ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ас дуккха диканаш дина пачхьалкханна, ткъа цо суна - хIумма а"


Саламова Елена

Нохчийчуьрчу бахархошна ца карабо белхаш, ткъа цхьаболучарна шайна а ца лаьа Iедална болх бан

Официалехь дIаязбалаза белхаш бечийн процент уггаре дукха ю Нохчийчохь. Росстато (пачхьалкхан статистикан урхалло) гойту махкахь къинхьегамхойх 64% Iедална болх беш бацар.

Базаршна, доларчу фирмашна вацар лоруш а дац

Буьйцу болх бац Iедалан хьукматашкарниг, бу, луш алапа а долуш, иза къайла а ца хьош, наха шайн гергарчу, бевзачу нехан доларчу фирманашкахь бийриг. Ишта болх бечех "формалехь боцу къинхьегамхой" олу Iедало.

Нохчийчуьра белхазалла къайлахьо ишта зераш дечу Iедало. Бакъдерг ирча ду: цхьана а кепара балхахь ларалуш а боцуш, Iедална шаьш даьккхинчу рицкъанах дакъа а ца деш, йолах наханна цхьацца белхашка леларш вуно дукха бу махкахь.

Бакъ сурт ган таро ю Федералан Ялъэцаран Урхаллехь – цуьнгахь ду пачхьалкханна лучу йолан терахьаш. Масала, 2013-чу шарахь Нохчийчохь къахьега де долучу бахархойх 16 проценто бен ца елла бинчу белхах ял. Ткъа хаа йиш яц тIаьххьарчу шерийн и терахь – ахчанца бен ца гойту хьал Урхалло.

Статистика къовзийна елахь а, хаало наха шо шаре мел долу кIезиг ял пачхьалкханна луш хилар а, "къайлах экономика" Нохчийчохь есташ хилар а.

Iедална ял ца луш, "къайлахчу белхашка" нах лелар дац церан бехканна – бац царна кхин некъ. Карарчу хенахь къоначу нохчашна шайн хаарш доларчу фирманашна дIадала бен ца дуьсу. Ткъа оцу фирманаша дукха хьолехь къайлахьо шайна беца нах – жоьпалла а, ен харж а лахло тIакха.

Соьлжа-ГIаларчу цхьана кафе куьйгалхочо нах официалехь балха цаязбар дузу цхьана метта болхбан луурш махкахь кIезиг хиларца: "Стенна оьшу, - боху цо, - массех бут балале дIагIонверг белхан меттигна тIеязван?".

Соьлжа-ГIалин урамашкахь, майданашкахь кофе юхкуш лаьттачу меттигашка дукха нах дIаоьцу долахоша, амма ахча ло царна цара даьккхинчуьнга хьажжина. "Ас эха шарахь йоьхкира кофе, амма ца язбира белхан меттиг кехаташца суна тIе. Виза яккха а дезна, ас со балхахь ву боху кехат дийхира фирмин дега. Делира иза суна – амма цу тIехь яздина дара со цхьана реклама ечу агенталлин белхахо ву аьлла", дийцира "Кавказ.Реалиига" Соьлжа-ГIаларчу вахархочо Илеса.

Вахархо, политике ца гIиртичхьана, тесна витина ву

Нохчийн цхьана юьртарчу къаночо Мохьмада (цо доьху тхоьга ша волу меттиг а, тайпан цIе а цайовзийтар) пачхьалкхан хьукматашкахь къахьегна советан заманахь, цахеддаш елла ял а.

ХIинца Мохьмад бизнесхо ву – моз духку цо. Шен "фирмолг" Iедале яккха, ял охьаюьллуш болх бан ца лаьа цунна. "Ас дуккха диканаш дина пачхьалкханна, ткъа цо суна - хIумма а. Тхо Iедало тесна дитина нах ду, ма-моггу дуьйлу хенера. Вац со цхьанна декхаре", элира воккхачу стага.

Иштачу хьолехь ду Кремло Оьрсийчоь кхиоран стратегехь бохург: Нохчийчоь кхиорехьа пайде бух бу цигахь "адаман потенциал лакхара хилар" – аьлча а, дукха бераш ден мохк иза хилар. "Кадрийн дефицит хIоттарна кхерам бац Нохчийчохь", "болх бан хьаьгнарш алссам хиларо тоьлла нах балха эца аьтто бо пачхьалкханна", боху документо.

Амма ца гойту Стратегино, муха, хIун дан деза "къайлах къахьоьгу нах" легале баха, цаьргара ял муха яккха еза.

Естийна го пачхьалкхан куьйгалхоша хIоттийна Стратеги. "Нохчийн Республика- 2025 – адам кхиорца хIоттийначу балансехь, экономикехь, инфраструктура кхолларехь, массо а хIуманехь – ГАРМОНИ" аьлла ю документо кхуллу перспектива.

Нохчийчоьнна кхаьчна аьтто бу "цигахь наха а, федералан центро а лору, тоьлла лидер хилар", боху Стратегино. Делахь а дац дуьйцуш, муха лахйийр ю вуьйцучу лидеро мехкан сервисера къайлах сегмент, хIун дан деза бахархой Iедалх цатешаш хилча. Кхеташ ду, луург стигалнаша охьалуш волу туьйранера Хьасан Iабдурахьман ибн Хаттаб вац Кадыров Рамзан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG