ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

75 шо кхаьчна нохчийн симфонин оркестр кхоьллина


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, Нохчийн симфонин оркестр, 10Заз2014.
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, Нохчийн симфонин оркестр, 10Заз2014.

Массийта шо ду Нохчийчуьрчу бахархойн классикийн мукъамех пайда эца йиша йолу. Махкахь, кесст-кесста концерташ ло, Нохчийчоьнан симфонийн оркестро. ХIокху деношкахь, 75 шо а кхаьчна иза кхоьллина.

Дукха хан яра Нохчийчохь классикан мукъамаш хазанза. Массийта шо ду, Соьлжа-гIалахь филармонехь Нохчийн симфонийн оркестр вовшахтоьхна иза болх беш йолу. Иза, ша кхоьллина 75 шо кхачара даздина хIокху деношкахь.

Оркестрера музыканташна, совгIаташ а луш, цара беш болу болх, оьшуш хилар билгал а доккхуш, цхьа суьйре дIаяхьара Нурадилован цIарахчу театрехь. Ала догIу, диолгIа шо ду, Нохчийчохь оцу оркестран говзаллах пайда эца йиша йолуш. Цуьнах а, мукъамех а, шаьш наха тIе муха оьцу а, дийцира оцу оркестран концертан декъана куьйгалхо йолчу Датаева Амната.

Датаева Амнат: «Таханлерачу дийнахь, цу оркестрехь вайна баьхкина болу музыканташ кхечу мехкашкара бу. Ца тоьуш берш, луларчу Буру-гIалара балабо. Композиторош вай болуш бу: Шахбулатов Iадлан, Димаев СаьIид, Чергазбиев Зайнди. Паскаев Рамзанан, нохчийн мукъамаш а дIаолу, уьш кеч а йой.

Дуьненахь боьвзачу композиторш язйина ерш а ю дIаолуш оркестро».
Нохчиййчоьнан симфонийн оркестрехь, хуучу бахьанашца нохчийн дукха бац. Деххачу шерашкахь, классикийн мукъаман меттана, тIеман гIовгIанаш лерехь лаьттина церан а , ладогIархойн а.

Цундела, тахана, къона говзанчаша хьалкхиале, арахьара чубаьхкина болу музыканташ бу. Уьш а, кхайкха атта дац бохуш, кхин дIа а дуьцу Датаева Амната.

Датаева Амнат: «Музыкантийн тоба вовшах тоха дикка хан еза. Нах богIуш а , ца богIуш а хуьлу. Цхьаберш бахка а ца баьхьа кхуза. ТIакках, схьабаьхкинчу нахана, ахча а деза, чохь Iан меттиг а еза, ша мел долу хьал а деза. БогIуш а, ца богIуш а хуьлу уьш. ДIадаханчу кIирнахь еъна тхуна Аьрмлойнчуьра цхьа йоI. Виолончель локхуш ю иза».

Нохчийн хьовсархоша, хаза неха санна дика тIеоьцу шаьш боху Датаева Амната. Хаало, юккъараллан сагаттаделлийла хазчу мукъаманна, элира цуо. Амма, нохчийн берашна классикан мукъамаш дезаш хиларах, чIогIа цецъяьлла иза.

Датаева Амнат: «Доьххьара со цига балха яхча, ца моьттура суна, нохчашна иштта хазахетара бу классикийн мукъамаш. Концерт йолчу хенахь, чохь вахьховша меттиг а йоцуш, вонуо чIогIа тIараш а тухуш, зезаг хIума а кховдош тIеоьцу наха. Берашна а чIогIа хазхета и мукъамаш. Бераша шаьшь а хIоттайо концерташ. Уьш къона музыканташ бу.

Яьрташкахь а , дика тIеоьцу. Къаьстана тидам бича, царна дуьненан классикан мукъамаш а, симфонеш а хазхета».

Симфонийн оркестран мукъамаш хазанза ехха хан хиллехь а, оцу лаккхарчу исбаьхьалле болу безам дIа ца баьлла нохчийн. Даг тIе доьду мерзнаш меттах даьккхича санна, иза иркархIоттош болчу цуьнах цкъа чам кхеттча, иза йицлойла а дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG