн кIанте сатуьйсуш, кхин цуьнгара кост доцуш эхарта дIадирзира Хьамидан да Ильяс а, Нана Заа а. Ткъа 1970-чу а, 80-чу а шерашкахь Москва-гIала шен деваша лохуш кехаташ дохьуьйту Хьамидан вешин кIанта. Дуьхьала жоп догIу, Ильясов Хьамидан цIе тIепаза байначу салтийн цIерашна юккъехь ю, аьлла.

Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, 1994-чу шарахь, хууш ма хиллара, Нохчийчохь тIом белира. Кхин а дукхе-дукха адамаш тIепаза а дайра, дайъа а дайъира. Нохчий дуьне мел ду дIаса а баьржира. Иштта Европе кхечира Хьамидан вешин кIентан йоI Ильясова Раиса а.

Вайначул тIаьхьа 70 шо даьлча а, шен вайна дедеваша вицвелла ца хилла цунна. Германехь "ЦIечу жIаран" белхалошка дийцина Раисас Хьамидах лаьцна. Вукхара цуьнан вина де а, меттиг а дIа а яздина, шаьш карон хьовсур ду, аьлла. Кхин дIа ша дуьйцур ду Раисас...

Ильясова: "Байна нах лохучарга хаийтира оха тхайн стаг вайна, аьлла, цуьнан вина хан а, меттиг а, цуьнан тIаме кхачар а, тIаьххьара кехат маца деъна а дIа а олуш. Цара элира, нагахь цуьнан ког Германин латта тIе баьллехь, цунах дерг дIаяздина хир ду, шаьш архивашкахь болх а бийр бу. Амма хан оьшур ю, собар дан дезар ду, элира."

Цхьа шой, кхо бутт хан яьлча, Германин архивера жоп кхаьчна Раисига. Жоп цецвоккхуш ду... 70 шо хьалха тIепаза вайначу Хьамидан лар карийна Бухенвальдан архивашкахь. Иштта цара схьатосу Ильясов Хьамида куьг яздина а долуш, цуьнан концлагерера картин сурт а. Раисас дуьйцу кхин дIа.

Ильясова: "Оха кехате сатуьйсуш, цхьа шой, кхо бутт хан елира. ТIаккха тхоьга Чиллан-баттахь кехат кхечира, шуьга баккха боккха кхаъ бу шайн, 40 миллион кехат юккъехь шун гергара стеган бух карийна шайна, аьлла. ЧIогIа боккха кхаъ бу иза, и массарна а хуьлуш дац стаг иштта, шуниг санна, схьакарош, аьлла дара кехат тIехь.

Цунах чIогIа боккха кхаъ хилира тхуна массарна а, цIахь болчу баккхийчарна а, кхузарчу тхуна а. Тепаза байначу шайн нахе сатуьйсучарна а чIогIа хазахийтира. Тхан дедеваша йийсаре вахна хилар а, цо цигахь яьккхина хан а, массо хIума а шайн терахьаш а долуш яздина дара кехаташ тIехь..."

Тамашийна бу 76 шо хьалха советийн эскаре вахначул тIаьхьа боккхачу тIаме а кхаьчна, цул тIаьхьа Бухенвальдан йийсарехь кхелхинчу Шуьйтара нохчочуьн Ильясов Хьамидан кхоллам.

Германин архивашкара кхаьчначу кехаташ тIехь яздина ду Хьамид 1942-чу шарахь йийсаре а лаьцна, ткъа 1943-чу шарахь, Iаьнан Iуьйрана пехаш дестаран бахьанца дIа а кхелхина, аьлла.

Кхечу къаьмнаша ишттачу турпалхойх фильмаш а йоху, тептарш а яздо, ткъа нохчий тахана а къона кIентий лаьхьте берзош бу, тахана а тIепаза байнарш лоьхуш а бу...​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG