ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Эвлаяалле боьду некъ"


Романова Софья

Нохчийчуьрчу Iедало эвлаяъ веш лаьтта Кадыров Ахьмадах

Кадыров Ахьмадан васт дестош схьадогIу махкара Iедал. Урамашна, маьждигашна, футболан клубна тиллина ца Iаш, ярташна а тахка йолийна Кадыров-воккхахчун цIе.

Муфтий ваьхначу ЦIоьнтарах Ахмат-Юрт баха деза хIинцачул тIаьхьа. Иза дар "Пайхамаран суннат" ду боху цхьаболучара.

Пайхамарийн могIарахь

Махкахь президент лаьттинарг сийлаллин Iарше ваьккхар – тоххара бирзина баьлла болх бу Нохчийчуьрчу Iедална.

Бусалбанашна даIваташ до маьждигашкахь "Ахьмад-Хьаьжин некъах" лоций, школашкахь тематикан сахьташкахь ло, Кадыров Ахьмадан сийдеш, кхалхар дагалоцучу барамашкахь Къоман Ден дарже воккху Кадыров. Цхьа гIала, цхьа юрт яц цуьнан суьрташ ирхъохказа, цхьа телегойтийла яц цуьнан турпаллалла ца дийца мукъа. "Кадыров Ахьмад", "Кадыров Ахьмад-Хьаьжа" – массанхьа а, массара а…

Амма хIинца рогIера Iалашо лаьтта кадыровхошна хьалха, экаме Iалашо – Кадыров Ахьмад эвлаяийн дарже хьалакхачор.

Махкарчу хьаькамаша а, цхьаболчу динан дайша а хьалхара гIулч яьккхина оцу новкъахь – Кадыров Ахьмад хьахийначул тIаьхьа: "Дала къайле цIинйойла цуьнан" олурш а бу царалахь. Ткъа бусалба динехь Пайхамарх, я цуьнан асхьабех, я хенан йохалла дуьнентIе биссинчу эвлаяэх бен ала йиш яц ишта. Церан могIара нисво Iедало Кадыров Ахьмад.

Таханлерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун да кхалхар исторехь къомо лайначу баланийн декъа дуьллу пропагандисташа. Масала, меттигерчу телегойтийло цуьнан валарх хилла Iаткъам тарбо 1944-чу шарахь къомо ша махкахдаьккхича а, шина тIамехь а лайначу баланех.

Хууш ма-хиллара, Кадыров-воккхахчо, ша Нохчийчоьнан Ичкерин муфти Iачу 1995-1999-чу шерашкахь, Оьрсийчоьнна дуьхьаллатта, жихIад даккха, олура нохчашка. ТIаьхьо хийцира цо шен дог-ойла, Кремлан агIо а лаьцна, къийсавала хIоьттира Ичкерина дуьхьал. 2003-чу шарахь президент хилира цунах, амма дарже хиина ворхI бутт баьлча, Оьрсийчоьнан Толаман Дийнахь, эккхийтира Соьлж-ГIаларчу стадионехь.

Дийнахь а, буса а дуьйцу "Ахьмад-Хьаьжин турпалаллах" а, цо "къоман дуьхьа са дIадаларх" а лаьцна махкарчу хаамийн гIирсаша.

"Халкъан а, даймахкан а дуьхьа турпалхочо гойту хьуьнар Дала ша къастийначунна луш делахь, стаг нийсса дIа эвлаяалле кхачош хьунар ду иза", - аьлла мах хадийра цкъа Кадыров Ахьмадан меттигерчу цхьана радиостанцино.

"Ахьмад-Хьаьжин новкъахь" вацахь – Далла дуьхьал ву хьо

"Кавказ.Реалиино" теллира, муха тIеоьцу Нохчийчуьрчу могIархоша Кадыров Ахьмад сел чIогIа вазвина вийцар.

" Эвлаяийн декъа язвина вац иза хIинца а?" – бегашбарца хаттар до тхан хаттарна дуьхьал Соьлж-ГIаларчу яхархочо Айзас.

"Со телевизоре ца хьожу, амма YouTube хIиттийна видеош го суна, нохчийн прессо кечйинарш а нисло царалахь. Эвлаяах санна бен дуьцуш а дац цунах лаьцна", - боху Айзас.

Цо дийцарехь, "дукха хан ю махкарчу низаман дайша а, Iеламнаха а Кадыров Ахьмадах Делан вели вина а, иза оцу даржехь хиларх нах тешош уьш хьийза а".

"Нагахь санна хьо иза къобалдеш вацахь, олу, вац бусалба а. Цкъа хезна суна цхьана моллас къамелдеш. Дага ца догIу иза мила вара. "Ахьмад-Хьаьжин некъ – Делан некъ бу", бохура цо", - дуьйцу Айзас.

Зудчунна хетарехь, Кадыров-воккхахниг эвлаяийн тIегIана ваккхарца шаьш летийна къинош тIерадаха гIерта Iедалера нах.

"И "Ахьмад" охьадилла дагахь бац уьш. Велча вита а ца бохку. Дела хьахочохь даима а йоккху и цIе, иза динан дакъа долуш санна", - боху нохчийн цхьана юьртарчу Iабдуллас.

"Ма луъу яхийша цIе! Цунна ламазаш а дайша! Иза сан гIуллакх дац. Амма нах ма хьийзабайша! Алал ас, суо вахьахь, сан некъ Пайхамаран сунница бу, ас оцу стагах Делан накъост вийр вац, ширк дийр дац! Ма вон тIекхор вара со!" – воьлу Iабдулла.

Соьлж-ГIалара студент Зеламха реза ву Айзас а, Iабдуллас а дуьйцучунна. "Церан эвлаяъ ву иза дукха хенахь дуьйна. ХIора даIватехь буьйцу имамо "Ахьмад-Хьажин некъ", - тоьшалла до цо.

Зеламха ца кхета, хIун "некъ" бу Iедалхоша буьйцург, "технологеш, Iилма, синбахам кхиочу метта, сан пачхьалкхо суна дийнахь а, буса а хьоьхург цхьаъ ду – Ахьмад-Хьажин некъ. Со декхаре вац оцу новкъахь ваха. Iовдалалле, бодане вуьгу некъ бу иза", - чIагIдо жимчу стага.

"Пен лаьтта паччахьний, дуьненний юкъахь"

Нохчийчуьрчу цхьана институтан хьехархочунна Асланна (цIе хийцина оха – ред) хетарехь, Кадыров Ахьмад хестор долийнарг вац цуьнан кIант.

"Рамзан шена хIоттийначу хьолан карахь ву мелла а. Муьлххачу а тоталитаран пачхьалкхехь пен лаьтта паччахьний, дуьненний юкъахь. Дахар ма-дарра ца гойтуш, цунах дIакъастийна кхобу иза цуьнан гоно. Иза мел дукхавеза массарна а, дуьненна иза мел оьшу, мел сийлахь ву Далла гергахь, бохуш дуьйцу цуьнга цунна суждане оьхучара. Ишта ду иза чухиина Iен лоппаг, цунна ца девза гонахара хьал. Авторитаран Iедал ду цуьнгараниг а, цул лакхарниг а", - боху Аслана.

Иза тешна ву, Кадыров цуьнан гоно, шайна иза оьшу бохуш, Iехавеш хиларх. "Цоьнтаран цIе хийцар – иза боламан юьхь бен яц. Соьлж-ГIалина а кхочур ю рагI. Дукха хан а ца оьшу", - Асланна гарехь.

Соьлж-ГIаларчу ЖовхIарна хетарехь, Iедалан ден го цунна мотт хьакхарца шарбелла богIу.

"Кхеташ ю церан тактика: стагна хьо везавалийта лаахь, хестабе цуьнан гергарнаш. БIаьргаш чу а хьоьжуш, ша паччахь хестор доккха хIума дац. И кеп шена паччахьна а кIордийна, хетарехь, цундела, иза резавеш, керла кепаш леха еза. Цхьа вариант ю Кадыров Рамзанан гонна - да эвлаяийн тIегIана ваккхар. Кхин а боккха хастам беш, муьлха кеп царна хIинцачул тIаьхьа карор ю хаа лаьара суна", - боху ЖовхIара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG