ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гериев Жалавди: Бехке вац со цхьанна а хьалха


Филиппович Екатерина

Политика бахьанехь набахти текхна ваьллачу нохчийн журналиста дуьйцу Iазапах, дешан маршонах, боцу бехк тIекхолларх лаьцна

"Кавказский Узел" газетан цIарх Нохчийчохь болхбечу юкъанна набахте хьажийна хилла Гериев Жалавди оршоьтадийнахь ваьлла шена махкарчу кхелаша дина таIзар текхна. Наркотикаш лелорна бехке а вина, кхо шо даьккхина цомехкан Чернокозоворчу набахтехь.

Кхо шо хьалха, Соьлжа-ГIаларчу аэропорте воьдуш лаьцна, вадийра иза герзхоша. ТIаьхьо даржийра, цуьнгарчу тIоьрмиг чохь кIомал карийна аьлла.

"Мемориал" Центро политикан тутмакхийн могIара ваьккхира Гериев, бехк цунна тIекхоьллина хилар а туьдуш.

"Кавказ.Реалиина" интервью елира Жалавдис ша мукъаваьккхинчу дийнахь, дийцира шенний, Титиев Оюбанний "бехкашна" юкъахь хIун билгалонаш ю.

– Жалауди, кхо шо даьккхи ахь набахтехь, хIинца махкара дIа-м гIур вац хьо?

– Бахьана беламе а долуш, наркотикаш лелийна аьлла, кхо шо текхна ас. Оццул къиза тIетесна бехк а болуш, цхьаммо а ца элира соьга, стенна яздина ахь газетехь хIара я важа. Данне а ца дира иза. ХIинца со мукъа ву, амма хIуманна а бехке вацара, со цIена ву. Цундела махкара ваьлла, дIаваха цхьа а ойла яц цкъачунна. Лиича а, арахьара паспорт а дац сан, иза сан хIуманашца цхьаьна лачкъийра суна дуьхьал дов кхуллучу хенахь.

– Набахтера араваьллачунца хуьлуш ма-хиллара, Iедало тергонан раже хIоттийний хьо?

– ХIан-хIа, тергонан раж ца хIоттийна.

– Нохчийчохь хьайн журналистан болх дIакхехьа ойла юй хьан?

– Хала ду ала, цкъачунна цунах ойла ца йина ас. Цкъачунна суо меттавало веза ас, цIийнах вола деза, гергарнаш ган беза. Цул тIаьхьа йийр балхах а, кхечу гIуллакхех а ойла.

– Муха хета хьуна, цхьана могIарара юй Кавказан къаьмнийн ассамблеян куьйгалхочунна Кутаев Русланна а, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран декъан хьаькамна Титиев Оюбна а, хьуна а йина кхелаш?

– Ца хаьа. Юкъарло дан-м ду. Масала, сой, Титиеввий, шо бен юкъахь доцуш, оццу Куьршалойн кIоштарчу полицино лецира. Цхьа белхахой бу суна а, цунна а дуьхьал кхел яьккхинарш. Со луьрачу хьелашкахь латточу изоляторе ваккхийтинарг а яра Титиевна кхел йина йоллу Шелара Зайнутдинова.

Талламхочо суна бехк кхуллучу юкъанна, чохь валлочу соьгара сакхт даььла аьлла, Зайнутдиновас шина кIиранна изоляторехь луьрачу хьелашкахь кхаба кхел йира суна.

БехктIебахьархой а, харц тоьшаллаш дийраш а бара сан а, Титиевн а цхьа нах - изза Ахматов а, Байтаев а. Тхойшиннан а кхелехь, хIумма а эхь ца хеташ, аьшпаш биттира цара, наркотик хIун ю хиина а доцчу тхуна дуьхьал тоьшаллаш дира. Ма-гарра ду-кх, дера ю зIе-м.

Набахтехь Кутаев вайра суна, тIекхоьллинчу беканна чувоьллинера иза хьалхо. Суна а, Титиевна а бухакхоьссинарг кIомалан цхьа тIоьрмиг бу, хетарехь, ткъа Кутаевна ченан хьесапехь йолу наркотик бухакхоьссинера.

- Хьо хIетахь вадочу муьрехь, цхьаммо а, сацабе журналистан болх, аьллерий хьоьга, динерий цхьа а и тайпа къамел?

– Со вадавале хьалха дацара иштаниг хилла а. Цхьа хIума гучуделира тIаьхьо, кхаа дийнахь-буса тхан хIусамах тидамбеш Iийнера бевзаш боцу цхьа нах, суна дуьхьал кхелехь тоьшалла дечу наха хаийтира уьш полисхой хиллийла.

Со Соьлж-ГIаларчу изоляторехь волуш суна тIелелачу ФСБ-н белхахоша хоьттура соьга сан балхах, "Кавказан Узелх", "Мемориалах" лаьцна, со дозанал араваьлла, кхечу мехкашка вахана лелла хиларх лаьцна. Цара хоьттура, стенна ваханера со Норвеге Iилманан конференце. Хаа гIертара, юй сан Европерчу журналисташца а, бакъоларъярхошца а зIенаш.

– Хьо вадийна, левечу муьрехь йиттирий хьуна?

– Суна дуьхьал гIаттийначу бехкца доьзна со ца левира цкъа а. Йиттира, амма ца хоьттура хIумма а. Талламчас хIиттийна харц кехаташна буха куьгтIаIаде бохуш, йиттира.

– Хьайна гIелоярх лаьцна арздирий ахь?

– 2016-гIачу шарахь дира ас со тIекхетта вадорах, сайна еттарх лаьцна арз, сан кхел йоьдучу муьрехь дара иза. Къилбаседа Кавказан Талламан комитетан урхалло ворхIазза, бехкечарна дуьхьал дов ца гIаттош, юхадехира сан дехарш. Уьш низамехь дац, олий, тIе ца оьцура цул лаккхарчу хьукмато. Суна хууш, хIинца борхIазлагIа а, со вадор ца толлуш, дуьхьало йина талламо.

– Набахтехь, харцхьа лелла олий, таIзарш кхайкхадора хьуна. Хуьлурий иза хьан бехкенна?

– Хетарехь, ца лора ас бахьана. 2018-чу шеран гурахь Новр-ГIаларчу кхело кхочушдира сан дехар – магийра со хенал хьалха набахтех мукъаваккха. И сацам мехкан прокуратуро юхабаккхийтира. Шо довш юха а хилира сан дехарца Новр-ГIалахь кхел – бахьана ца дуьйцуш, со мукъа цавалийта сацамбира. Цу тIе, яздира кхелахочо шен сацамехь: харцхьа лелла хаавелла вацаро ца гойту со нийсачу новкъа ваьллийла, гойту айса дандезарг со деш вуйла, аьлла. Цундела хIара шо дIекхаьчча сацийра ас дехарш дар – ца тешара хенал хьалха суо аравер ву бохучух.

– Хьо набахте хьажор муха лайра дас-нанас?

– Доьналлах ца боха гIертара уьш, ткъа со-м кхетара царна атта доцийла, суна халахета цаьрга ас сайна сагатдайтина. Теша лаьа, кхин ишта бохам со бахьанехь царна бериг цахиларх.

– Муха туьдура хьан набахте кхачар бухарчу наха? Хаьарий царна цунахдолу бакъ бахьана?

– Дерг ала деза, Нохчийчуьра набахтийн система, Оьрсийчуьрчу хьелашца дуьстича, тоьллачех ю. Набахтин куьйгалхоша ца йора суна цхьа а гIело. Сайн цхьа гIуллакх хилча, набахтин куьйгалхочунна тIе а вахана, кхочушдойла хуьлура сан.

– Кадыров Рамзана [Нохчийчоьнан куьйгалхочо. – Ред.] прессехула Iедална луьйраш сецо беза аьлла. Иштачу хьолехь кхераме дуй-те хьуна махкахь саца?

Рамзан Кадыров говорит об усилении борьбы с инакомыслием через СМИ. Опасно ли вам в такой ситуации оставаться в республике?

– Ца хаьа суна оцу дIахьедарх лаьцна хIумма а, со хIинцца ваьлла набахтех мукъа.

– Хьо маьршаваьлча, хIун дира ахь дуьххьара?

– Суна мелла а кхечу хьесапехь гора айса сатуьйсу хиндерг. БорхIалгIачух ах даьлча гIаттийра со, Iуьйранна, кехат делира соьга, набахтин хьал дац суна тIехь аьлла цхьаццанхьахула чекхвалийта, цул тIаьхьа сиха арахийцира. Гергарчара вадийна цIакхачийра. ХIинца сан болх чуоьху веза-вевзарг тIеэцар бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG